ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчаша, вуьйчуьра, кIелхьарваьккхина хиллера тхан деда"


Лобжанидзе Натия.
Лобжанидзе Натия.

Дукха хан йоццуш Гуьржийчу бахана нохчий кхаьчна хиллера Тбилисерчу цхьана музей. Царна дуьхьал еанчу цхьана белхахочо хаьттина хиллера цаьрга, шу нохчий дуй, аьлла.

Ду, аьлла, шена жоп делча, цу йоIа цаьрга дийцина шен деда Iожаллах кIелхьара муха ваьккхинера нохчаша. Иза (Дуьненан ШолгIа) тIом дIабаьлча, набахте воьллина хилла. Цигахь тоьпаш тоьхна вуьйчуьра, кIелхьарваьккхина иза цуьнца хиллачу нохчаша.

И истори интернетехь шуьйра яьржина ю. Автор мила ву ца хаьа, цхьана нохчийн сайта тIехь иза хилар бен.

Лобжанидзе Натияс иштта йийцира шен деден истори: "Дуьненан ШолгIа тIом баьлча, сан денана Кахети дIа а яхийтина, тIаме вахана сан деда Лобжанидзе Романох. 12 шарахь иза велла я дийна ву ца хууш Iийна гергарнаш. Немцойн каравахана йийсарехь Iийна иза дуккха а. Немцоша олуш хилла цуьнга, хьо оха мукъаваккхахь а, хьайн цIийнах кхетар ву бохург бакъ дац хьуна. Хьо кIайн черчий ехачу дIавохуьйтур ву Советан Iедало”.

Эххар а иза цигара мукъаваьлча, цара ма баххара, иза шийлачу метте набахте хьажийна бохуш, кхин дIа а дуьйцу Лобжанидзес: “Амуран кIоштехь белхаш бина цо. Иза бригадир хилла. Цуьнан бригадехь нохчий а хилла. Романозера цхьаъ далийта лууш, тIехьожучара хIуьттаренаш еш хилла цунна, иза бахьана а дина, тоьпаш тоьхна, иза вен дагахь. Эххар а цаьрга цхьа бахьана даккхаделла цуьнгара. Иза тоьпаш тоха дIахIоттина хилла".

Шен дахарх догдиллинчу Лобжанидзе Романозана гIо кхаьчна нохчийн вежаршкара, бохуш, дуьйцу цуьнан кIентан йоIа:"Иза тоьпаш тоха адамийн могIаршна юкъара ваьккхича, цунна тIаьххье 30-х нохчи араваьлла. Цара аьлла тIехьожучаьрга иза бехке вац тоьпаш тоххал. Нагахь аш цунна тохахь, тхуна а тоха тоьпаш аьлла цунна тIехиттина уьш. Иштта цхьаалла гайтича, иза вен ца баьхьна тIехьожурш".

Школан дешархошна шен дахарх лаьцна дуьйцуш ву Лобжанидзе Романоз (аьттоагIорхьара кхолагIниг).
Школан дешархошна шен дахарх лаьцна дуьйцуш ву Лобжанидзе Романоз (аьттоагIорхьара кхолагIниг).

Нохчаша шен дина вашалла велла дIаваллалц дуьйцура шен дендас Романоза, боху Лобжанидзес: "Къонахалла йолуш нах хилла уьш. Сан деда Романоз, ша а хилла нийсонна тIехь лелаш стаг. Иза иштта ца хиллехьара, цунна тIе а хIуттура бацара нах".

И истори интернетехь ешначу дукха наха, Нохчийчуьра къаьсттина, Лобжанидзега доттагIалла кховдийра. Тахана цхьана Кавказехь, цхьана дукъан дехьа-сехьа дехачу къаьмнашна вовшех долу хьал дика ца девза. Шен дедас а, иза кIелхьарваьккхинчу нохчаша а гайтина вежаралла кавказхоша лелийча, чIогIа дика хир дара, аьлла, хета Лобжанидзе Натияна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG