ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЖимакIант, ДикакIант, ХазакIант…


ДагадогIу хир ду шуна, Хамидов Iабдул-Хьамидан пьесина тIехь хIоттийначу спектаклехь Бож-Iелас ша сакъийринчу шолгIачу дийнахь дийна-делккъахь ша цIа валийнарш муьлш бара аьлла хаьттича, цуьнан хIусамнанас Зулайс делла жоп. Церан цIераш кхобуш цхьацца билгалонашца уьш бийца гIертара иза шен хIусамдега.

Иза мел беламе хетахь а, цу гIиллакхана дуьхьал болу нах кIезиг карор бу вайнахана юкъахь.

Несарша хIусамден а, цуьнан гергарчеран а цIераш кхабар дукха шира нохчийн гIиллакх ду, кхечу къаьмнех болу нах дIоггара кхетар а боцуш, амма нохчех ша-башха амал йолу къам деш долу, бохуш дуьйцу нохчийн этнографо Хасиев Сайд-Мохьмада.

Хасиев: "И хьал генара дуьйна схьадогIуш ду (марзахошка) ларам хилар. Майрчуьнца йолу юкъаметтиг лоруш, ша иман долуш гайтар ду иза. Иштта кхоллало-кх сан (марзхойн) цIе цаяккхарх лаьцна ойла. Суна дика хIума хета иза".

Спектаклехь васт кхоллар цхьаъ ду, ткъа дахар кхин ду. Хьо ярий цу гIиллакхана дуьхьал, аьлла хаьттира ас «Бож Iела» спектаклехь Зулайн васт кхоьллинчу нохчийн халкъан актрисе Багалова Зулайга.​

Багалова: "И гIиллакхаш Советан Iедал долуш лела а ца дина. ХIинца дохко яьлла со. Суна хазахета и гIиллакхаш. ДIо комсомол, коммунист, пионер а, октябрёнок а... кегий долуш дерриг а (цу дешнашца доьзан дара). Школе ваххалц хьо хьайн чохь ву. Хьайн мотт буьйцу ахь.

ТIаккха хьо школе вахча гуттар а иза вайх дIакъасто, нохчалла вайх дIадаккха, вай сийсаздеш, маьттаза дохуш... Жима волуш баш хьекъал а ма ца хуьлу. Хьекъал хуьлу дIо юьртахь дешначеран. Делахь а, суна хетарехь, гIаличуьрчеран яхь яра.

Берш бу бохуш болу кIентий гIаличуьра нохчий а, гIалгIай а эгна дIа а бевли уьш. Суна чIогIа кхоам хета церан. Царах лаьцна цкъа дуьйцур хир ду. Дукха бу уьш, дIабаханарш, вайн хаза кIентий. Цара гIиллакх леладора".

Багалова Зулайс дийцарехь, цхьадолу хIуманаш кхоллараллана юкъардаьхча цхьа а хIума дойла дацара.

Багалова: "Юкъатоха дезаш дара уьш. Муьлхха Iедал дагIахь а цунна лууш дерг юкъа ца тохахь пьеса дIагIур яц, тIаккха хIумма а хир дац, хиллане а".

Хан хийцало. Цхьа нах бу кегийрхошна юкъахь, оьшуш дац цхьа а цIераш кхаба бохуш. ХIетте а и гIиллакх доха ца делла тахханалц, ур атттала, Нохчийоьнах хаьдда иттаннаш шерашкахь яьхначу ПIаьнгазехь а. Дуисера дуьйцу меттигерчу нохчийн юкъаралан жигархочо Хангошвили Тумишас.

Хангошвили: "Тахана а ду лардеш (гIиллакхаш) ас а. Марненан цIе яккха йиш яц, марден цIе яккха йиш яц... марйижарий, маршичой... Царга, "йоI" олий, йистхуьлу со, "кIант" олий, йистхуьлу со. Мардех, марненах "нана", "дада" олий, сайн дех-ненах санна цIе йоккху ас. Ткъа арахь къамел деш лардо ас (гIиллакх), церан цIераш ца йохуш".

Лело хала делахь а, марзхойн цIераш кхабар хаза гIиллакх хета шена боху Хангошвилис.

Хангошвили: "Даима а оцу хIуман тидам бо ахь, дагахь ду хьуна иза даима а. Цхьа 10-15 цIе ма юй хьан ларъян езаш. ЧIогIа безам а, ларам а ма буй хьан марйижашца а, марненаца а. Ткъа царца къамел деш хийлоза дагаданарг хIун ду аьлча, суна и цIе яккха паргIато хилча а, бакъо елча а, оццул ларам хиларна, ас цуьнан цIе йоккхур яцара-кх аьлла хетта-кх суна. Хьайна деза лелош ма дай ахь иза".

Делахь а замано а, цхьацца хьелаша а шен хийцамаш бохьу нохчийн гIиллакхашна юкъа а. Масала, Урданехь бехачу вайнахана юкъахь уьш хийцалуш санна хийтира шена боху кху деношкахь цу махкахь хиллачу журналисто Эрсно Казбека.​

Эрсно: "Иорданехь цIе кхобуш вайн цIахь санна гIиллакх-гIуллакх дисина ду. Марден а, марненан а, массара а бохург санна цIе кхобу. Марвешин цIе ца кхобуш нах а гира суна. Амма берш а бу иштта алалур дац. Дукхахболxара марвешин цIе а кхобу. ЦIе ца йоккху, вайн цIахь санна. Амма йоккхуш ерш а хуьлу".

Миллионаш Индера зударша а ца йоху шайн хIусамдайн цIераш. Амма цу махкахь гIаланашкахь и гIиллакх дIадаьлла. Ткъа ВВС-но бинчу хаамца, зударийн жигархоша кхайкхамаш бо ярташкахь бехачу нахе, и гIиллакх дита бохуш.

Делахь цу зударех кхета мегар ду. Индехь цу тайпа гIалат далийтина зударий шайн доьзалшца эвлахбаьхна меттигаш бу.

Цу тIе тIегIантIе цкъа а ца даьлла гIуллакх нохчашна юкъахь, боху этнографо Хасиев Сайд-Мохьмада.

Хасиев: "ХIа-хIа! Вайна хезна дац цу тайпаниг. Делахь, цо (майрчо) тоьхна, араяьккхина (зуда) аьлла ца хезна. Амма, иштта, вон делира хьоьгара и гIалат, юхахула хьайгара ма далийтахьара ахь иза олуш ду-кх вай. Делахь а, билггала оцу тIехула зуда йитина я дIаяхийтина аьлла хIума дац.

Цхьа цхьацца долу алсам хIума даьлча а, деладахь, доьзал а бара-кх олий, сатухий, иман хилла а ца Iаш, цхьа дика нах бу-кх вайн, дика адамаш ду-кх вайн тарлуш долчу хIуман тIехь бIаьргаш дIачIогIий, тахана гIалат даьллехь а, кхана кхин долуьйтур дац-кх олий, киртиг дIахьокхий хIума деш. Иштта ду-кх вай... Къонахий буй, къонахий эр ду-кх вай".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG