Нахана юкъахь герз детташ социалан машанашкахь яржийначу видеон хьокъехь талламаш болийна Нохчийчуьрчу прокуратуро.
"Социалан машанашкарчу Инстаграмехь "Интернет" мониторинг ечу заманчохь гучуяьлла юьйцу видео, цу тIехь гуш ю тапча етташ къона йоI", - аьлла, дIахьедина прокуратурехь.
Коьртахь хIума а йоцуш, бесо-цIен басарчу кучаца йолчу йоIа тапча кхуьйсу видео тIехь, ша дIаязъечуьнга а хьоьжуш, яздо "Обзор" гIирсо.
"Чечня Сегодня" агенталло билгалдаккхарца, зуда ялийначу ловзаргахь кхуьйсуш ду герз, карарчу хенахь видео тIера йоI лоьхуш ю.
2019-чу шарахь хIаваэ герз диттинчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу блогерна Джикаева Маликина 40 эзар сом гIуда тIедожийра. Герз кхуьйсучу йоIах яьккхина видео социалан машанашкахь яржийнера.
Карладоккху, 2015-чу шарахь полисхо Дадуев Рамзан а, мехкдаьттана хадечу полкан бIахо Магомадов ЖовхIар а балхара дIаваьккхира Нохчийчохь, цара ловзаргахь самукъаненна герзаш кхийсина аьлла. Теркйистан кIоштан полицин декъера волу хьалхарниг нахала ваьккхинарг ю ловзаргахь йина видео. ШолгIаниг ирх герз кхуьйсуш хаавеллера Гумсан кIоштахь ловзаргахь.