ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъаза нохчийн зударий


Нохчийчоь -- Нохчийн мехкарий, Соьлж-ГIала 07MОхан2012
Нохчийчоь -- Нохчийн мехкарий, Соьлж-ГIала 07MОхан2012
Зударша ловчу ницкъана дуьхьал дуьненаюкъарчу денца ларамаза цхьана нисделлехь, я леррина цунна иза гучудаьккхинехь а, рогIера зуламах лаьцна хаам баьржина Нохчийчохь.

Таьнгичура вахархочо 18 шо долу шен йиша йийна, цуьнан лелар дика дац аьлла. ЙоьIан дакъа цо цIенна бухарчу чоьнан чохь дIалачкъийна хилла. Иза карийна церан кхечу йишина. Йиша йийнарг ведда ву. Иза федералан лехаршка вела Iедалша.

Цу тайпа хIуманаш Нохчийчохь кест-кеста хуьлу. ХIокху ткъе массийта шарахь, дайделлачу адамийн дахаран мах, кхин лакха ца баьлла. Дукха сиха бойу кхузахь зударий гергарчу наха, наха олург юьхьар а лоций.

Иза ца дийцича а, зударийн хьал таханалерчу нохчийн юкъараллехь башха дика дац. Асет цIе йолчу зудчунна хетарехь, оцу хIуманна бехк сихачу заманна а, божарийн а бу. Маршо радиога цуьнах лаьцна иштта элира цо.

Асет: «Вайн къома амалехь ду аьлла хета суна-зударий шозлаIгчу меттехь бу. ХIуа а хилахь а, леладахь а зударшна тIехь еш йолу терго алсам хила езара аьлла хета суна. Марера боьхна дукха мехкарий бу, хазалла бала бохкуш. ХIусамнана лара езаш ма ю. Цхьацца дIасабахана дукха зударий бу вай. Церан бехк бо наха. Мухха а далахь а, Нохчийчохь сурташца а, телефонашца а, эвхьазлонаш яьржина.

Суна уггаре а хьалха иза боьрша нехан бехк хета. Иза да а, ваша а, цIийнда а ву. Церан йохь а, ледарло а ю аьлла хета суна».

Зударшна еттар а, царна Iаткъам бар а даьржина хIума ду аьлла хета Асетан. Дукхачу хьолехь, оцу хIуманна во тIаьхьало хуьлу, аьлла тидам бира цо.

Асет: «Ма дарра аьлча, зудчунна тухуш хуьлу. Иза шен доьзална а, дена-нанна хьалхахь а эвхьаза а йоккхий, иза хIумма а йоцучу а йоккхий лелайо. Иза чIогIа ледар хета суна. Доьзална иза тохар ду. Суна массо а агIор божарийн тидам тIебахийта безара аьлла хета оцу хIуманна».

Зударий вай дайн заманахь санна лело безара беза а хеташ, сий а лардеш, аьлла хета дукхачу божаршна. Амма, тахана схьагучу суртаца, билгал долу, нохчийн дукхачу доьзалшкахь, зударшна а, зудаберашна а тIе куьг айдар хуьлуш хилар. Оцу хIуманна, масала, дуьхьал ву ТIехьа-Мартан тIера вахархо ХIарон.

ХIарон: «И зударий вайн вархIе де заманахь дуьйна, ги а боьхкина, лелош хилла. Лар а беш, хьовса а хьовсуш. Цундела вайн чIир ю, зуда йийча ши стаг дуьхьала вуьш. 90 процент вай ларамца хIинца а лаьтташ бу. Тоха а ма туху, лата а ма лета хьуна гIуллакх доцуш. И хIума оьшуш дац».

Доьзалехь, ницкъ лайначу зударшна гIо-накъосталла деш тахана махкахь хIара ю аьлла Iедалан хьукмат яц. Наггахь йолу юккъараллийн цхьаьнатохараллаш хуьлу и хIума лелош. Амма, церан болх а, дукха къевлинчу рожехь болчух тера ду. Цуьнах лаьцна дийца ца лиира цигарчу векалшна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG