ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура ша-тайпа газеташ


Нохчийчоь -- Iедалан кхиамаш бийцар коьрта ду республикерачу газеташна.
Нохчийчоь -- Iедалан кхиамаш бийцар коьрта ду республикерачу газеташна.

Нохчийчохь болх бечу журналисташна алап хьалаайдийра долуш ду. И сацам бина, Iедалша. Цунна доьхьала, журналисташа, деша а лууш, хаза а, мехалла а долуш газеташ арахеца деза. Нохчийчохь болх бечу журналисташна алап хьалаайдийра долуш ду. И сацам бина, Iедалша. Цунна дeьхьал журналисташа, деша а лууш, хаза а, мехалла а долуш газеташ арахеца деза.

Iедалан кхо урхалла вовшах а тоьхна, царах кхоьллинчу министраллийн куьйгалхочуьнца Хучиев Муслимца шен хиллачу цхьанакхетарехь, коьрте даьккхинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, журналистийн алапца долу гIуллакх. Ша, бакъволу коьрта редактор санна, церан таронийн хьелан сагаттадечух тера дара цо, муьтIахь болчу Iедалан журналистийн хьелашна.

Хучиев Муслима, ша а цхьана хенахь журналист хиллачо, даре дира, газеташкара журналисташ, алап лоха долун дела, и говзалла а юьтуш, кхечу меттигашка дIаоьхуш бу аьлла. сацам бина бу, церан алап 20 процент тIетоха. Нохчийчоьнана журналистийн кхеташонан куьйгалхо волчу Хатуев Ислама, бахарехь, йозан говзанчаша, дукха хазахеташ тIеэцна бу и хаам.

Хатуев Ислам: «Хууш ма хиллара вай журналистийн алапаш лекха дац. Иза 6-7-8 эзар соьмелла лакха ца долу. Вай цIхаь долчу мехашка хаьжча, иза дукха кIезга ду. Тхуна чIогIа мехалла хета, и долийна долу хIума. Дукха журналисташ, и говзалла лекха ерш, алап кIезга ду олий дIаоьхура кхечу меттигашка болх бан. ТIаккха и говзанчаша дIаихча, вай махкана а, оцу говзална а зе а тохар а хуьлу».

Газетере журналистийн хьолан тIе терго яхийта гIерташ дукха хан яра шаьш боху Хатуев Ислама. Журналисташ, цхьанна а тайпа белхан тIегIан юккъе бохуш бац, боху цо.

Хатуев Ислам: « Тхайн агIора оха диманна дуьйцуш дара, журналистийн статусах лаьцна. Масала, Iедалан белхахорй бохучу тIегIан тIехь а бац уьш, бюджетера белхахошна юккъахь а бац уьш. ТIаккха, кхечу Iедалан белхахошна алап айдечу хенахь, журналисташ буьсура, шай кIезгачу алапца».

Алап айдаралла сов, махкхахь арахоьцу газеташ деша а лууш, царна тIетоьхна, дика материалаш а хила еза, боху мехка Iедалан коьртехь волчо. Ткъа, мел айлура ю, нохийн журналистийн дикалла, алапа лакхадаьккхича? И хаттар Маршо радионо делира «Грозненский рабочий» газетийн коьрта редакторан гIовс волчу Докаев Лукъмане. Гарехь журналист теша в у, иза ишшта хиларна.

Докаев Лукъман: «Иза айлура ю аьлла хетта а ца Iаш, тешна ву со. ХIунда аьлча, вай материалан дуьнен чохь дехаш ду. ТIаккха, стага, шен балха тIехь, лучу алапе хьаьжжина болх а бо. Цуьнана лелар а, кхоллараллийн агIо а хуьлу ишшта».

Тахана махкахь цхьаннах а лечкъина дац, хIоьттинчу хьола бахьанца, журналисташ, Iедалшна луьйш, ян ур-аттала Iоттар еш а материалаш тIетухуш яц. Цунна хIун барт бу а дийцира Докаева Лукъамана.

Докаев Лукъман:
«Вай республикехь, юккъараллийн барт бу бина. Мохк юхаметтахIотторан этапехь, Iедало лелош долчуьнна критика а ца еш, мелхо а дика агIонаш гойтура ю аьлла. Иза массарна а хууш а ду. Iедалан агIора а лаьцна, лелачу журналисташна, царар гIо а дан дезара».

Тахана, ахь Iедалшна луьйш материал язйича, даржхочуьнна хила цхьа а во болх бац, кехат тIехь цуьнах яздина хилар доцург. Оцу бахьанца, журналисташ, хьалха санна ларар аьттехь а дац бохуш, кхин дIа а дуьцу Докаев Лукъмана.

Докаев Лукъман: «Совета Iедал доухале 6-7 шарахь болх бина ас, кIоштан газетехь. Иза кIошта газета бен доццушехь, критика йолуш материал йича, цунна жоп дала дезаш журналист а вара, и хьакам а вара. Журналистех оза а лора, лара а лорура. Ткъа, тахана, журналисто язйо, дешархочо доьшу, ткъа, даржхочуьнна хIумма а ца хуьлу. Хьакаман таIзар дина а тIаьхьало ца хуьлу».

Маршо радио: «Дозуш доцу газеташна хала дуй Нохчийчохь? Шун газета «Грозненский рабочий» хууш ма хиллара, ханна сацийна ду аш».

Докаев Лукъман: «Оьрсийчохь дозучу мел долчу газетан ду хала. Ткъа, вай цIахь гуттара хала ду. Кхечу газеташна санна, хуьлуш гIо ма дац. Газетийн хаьлхарчу меттехь реклама хила езаш ю. Иза кхето гIоьртича а, ца кхета вай цIахь болу нах».

Дика журналист когаш кхобу бохург, хьалха коьртехь дара. Ткъа, тахана арахь дерг хьесапе эцча, журналистийн когаш тIахь аьлла хилла а ца Iаш, иза, Iедалан даржхойн бага хаьжжина а хила веза, тIаккха, цунна цхьа а бала, ян балха тIехь, ян цIахь а новкъа бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG