ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амнисти бахьана долуш шайн гергарнаш дIахецаре сатесна бу дуккха а нохчий


Оьрсийчоь -- Москох. Пачхьалкхан Дума, 2013.
Оьрсийчоь -- Москох. Пачхьалкхан Дума, 2013.

ХIокху деношкахь, Оьрсийчохь дIакхайкхинчу амнистица догйовхо ю, Нохчийчохь дуккха а нехан, шай-шай гергара нах, набахтешкара хеназа хаьлха цIабоьрзург хиларна. Тахана, маьрша баха хьакъ долчу нехан спискаш хIитто йолийна. Мел барам болуш бу нахехь и сатийсамаш?


Оьрсийчоьнан Конституцин 20 шо кхачарна леррина пачхьалкхехь дIакхайкхийначу амнистица, уггаре а дукха 25 эзар стаг аравала мега. Царна юккъахь хир бац боху 5 шаралла сов хан тоьхна болу нах байинарш а, наркотикаш йоьхкинарш а, Амнисти бахьана долуш шайн гергарнаш дIахецаре сатесна бу дуккха а нохчий иштта цхьамогIа кIоршаме зуламаш дина берш а. Амма цу юкъахь шортта хила там бу зуламаш дина болу низамхой а, Iедалан белхахой а.

Тахана билггал маса нохчо ву ала хала ду Оьрсийоьнан набахтешкахь чохь воллуш, амма, тIечIагIдеш аьлча, харц хир дац царах цхьа онда дакъа, я низамаш а дохош чубоьхкина бу, я йогIучул яьккхий хенаш тоьхна бу. Цундела, бехк бац цIахь болчу церан гергарчеран уьш оцу амнисти кIелла гIура бу аьлла, сатийсам хиларна. Мохьмад цIе йолчу хIокху стеган шеко яц, дукхахболу нах хьакъ доцу тIаIзар а дина чубохкина бу бохучух.

Мохьмад: «Нохчи ву аьлла, кхин цхьана а тайпа бехк боцуш чубоьхъкина бу и нах. Зуда а, стаг а, воккха а, жима а бу царна юккъахь. Бакъду, амнистийн кIезга дакъ кхочура ду царна. ХЬо царах тарлой, тIаккха кхочура ю иза. Нана йийна а, ваша вийна а, царна 3 шо туху, синкхетамехь вацара аьлла, ткъа, вайчарна харцах ког нисбелла аьлла ткъо а , ткъе итт а шо туху. Вайна кхаьчча дика-м дара иза».

Вайнахан йогIуш йоццушехь, яьккхий хенаш еттарна, реза воцучу адвокатан Тепсаев Шарипан а, ца хета, и амнисти харцо а йоцуш дIахьур ю аьлла. ХIетте а, цуьнан а бу сайтисам, паргIат бовла безачарна юккъахь ша агIо лаьцна хилла болу тутмакхаш хира бу аьлла.

Тепсаев Шарип: «И амнистии зорбане яьккхалца, биллгала мила цу юккъе воьду ца хаа. Сан карахь яц и текст. Ас гIуллакхаш лелийн массийта стаг ву, уьш чубухкучу хенахь а, харц чубоьхкина болу. Герзан тIехула сацийна а, тIемалошна гIо деш верг ву аьлла, чувоьллина а 3-4 стаг а ву сан. Ма дара дийцича, цхьа а тоьшаллаш а доцуш чубоьхкина а бу уьш. Герз шаьш чу а кхоьссина бу. Цхьа шо ах шо а, шо а, долуш бу. Нагахь санна, оцу амнистийн агIонаш хийцина яцахь, уьш оцу юккъе баха безаш а бу».

ГIалгIайн махкахь дукхачу хьолехь болх бечу адвоката Тепсаев Шарипин шеко яц, Iедалан харц системо, чубоьхкинарш, арабевлча, оьгIазло а йолуш, бекхам бан лааро, дог чIагIдина арабовлуш хиларна. Иза, коьрта бахьанаш ду боху цо, Оьрсийчоьнан набахтеш даиманна юьззина хилар.

Тепсаев Шарип: «бехк боцуш чувоьллинарг, шен бехк буй а хууш Iийра ву. Ткъа, иза боцучуьнна, Iедалан доьхьала дог ойла хуьлу церан. Уьш чубоьхкинчеран, нахан хьалхахь ца делча а, Далла хьалхахь жоп дала дезара ду. Ас сатуьйсу, 5 шаралла кIезиг хан ерш баккъалла а дIахоьцур бу аьлла».

Амнисти кхайкхорна, муьлха а стаг санна реза волчу Тепсаев Шарипа юьсту иза, Совета Iедалан заманахь хиллачуьнца. Иза, аьттехь а тера дац боху цо.
Тепсаев Шарип: «Хьалха, Совета Iедал долчу хенахь, кесст-кесст йолура иза. Во Iедал ду бохуш иза хиллехь а. Куьйгалхо рогIераниг хаьржича а йоллура. ХIара башха шуьйра амнисти а яц. Аслам ца иза яьккхинехьарий дика-м дара».
Ткъа, къаьмнийн набахте лоруш хилчу Совета Iедалах, хIун схьаэцна, таханлерачу Оьрсийчоьно, хIун дIадаьлла, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делира Тепсаев Шарипа.

Тепсаев Шарип: Соьга хаьттича, дукха чIогIа хийцаделла хIумма а дац. Со ГIалгIайн махкахь болх беш ву. Нохчийчохь хезна суна, киснахь цхьа 3-4 патармий, 2-3 грамм наркотик а йоцуш ца хуьлу боху, полицийн белхахо. Цундела, чIогIа хийцаделла хIума дац хьуна. Кхузахь, везаш верг, наггахь бен чу ца вуллу. 13 чоьнах йолчу петар чохь яьллаш йолу Васильева а ю.Ткъа, уггаре а декъаза хIума дина волу миска, лаца бахьана а дой, герз а кхуссий, иза чувуллу».

Тахана Оьрсийчохь набахтешкахь чохь валлаш 700 эзар ца кхоччуш стаг ву бохуш долу терахьаш ду, журналисташна юккъахь лелаш. Ши-кхо шо хьалха хиллачуьлла цхьа 100 эзар стаганна кIезга ду иза.

Ткъа, хIинца, амнисти юккъе бахийта хьакъ ду аьлла хетачу нохчийн спискеш кечъеш ю, меттигарачу Iедалша. Уьш гIаръйохуш яц цкъачуьнна. Гарехь, шен гергара стаг, шен неIарах пIелг тоххалца, цхьаболчарна ца хаа а мега, иза маьрша ваьллийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG