Йуха а Оьрсийчохь йукъаралло тергоне эцна хьиджаб бахьана долуш нисделла хьал. ХIинца дийцадаьккхина Хабаровскан кIоштахь кхиазхо- йоI лацар а, цуьнгахьа гIо доккхуш нохчийн омбудсмен Солтаев Мансур вистхилар а. Оцу йукъанна республикехь Iедалхоша ца дуьйцу зударийн бакъонаш ларйеш цахиларх лаьцна.
Амурск гӀалахь кхиазхойн гӀуллакхашкахула йолчу хьукматан белхахоша паспорт схьаоьцуш лаьцна Нохчийчура схьайаьлла 16 шо долу йоI. Цунах лаьцна дечкен-беттан 5-чу дийнахь хаам бира "Чечня Сегодня" пачхьалкхан агенталло, Солтаевна тӀе а тевжаш.
Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаьцначу йоьӀан дас латкъам бина нохчийн омбудсмене, шен йоьӀан конституцин бакъонаш Ӏалашъйар доьхуш. Цо бахарехь, иза полисхоша дӀалацаран бахьана ду цунна тIехь бусулба духар – хьиджаб хилар. Дас чIагIдарехь, кегийрхойн кхиазхойн гIуллакхаш луьстучу декъан белхахоша дӀахьедина, оцу кепара духар лелоро "йукъараллина кхерам" латтабо аьлла.
Дика хир дара, цара зударийн бакъонаш Iалашйеш йелахьара
Солтаевс аьлла, йоӀ дӀахецна ша юкъагӀоьртинчул тӀаьхьа. Иштта цо дош делла цу хиламех лаьцна дӀахьедарш Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратуре а, федералан омбудсмене а хьажор ду ша аьлла.
Цул совнаха, Солтаевс хаам бира, республикан цIарах депутаташ болчу Делимханов Адама а, Саралиев Шамсаила а и гӀуллакх шайн тергоне эцна аьлла. Шина а депутато хьалхо дакъалецира цу кепара хьал дийцаре деш, цу юкъахь йара 2024-гӀа шо чекхдолуш Владимиран кӀоштан Ӏедалша школашкахь динан духар лелор дихкинчул тIаьхьа хилла инцидент а. "Бизнесан атмосфера" кхолла йезаш хиларна а, къаьмнийн а, динан а буха тIехь девнаш ца хилийта Iалашонца дихкина шаьш аьлла, кхетийра цара.
Владимиран кIошт кхоалгӀа регион хилира и тайпа дехкарш йукъадаьхначех, Ханты-Мансийскан а, Ямало-Ненецкан а автономин гонашна тӀаьхьа. Хьалхо, 2012-чу шарахь, Ставрополь-махкахь, ткъа 2014-чу шарахь – Мордовехь а йукъаяьккхинера школан духаран и тайпа стандарт.
"Эрна гIовгIа эккхийтар"
Стохка стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан йуккъерчу "Керла халкъ" аьтто-партино Пачхьалкхан Думе кховдийра регионийн а, муниципалан а Ӏедалшна никъабаш а, кхечу кепара динан духарш лелорна а доза тоха бакъо луш йолу низаман проект. Иштта цу низаман проекто могуьйтура, дешаран хьукматашна шайггара дешархойн куц-кепан лехамаш дIахӀитто, шайна юкъахь бос а, кеп а, духар лелоран бакъонаш а йолуш. Оьшуш хилахь – аьтто бара церан динан духар а, билгалонаш а йехка а.
Цунна жоп луш, Кадыров Рамзана, республикан Ӏедалан кхеташонехь бохура, хьиджаб лелорна дуьхьал берш бусулба динан мостагӀий бу. "Тхо дуьхьал ду юьхь дӀахьулйеш йолчу буркина", - элира цо, цу кепара тӀечӀагӀдира, регионан Ӏедалша никъабаш лелор дихкина массех шо ду, амма бусулба нехан хьиджаб лелор дехкарна дуьхьал ду шаьш аьлла.
Ша Iеминчу кепехь кхерам тесира Кадыровс: "Нагахь санна цхьаммо сан йоIе хьиджаб дIайаккха алахь, и стаг ас вуьйр ву, иза милла хилахь а. И сан мостагI ву, исламан динан мостагI а ву".
Шен цӀе йовзийта ца луучу Норвегерчу нохчийн диаспорин жигархочунна хетарехь, Хабаровскан махкахь инцидент хиллачул тӀаьхьа йуха а Оьрсийчуьрчу бусулба зударийн бакъонаш ларъеш нохчийн хьаькамаша дӀахьедарш до. Деккъа хIаваъ лестор бен дац и бохура цо. Цунна хетарехь, изза хьаькамаша, шайлахь Кадыров а, цуьнан го а болуш, шаьш а адамийн бакъонаш талхош йолчу системин дакъа ду.
"Ма-дарра аьлча, церан аьтто бац цхьана а хӀуманна тӀеӀаткъам бан. Иза тӀечӀагӀдо лецна латточу меттигашкахь нохчашка орца доьхуш бинчу цхьана а кхайкхамна республикан Ӏедалшкара гӀортор хилла ца хиларо", - чӀагӀдо жигархочо. Цунна хетарехь, и тайпа къамелаш деккъа цхьана махкарчу нахана лерина ду, халкъ а, исламан мехаллаш а ларъярхойн васт кхолла Iалашонца лелош ду.
Республикера адамийн бакъонийн омбудсменан институт - фикци йу
Цунна тIетов цхьана декъана Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" политикан организацин куьйгалхо Сулейманов Джамбулат. Махкара Iедалхой таро йолуш бу "шайн" нах набахтера арабаха, нагахь санна оьшуш хилахь. "Амма цара Iалашбийр бац, шаьш кхоллинчу гIуллакхашкахула таIзар дина нах", - тIетуьйхира Сулеймановс.
Хьиджабаш лелош йелахь а, йацахь а, Нохчийчоьнал арахьа зударийн бакъонаш ларъярехь къийсам гайтар, Солтаевна а, кхечу республикерчу хьаькамашна а бегӀийла а, маьрша а ду. Цуьнца цхьаьна цара тидаме ца оьцу шайн регионехь дуккхаза а зударийн бакъонаш талхор, бохуш дуьйцу шен цӀе йовзийта ца лиъначу Нохчийчуьрчу цхьана Ӏедалан йоцчу организацин белхахочо.
"Республикехь адамийн бакъонашларъяран омбудсменан институт - иза фикци йу. Солтаев гучуволу, цхьа хIума хилча, оцу хьолаца нийсо гайта оьшуш хилча. Ма-дарра аьлча, зударшна тӀеӀаткъам баран кхин цхьа гӀирс бу иза", - боху интервью эцначо.
Масална цо далийра, цIера йедда, амма тIаьхьо карийна, ницкъахойн гIоьнца доьзале йухайалийначу Сулейманова Седин гIуллакх. Бакъоларйархой бахьана долуш и гIулакх нахала делира, Iедалхой декхаре хилира оцу девнан терго йан, Солтаевна и тIе а дуьллуш.
2023-чу шеран гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан омбудсмено зорбане йаьккхира Сулейманова гойтуш йолу видео. Цу тIехь йоӀ тапъаьлла, корта охьа а таIийна йогIуш гуш йу, ткъа Солтаевс чӀагӀдора, йелайелла-йекхайелла йара иза шена дуьхьал йолучу хенахь бохуш. Цо "харцдира шеца доьзна мел дийцина эладитанаш а, тайп-тайпана хабарш а". ХӀетахь дуьйна Сулейманован кхолламах лаьцна хууш хӀумма а дац.
"ГӀиллакх-оьздангаллехьа къийсам"
Гурахь социалан машанашкара нохчийн сегментехь официалан ду боху документ даржийра, цу тIехь республикехь хьиджаб лелор тӀедожийнера. Кехата тIехь чIагIдора: "Массо а нохчийн зударшна, шаьш бусулба динца болчарна, тӀедиллина 2024-чу шеран дечкен-беттан 12-чу дийне кхаччалц хьаиджаб лелор. Нагахь и хан чекхъяьлча царех цхьаъ догӀу духар доцуш карийча, уьш полицин декъе дӀабуьгур бу [хьелаш къастош]" аьлла. Дукха хан йалале Нохчийчуьрчу Динан урхалло зорбане баьккхира оцу документа тIехь дерг харцдеш хаам.
Масех де даьлча социалан машанашкахь кхин цхьа документ гучуделира, республикерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле хьажийна, регионан куьйгалхочо куьг а таӀийна. Цу тӀехь хьийхира, шайн лелар нохчийн менталитетана бӀостане долчу мехкарийн аккаунташна тӀехь терго латтор. Ӏедало Ӏуналла дечу хаамийн гӀирсаша а харцйира и информаци. ХӀокху муьрехь хууш дац, цу шина документах муьлха бакъ ду, йа харц ду.
Ӏедалан тӀегӀанехь дика хир дара кхул а йаккхий проблемаш дӀайаьхча
2006-чу шарахь Кадыровс республикан премьер-министран дарж дIалаьцчхьана Нохчийчоьнан Ӏедалан коьртачу политикан приоритетех цхьаъ хилла дӀахӀоьттина "зударийн оьздангаллин васта" дуьхьа къийсам латтор. ТӀаьхьо Human Rights Watch организацино "Зудчунна шен меттиг йовза йеза" аьллачу шен талламехь йаздира, цу регионехь "исламан духар тӀедожорах" лаьцна.
И дресс-код, дагадоуьйту Нохчийчохь болх бечу цхьана Ӏедалх йоцчу организацин белхахочо, республикехь дешаран хьукматашкахь йукъаяьккхира 2007-чу шарахь. Школехь доьшучу зудаберашна а, студенташна а, хьехархошна а коьртахь йовлакх лелор тӀедожийра, коьртахь и дацахь урокашка ца буьтура уьш.
Кхин дIа меттигерчу зударшна тӀеӀаткъам бар кхин тIе а алсамделира. 2010-чу шарахь Соьлжа-ГӀалин урамашкахь муьлш бу ца хуучу наха пейнтболан тапчанаш йеттара коьртахь йовлакх доцчу мехкаршна а, настарш оьхьучарна а. ХӀинца луьйш хуьлу "кхоччуш оьзда доцу" духар лелочу зударшна а, ишта дукха чIогIа дIакъовлабеллачарна а, чIагIдо къамелдечо.
Масала, 2020-чу шарахь республикерчу пачхьалкхан телеканало гайтира Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а, хӀетахь Соьлж-ГӀалин чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан куьйгалхо хиллачу Ирасханов Аслана а 2020-чу шарахь никъаб йоьхначу масех йоӀаца "кхетош-кхиоран къамел" дIахьош йаьккхина сюжет. Межиевс никъаб - бусулба динца йоьзна йоцу Ӏаьрбийн духаран элемент йу бохура, ткъа мехкарий бехке бира вахӀабхойн хьежамашца дог-ойла хиларна. ТаӀзар деш, никъабаш дӀа а йаьхна, камерашна хьалха шайн йаххьаш гайта декхаре бира уьш. Оцу хиламо оьгӀазло эккхийтира йукъараллин цхьана декъана юкъахь: и тайпа гӀуллакхаш нохчийн Ӏадаташ а, конституцин бакъонаш а йохор лерира цара.
"Халахеташ делахь а, нохчийн хьаькамашна зударийн бакъонаш дагайогIу, исламан мехаллашна тӀехьа а лечкъаш, царна дехкарш йукъадаха дезаш хилча", - боху Норвегерчу диаспорин жигархочо. - Дика хир дара, нагахь санна бакъдолчу дахарехь зударийн бакъонаш цара иштта шовкъе ларъйеш йелахьара".
Нохчийчуьра тхан редакцин кхин цхьа хьоста а тIетов оцу ойланна, зударийн организацин белхахо йу иза. Цо бахарехь, республикехь дуккха а йерзаза проблемаш йу, амма меттигерчу Ӏедалша тидам тӀебохуьйту хьиджабашца а, никъабашца а доьзначу хаттаршна.
"Iадаташ лардарна дуьхьал цхьа а вац – суна ца йевза цунна дуьхьал йолу цхьа а зуда. Амма тIехь хIун бедар лело йеза, муьлхачу басешкахь хила йеза, - иза хIораннан а шен-шен карахь хила дезаш ду. Iедалан тIегIанехь дика хир дара кхул а коьрта а, даккхий а хеттарш луьстуш хилча. Масала, нах тIетаьIIина республикера уьдуш хилар", - дерзийра цо шен къамел.
- Доьзалехь ницкъ беш болу зударий кест-кеста уьду Къилбаседа Кавказан регионашкара. Бакъоларйаран органаша дукхачу хьолехь хӀумма а ца до, ца ларбо меттигера зударий хьийзорах. Ламасташца а догIуш, нагахь санна зударий хIусамдайшца дӀасакъаьсташ хилча, цу шиннан бераш деца дуьсу. Берех къаста ца луучу а, шайгара схьадаьхна бераш йухадерзорхьама а зударша орца доьху бакъоларйаран организацешка. Лакхахь дийцинарг шаьш лайначу Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а кхаа йахархочо дийцира тхан редакцига, шаьш довдаран бахьанех а, эвакуаци йинчул тӀаьхьа хиллачу дахарх а лаьцна.
- Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь карарчу хенахь волчу 446 депутатах 12-ммо бен жоп ца делла жигархоша 27 шо долу нохчийн махкахо Сулейманова Седа лоьхуш гӀо доьхуш бинчу кхайкхамашна. Цуьнан гергарчийн дехарца, Санкт-Петербургера лачкъийна йухайигира иза. Сулейманова Седа йийна хила а тарло. ЙоӀ лохуш гӀо дан реза вац ша аьлла, массарна а гуш-хезаш дIакхайкхийначарна йукъахь вара Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентан депутат волу Делимханов Адам а. Шен бакъо йац элира цо, бIаьста республикера йедда кхин цхьа лоьхуш ша дакъалаьцнехь а.