«Нохчийн гIиллакхех» жарган чулацамехь шуьйра дуьцуш ду, кхеташ ма хиллара, вайн ширачу ламастех а, Iадатех а. Царах цхьадерш довш ду, цхьадерш дайна а ду. Хасиев Сайд-Мохьмадах а, цуьнан накъостех а беркат а даьлла, 30 сов шарахь бина болх, тахана зорбане баьккхина хиларх воккхаве историк Бено Шамал. Иштта цо тидам бира, цхьадолу нохчийн гIиллакхаш леррина юкъара дIадовлуш хииларна.
Бено: «Сайд-Мохьмад а, кхин а кхо-виъ стаг 1970-чу шерашкахь нохчийн къам латтийнарш бу. Уьш ца хиллехьара, вай кху чохь нохчийн мотт буьйцуш а хир бацара. ХIинца вайн дисина ши хIума дара. Марша вогIийла, Марша гIойла, Марша Iойла. Маршо. Синан маршо. ХIинца уьш а дIадохуш ду вайн, саламаш ду луш».
Хасиев Сайд-Мохьмадан жарган тIехь артикалшца шира гIиллакхаш дийцаре дале, билгалдоккху церан маьIнаш а, нохчийн синкхетаман бухан бозалла а, нехан кхетам самабала безаш хилар а. Ешча, иза иштта хирг хиларна тешам а бу, аьлла дийцира историко Ибрагимов Ризвана.
Ибрагимов: «ХIокху жаргин цIе «Нохчийн гIиллакхех» аьлла ю. ГIиллакхаш дац уьш. Царех кIеззиг цхьа дакъа ду. Цунах кхета деза. Иза юьхье ю. Кхечу нахе а, Iилманчашка а язъяйта, уьш самадовлийта а бина болх бу. Сан накъосто и жарга ешча, соьга телефон а тоьхна элира, 68 шарахь ша лехнарг «Нохчалла» боху хIума хилла-кх аьлла».
ЦIано, нийсо, бакъо бохучунна тIера цавалар бу нохчо хиларан гайтам. Нагахь цу тIера валахь, иза нохчо вац, цуьнан ворхIе да иза хиллехь а. Нохчочо ша нийса ца баьккхинчу когах, галдаьллачу дашах а, кхидолчух ша-шега хотту, шен сина хьалха бехкалавоьду, кхин ца далийта нигат а до, бохуш дуьйцуш ду «Нохчийн гIиллакхех» цIе йолчу жарган тIехь Хасиевс.
Нохчийн амалех а, ширачу заманара дуьйна схьадогIучу гIиллакхех а шуьйра дуьненна довзийтархьамма, и жарга кхечу меттанашка яьккхича дика хир дара бохуш бара оцу цхьанакхетаре баьхкинарш.
Таханлерачу нохчийн юкъараллерачу хьолах, цхьа жимма а корта лозучунна сагаттадойтург ду, кегирхойн керчина дог-ойла, дайн гIилллакхашна тIера уьш бовлар, нохчашна хийра мел дерг тIеоьцуш хилар. Иза дика билгало яц аьлла, цхьана ойланехь къамел дира оцу гуламан декъашхоша. Историкана, хьехархочунна Берсанова Зулпаана хеттарехь, баккхийчара царна кхетачу агIор кховдо деза и гIиллакхаш а, Iадаташ а.
Берсанова: «Кегирхошна кIезиг хаьа гIиллакхаш. Уьш царна ца деза бохург дац иза. Шайна хаз а деш, марз а деш дIадийцича, цара тIеоьцу уьш. Вайн баккхийчарца ларам, хьалагIаттар а, охьахаар а, дуьйцу, ткъа Сайд-Мохьмад шен белхашца оцу гIиллакхийн бухе кхуьйду. Цундела мехалла хета суна цо яздеш дерг».
Жарган автор Хасиев Сайд-Мохьмад вевзачарна хаьа иза эсала а, ша динарг а, шегара Iилма а хьалхатоьттуш иман долуш а, оьзда стаг вуйла. Презентацехь иза вистхуьлуш а гуш дара иза.
Хасиев: «Айса динарг доккха хIума хетахьара, со и книжка пхаьрс кIелла а йоьллина министраллашкахула лелара вара. ХIинца а лелара вац. Суна хаьа, айса мел яздинчу дашах, со Далла хьалха жоп дала деза вуйла».
«Нохчийн гIиллакхех» аьлла цIе йолу жарга зорбане ялла, наха ахча вовшах а тоьхна. И болх дIабаьхнарг ю «Нохчийн историйн юкъаралла» цIе йолу цхьаьнатохаралла. Цуьнан куьйгалхочо Успанов Юнис чIагIдо, къоман культура а, исбаьхьалла а дуьненна йовзийта шаьш кхин а проекташ дIахьур ю бохуш.
Успанов: «ХIинца шолгIаниг а, кхоалгIаниг а хилча нах кхетар бу и ахча цхьаннах къайладаккха гIерташ цхьа а воцийла. Вайн истори а, поэзи а, литература а, Дала мукъалахь, оха шуьйра йовзуьйтуш дIакхайкхор ю».
«Нохчийн гIиллакхех» книга 2000 экземпляр бен яц. Уьш хIинцале а дIасаэцна. Хасиевн белхаш кхин дIа а зорбане баха Iалашо . «Нохчийн историйн юкъараллин».
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832