Оккупаци йинчу украинхойн Мелитополехь "Восток-Ахмат" батальонан эскархой тIеман полицин белхахочунна тIелатар - рогIера нахаладаьллачух дов ду кадыровхошна а, Оьрсийчоьнан эскархошна а йукъахь. Нохчийчоьнан турпалхочун, батальонан командиран Хамбулатов Вахин эвхьаза леларо оьгIазло гIаттийра тIамна дуьхьал йолчу йукъараллашлахь. Нохчийчуьра зорбанан министро Дудаев Ахьмада провокаци йу элира тIаьхьо, "Восток-Ахмат" батальонан командир Хамбулатов Ваха тIехь волуш Мелитополе чувоьддучохь йаьккхина видео. Аьхка йазйина видео йара и, хIедахь дов дIадерзийна, билгалдаьккхина хьаькамо, амма хууш дац, кадыровхой жоьпалле озийрий. Кавказ.Реалии сайто дийцаредира эксперташца, нохчийн дакъошна а , тIеман полицина а йукъахь дов даларан бахьанех а, вовшашка церан гомо мича тIера схьа йу а.
Оьрсийчоьнан телеграм-каналашкахь дечкен-беттан 22-чохь видеорегистраторца шина минотехь дIайазйина видео гучуйелира. Цу тIехь эскархочо, тIаьхьо "Восток-Ахмат" батальонан командир ву аьлла, вевзинчу майоро Хамбулатов Вахас кхерамаш туьйсу Мелитополь гIалин йуккъехь тIеман полицин белхахошна. Цул тIаьхьа цуьнан эскархой йетта буьйлало шайн кехаташка хьожуш хиллачунна, герзах ка а туху цара.
Дов даларан бахьана хиллера документашка хьовсар: Оьрсийчоьно дIалаьцначу гIаличохь комендантан сахьт а, пропускийн раж а йу хIоттийна Москвара номершца йолчу Iаьржачу Mercedes машен чохь воьдучу Хамбулатовс дIагайтира "тIехь хIоттийна хен йоцу" документ, Нохчийчуьра Борзойхь куп тоьхна йолчу 291-чу полкан буьйралло куьгтаIийна. Цу тIехь йаздина де, бутт, шо ца хиларна кехаташка хьоьжучун хеттарш кхолладелира, цо дехар дира ахматовцашка, таллам бина баллалц машенаш йуьстахйахий, дIахIиттайе аьлла. Цо эргIад вахийтира Хамбулатов: цо дIахьедира, шена…(бен-башха дац.-Редакцин билгалдаккхар), кхара дуьйцург, хIунда аьлча, документ бакъо йолуш ду, полкан командиро цунна делла хиларна.
Машенашкара чулилхинчу кхечу кадыровхоша масийттаза туьйхира таллам бечунна, видео тIехь хеза герзаш дулуш, нохчийн маттахь къамел а. Оцу тIехь видео йукъахйолу: муха доьрзур ду дов, хууш дац. Оцу йукъанна хенан хIоттамца а, тIемалойн барзакъца а гуш ду, и инцидент йовхачу хенахь хиллийла. Оцу тIехула гуш ду, видео зорбане йаьккхина Мелитополехь дов даьлла мел кIезиг а масех бутт баьллачул тIаьхьа.
Ичкерихо а, Кадыровх хадархо а хилларг
2000-чу шерийн йуьххьехь Мелитополера ролика тIера турпалхо Хамбулатов Ваха, Кадыровн гонерчу, тахана "Ахмат-Чечня" полкан командир волчу Салиев Асланбекаца цхьаьна куьйгалхо хиллачу Масхадов Асланан гонашкара "тIемалойн командиран" декъехь лаьтташ вара. И хаамбира Оьрсийчоьнан ВЧК-ОГПУ телеграм-канало шайн хьастана тIетевжина.
Иза кхелхинчул тIаьхьа федералан эскарийн агIонга велира и шиъ, лаьттира "Восток" батальонан декъехь Кадыров Рамзанан оцу декъан куьйгалхочуьнца Ямадаев Сулимица дов даллалц. ТIаьххьарчо бехкевинера Ямадаев нах лачкъорна а, бертаза ахчанаш дахарна а: 2008-чу шеран лахьан-баттахь и дакъа вовшахдаьккхира, ткъа Хамбулатов а, Салиев а тахана Нохчийчоьнан урхалхочун агIор велира.
"Восток-Ахматан" командир тоххара Кадыров Рамзан Iалашвечаьрца вара, цуьнца дика йукъаметтигаш тахана а йу цу шиннан. Масала, цуьнан дехарца Хамбулатов вехачу эвлахь берийн беш схьайиллира. 2023-чу шеран гIадужу-баттахь мехкан лаккхара совгIат дира цунна- Кадыров Ахьмадан орден.
2014-чу шарера схьа дуьйна Украинехь тIемаш беш ву Хамбулатов: оппозицин политикан Немцов Борисан "Путин. ТIом" аьлла, Оьрсийчоьнан эскархой Донецкехь а, Луганскахь бинчу тIемашкахь дакъалацарх йазйинчу рапортехь цхьахдолчу суьрта тIехь ву иза. Хамбулатов Донбассе кхаьчнера нохчийн "Iожалла" цIе йолчу батальонан декъехь, Болотханов Апти вара цуьнан куьйгалла дийриг.
2020-чу шарахь аннекси йинчу ГIирмехь Сакский кIоштан кхело листира Хамбулатов Вахин гIуллакх. Некъахь хиллачу бохамехь нехан машен чуьра видеорегистратор схьа а йаьккхина, йохийра цо, иштта машенлелорхочуьнгара схьайаьккхира телефон а. ТIаьхьо ша цунна дина хилла зен меттахIоттийра цо, ший агIо берта а йахна, гIуллакх сацийра.
"Эхь а хеташ, дIадойу лакхарчара"
"Восток-Ахматан" командиран тIеман полицин белхахочуьнца собар доцу лелар шуьйра дийцаредира тIамехьа йолчу Оьрсийчоьнан каналашкахь, цунах лаьцна йуьхьанца бисхилира "военкораш" а.
Герзах ка туху цара, парггIат къамел дан тарлучохь
"Нохчийн комбато совнах дерг лелийна. Шен декхарш кхочушдора вукхо, тIехь йаздина терахь долу кехат шена гайта бохуш. И доцуш документ бакъо йолуш ца лору. Герзах ка туху цо, парггIат къамел дан тарлучохь", - йаздина Коц Александра.
"ТIеман корреспонденто" Котенок Юрийс дагатесира "Восток-Ахмат" командиран хиллачух, Мелитополехь хилларг "цIена Ичкерин хенахь лелийнарг" ду элира цо.
Цо карладаьккхира, оцу кепара нохчийн командирашка багалейар дуьххьара хилла хIума дац, хIоразза а "лакхахь болчара эхь а хеташ дIайерзайо уьш".
Оцу йукъанна цхьа могIа тIемалойн кадыровхошца хилла конфликташ къайлайахьар ца хуьлу. 2022-чу шеран охан-баттахь Украинан тIеман министралло хаамбира, оьрсийн эскарша гоне йерзийначу Украинерчу Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь вовшашна тIе герзаш деттарх Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Украинхойн агIоно бахарехь, дов даларан бахьанаш дара буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар". Украинхойн талламчаша дIахьедира, кадыровхой цкъа а хуьлуш бац тIеман хьалхарчу позицешкахь, царах пайдаоьцу тылехь "заградотрядех" санна.
ХIетахь Киевн агIор тIемаш бечу нохчийн батальонийн цхьахволчу декъашхочо хаамбира Кавказ.Реалиин редакцига, кадыровхошна а, кхечу тIемалошна а йукъахь сих-сиха нисло, дукха хьолахь шаьш къоладинраг йоькъучу заманчохь.
Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь 2023-чу шеран аьхка герзаш деттар нисделлера кадыровхошна а, оккупаци йинчу оьрсийн тIеман комендатурин белхахошна а йукъахь. Цунах лаьцна дIахьедира Мариуполян мэран хьехамчас Андрющенко Петра. Оцу конфликта йукъахь хилла кхелхина виъ эскархо воцург а, ворхI маьрша вахархо а вийна цигахь, чIагIдора украинхойн агIоно.
Нохчийчуьра зорбанан министро Дудаев Ахьмада "фейк" йу элира украинхойн Iедалхоша бина хаам, дIахьедира, "нохчийн халкъан цхьа а векал оцу гIуллакхан йукаъхь вац" аьлла.
"Букъа тIехьа пачхъьалкх а йоцуш"
Оьрсашна а, кадыровхошна а йукъара цабезам дуьхь-дуьхьал бу, шен дукха заманара схьа дуьйна а ду и хIума, элира Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь украинхошкахьа йолчу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан лерринчу декъан командиро Очерхаджиев Аслана.
Кадыровхошна шаьш тоьлаш а, шайх кхоьруш а хета
"Геннарчу оьрсийн халкъ шайх кхоьруш а, царна гергахь шаьш тоьлаш ду аьлла а хета кадыровхошна. Ледара герз ду цаьргахь, церан йа танкаш а, йа артиллери а йац, амма хIетте а шайх тешна бу уьш, шаьш кхечу эскархойл а, полисхойл а тоьлаш ду аьлла ойла а йу церан. Цхьанна а ца лаьа цаьрца девне вийла, нагахь санна, букъа тIехьа кийча пачхьалкхан аппарат йацахь муххале а", - кхетадо къамелдечо.
Дукха хьолхаь оцу тайпа конфликташкахь Кремль кадыровхошкахьа хуьлу, хIунда аьлча, уьш пайден бу оккупаци йинчу дозанашкахь маьршачу нахана тIехь терго латтон. Иштта, тIаме баха ца луу кхинболу эскархой сецон а, дийцира цо.
ТIамтIехь кадыровхошна гIоле хьелаш хIитторах хьахийра Кавказ.Реалии сайтаца дечу къамелехь тIеман аналитико Матвеев Яна а.
"Оцу кепара нисделира цхьаболчу вагнеровхойн хьелаш а, хIинца дисина ишта хьелаш цхьана Нохчийчуьра батальонийн. Кадыровхоша кест-кеста оккупацин полицин болх бо, Оьрсийчоьнан салтий а цхьаьна кхерош. Цу тIе, вуьшта цхьа эхь-бехк доцуш лела уьш, оцу Мелитополера ролика тIехь а санна. Шайна хIуммаъ а хир доций хаьа царна, цаьрца гIуллакх дан а ца лаьа цхьанна а", - кхетийра цо.
Мацахлерачух бехкамбар
Кадыровгахьа болу нохчий а, цуьнан гонехь берш а мел чIогIа Кремльна, буьйраллина хьалха хьестабала гIертарх, уьш цкъа а хир бац шайн могIарера хетачаралахь. ХIунда аьлча, Оьрсийчоьнан армихь цаьргахьа озабезамаш бу, аьлла хета "Европера машаран цIа" бакъоларйаран организацин куьйгалхочуна Гашаева Зайнапана.
1990-чу шерашкахь кхечу бакъонашларйархошца цхьаьна Нохчийчохь хиллачу шина тIамах видеоархив гулйина цо. Гашаевас дийцарехь, оцу кепара девнаш хIетахь а дуьйлура.
"Блокпосташкахь лаьттачу федералашна а, Оьрсийчоьнехьа болчу нохчашна а йукъахь хуьлура иштта къийсамаш. ХIунда аьлча, блокпосташкахула чекхбуьйлура могIарера бахархой, дукха хьолахь уьш лоьцура цигахь, хьийзабора, тIепаза бойура. Нохчийн тIемалой меттигернаш Iалашбан гIуртура, ткъа федералхой лаккхара охьа хьоьжура цаьрга, шайн бакъболчу мостагIашка санна", - карладаьккхира бакъоларйархочо.
Нохчийчохь хиллачу шина тIемашкара схьа ду конфликтан орамаш аьлла хета Conflict Intelligence Team (CIT) тобанан тIеман аналитикна Шарп Давидана: "Къаьмнийн вовшахтохараллийн башхалла йу цу тIе йуьллург, армин уставца догIуш доцу, шайн низамаш ду цигахь лелаш".
Къаьмнийн башхаллашца вовшахтоьхначу тобанашна йукъахь гуттар а лаьттина девнаш, масала, царех лаьцна йаздина ду Гашек Ярославан "ХIайтъаьллачу салтин Швейкан лелар" аьллачу романехь а, дуьйцу цо кхин дIа. Шогачу дисциплиница а, йуха оцу тайпаиг ден доцчу кепара таIзар дарца а оцу тайпана хIума йукъахдаккха деза, амма кадыровхойн дакъошца и дойла йац, аьлла хета цунна.
- Украинехь тIемаш беш ду Нохчийчуьра, Кадыров Ахьмадан цIарах вовшахтоьхна 14 дакъа. Царех ах бохург санна гучудевлира Украине чугIоьртинчул тIаьхьа, диссинарш терроризмаца къийсам латтон аьлла, вовшахтоьхнера масех шо хьалха. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, муха, маца вовшахдиттина и дакъош, йуй царна йукъахь башхалла а.
- Нохчийчуьра тIеман дакъоша дакъалоцу Оьрсийчоьнан Украинана тIелатарехь, цигахь уьш гIарадвелла "тик-ток-эскарш" аллла; тIеман эксперташна а, тергамчашна а хетарехь, Оьрсийчоьно дIалецначу территореш тIехь бу нохчийн салтий. ТIом зуьйчу америкахойн Институтехь (ISW) чIагIдора, тIемашкахь нохчийн вовшахтохараллаша дакъалоцуш а дац, царех тылехь пайдаоьцу аьлла. Цуьнан тоьшалла до Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша. Цунах лаьцна дIахьедира иштта, оккупаци лайначу Украинан бахархоша а цхьана.
- 2022-чу шеран аькха Нохчийчуьра эскархоша латкъамбира Кадыров Рамзане, тIамехь ледара хьал ду аьлла. Оцу йуккъехула мехкан урхалхочо дозалла до, болчу барамах къаьсташ йолчу шен эскархойн экипировкех. Кадыровхошна оьшург латторехь проблемаш йац аьлла хета Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташна, амма тIом бан ца хаьа царна, шайна хьалха хIиттийначу идейшна хьалхара "бала кийча цахиларна" бохура цара.
- Бахмутана гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дийцира, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо. Медведника тIечIагIдира, Бахмутана гергахь тIемаш беш "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат" дакъош хилар.