Австрера Шема я Иракъе тIаме баханчу нахана юкъахь тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бу – туркойн, боснихойн а, Iарбойн. Ур-аттал им диллина австрихой а бу царна юккъехь.
Меттигерчу къайлахчу сервисийн векалша чIагIдарехь, Австрера тIаме ваханчу я воьдуш сацийначу 280 сов стагах, 2016-чу шеран терахьашца, кхоазлгIа дакъа нохчийн къомах божарий а, зударий а бу.
Хаамийн гIирсашкахь, къаьсттина булваран газеташкахь, и терахь кхин а лакхара даладо, "австро-джихадхойх" ах нохчи бу олий.
ХIинццалц цига дакъалаца бахначарна а, баха новкъабевллачарна тIехь иттанашкахь кхелаш хилла Австрехь, доккхачу декъахь Грацехьий, Венехьий.
Маршо Радионо тергонехь латточу цу кхелашкахь массийта нохчочун, амма кхин а дукха туркошна а, боснихошна а, масех Iарбочун а хенаш кхайкхина -- цхьаболчарна набахтехь яккха, вукхарна арахь яккха.
ТIаьхьарчу шарахь хаъала лах а делла нохчийн къомах хилла а ца Iаш, хиллане а Шемарчу тIемашца а, ДаIишан идеологица а балакхочучу нехан терахь, диаспорехь жигархоша кегийчаьрца болх алсам баккхарна а, Iедало цу хIуманна тIехь терго чIагIйарна а.
ХIетте бийцаре беш хуьлу нохчи. Иштта, масала, тIаьхьарчу беттанашкахь Венехь а, Грацехь а Шема бахарна кхеле озийначу туркойн а, боснихойн а къомахчу нахана тIехь дIаяхьначу процессашкахь а бара нохчи бийцаре беш, нохчийн къомахчу имамо я имамаша ечу пропаганданах Iеха а луш, цу тIаме бахар марзделлера шайний-шайний бохуш бехкебечара а олуш, ткъа иштта прокуратурин векалш шайн къамелашкахь Австрера оццул дукха джихадхой бовларехь нохчийн меттиг билгал а йоккхуш.
Маршо Радион хьастагIа Грацехь боснихошна тIехь дIаяхьанчу процессера репортажехь иштта нохчийн маьждиг а, нохчийн имамаш а хьехийна хилла хиларх хезначул тIаьхьа цу гIаларчу вайнахана чIогIа Iаьткъина хиллера тайп-тайпанчу ницкъаша шайн тIера бехк дIабаккхархьама нохчийн маьждиг а, нохчийн имамаш а хьехор.
Радиоца зIе хиллачу Грацан вахархочо Iийсас дийцира, цу гIаларчу вайнехан маьждигехь нохчийн маттахь бен хьехамаш беш а бац, боснихой а, кхечу къомах болу нах а цигахь дуьйцучух кхета йиш а яц, цундела а цигахь радикале а берзийна тIаме баха йиш яц я боснихой а, я кхечу къомах болу нах а, аьлла.
Iийса: „Цхьанна а агIор логикаца догIуш дац иза, хIунда аьлча, боснихошна а, кхин долчу къаьмнашна а нохчийн мотт ца хаьа, ткъа нохчийн маьждигехь нохчийн маттахь беш бу хьехамаш, цигахь нохчийн гIиллакх-гIуллакх дуьйцу нохчийн къомах волчу имамо.
Цхьанна а кепара нохчийн къомана зенехь хила там болу хIума цу чохь дуьйцуш дац. ТIаккха нохчийн имамо хьехам а бина уьш дIа муха боьлху цхьанхьа а, я кхин боснихой а, албанхой а нохчийн мотт хууш бу-те? Кху дуьнентIехь во дерг лелочарна массарна а нохчийн мотт хаьа-те? Нохчийн маьждигехь хьехамашка ладегIна цхьа а цхьанна метте гIур вац я вахана а вац.
Боснихой а, кхин берш а, гал мел бевлларш а, шайн тIехь кхел мел йочара а нохчийн маьждиг бехке до боху. Суна дIахаийта лаьа вайн махкахошка а, массаьрга а: нохчийн маьждигехь цIена нохчийн къоман гIиллакх-гIуллакх а Iамош, цIена бусалба динехь нийса хьехамаш бен беш ца хилар“.
Грацин вахархочо Iийсас кхин дIа а дийцира Маршо Радионе, цу гIаларчу маьждигехь хьалхаваккха карарчу хенахь даимлера имам воцуш, хало хьоьгуш бу цига оьхуш болу бусалбанаш, бохуш. Даймохк цIе йолу бусалбан културан кхерч цхьа шой, ах шой а ду боху цо цкъа Венера валош, цкъа лула-кулара валош рузбанна хьалха ваккха стаг лоьхуш йолу.
Iийса: „Цхьа а билгалваьккхина имам воцуш, цхьанхьара цхьаъ валош, вукханхьара важа валош, цхьажимма Iилманах кхеташ верг а, кхетам болуш, хаза хьехамаш бан нохчийн къомах стаг карор вацара-теша бохуш, хьалха ваккха имам воцуш бала хьоьгу цигахь наха. Цигахь хьалха хилла волу имам воцу цхьа шой, ах шой а ду. Цхьажимма чоь бен ян я яц иза, бусалбанийн културан цхьаьнакхетаралла „Даймохк“ аьлла цIе а йолуш“.
Ала догIу, нагахь санна нохчийн мухIажарша шаьш Австрехь баха хевшинчу муьрехь итт шо сов кхин башха меттигерчу юкъараллийца а, я Iедалца а уьйраш ца ларйеш, тIекхуьучу чкъурана йолу терго а мелла а тесна йитина, цкъа хьалха цу махкахь дIатарбала гIерташ яьккхинера. Иза кхеташ дара, и нах тIамах а, оьрсийн Iедалийн репрессех а бевдда баьхкина хилар тидаме эцча.
Ткъа тIаьхьарчу цхьана -шина шарчохь вуно алсамбаьккхина диаспорин векалша шайн къомахчу нахаца, уггаре а хьалха кегийчаьрца беш болу болх. Нагахь санна хьалха журналисташца бист хила а, зIене а бовла а карах ца долуш, я цхьана бахьанца ийзалуш вайнах хиллехь, тIаьхьарчу хенах меттигерчу телевизионехь а, газеташкахь а бистхила а ца къаьхкаш, шайн къомах лаьцна юкъараллехь кхоллаелла йолу харц цIе нисйарехь гIулчаш яха гIерта уьш.
Иштта, масала, дийна цхьа могIа гайтамаш хилира тIаьхьарчу масех кIиранахь Австрин телевизионехула нохчаша шаьш вовшашлахь берийн кхетамкхиорехь бечу балхах лаьцна. Оццунах лаьцна артиклаш зорбане евлира газеташкахь а, журналашкахь а.
Цул сов, даханчу кIиранахь меттигера бахархой а, журналисташ а, полисхой а кхайкхира Венерчу Нохчийн-гIалгIайн кхеташоно „Схьайиллинчу неIарийн де“ цIе тиллинчу даздаршка хьошалгIа.