Саламова Елена
Дозанийн хьокъехь Москох бина сацам хийцалур бац протесташца
Кхин цкъа а ша ца везачу нехан дегнаш тIера воьжна Евкуров Юнус-Бек – махкахь референдуме дахка догIучу гIуллакхийн кочар дацдан гIортарна бехкево иза Магасехь гуламашка буьйлучу наха.
Регионан куьйгалхочунна хIун таIзар дийр ду нах резабоцу гIулч цо яккхарна?
"Кавказ.Реалиино" хьалхо яздина ма-хиллара, Евкуровс депутатийн кхоже йиллинчу низаман проекто кхидIа референдуме дахка оьшучух ца лору мехкан статусах, цIарх, дозанех долу хеттарш.
Проект парламенто магийна коьртачу декъанна, шозлагIа цо иза йийцаре ян диллинера кху еарийденна. Амма социалан машанашкахь проектна резабоцчийн аьзнаш совдийла доьлча спикеран гIовсо Сукиев Асхьаба официалехь дIахьедира, "статусах, цIарх, дозанех" дерг проектера ца хууш юкъарадаьлла, аьлла. Ткъа Евкуровс парламентера юхаэцна и низам, халкъаца дийцаре дан деза, аьлла.
Делахь а ца йижира протест, Магасехь гуламе бевлира нах.
Аьлларг кхочушдархо
"Евкуровна политикехь бац цхьа а кхерам, ца оьшу доцург тида. Цо мел дийриг Оьрсийчоьнан президенто къобалдеш а, цунна магош а ду, аьлла хета ГIалгIайчоьнан администрацера хьал дика девзачу "Кавказ.Реалиин" хьосто.
Евкуровс шеггара хIумма а ца до, кхузаманахь цхьаммо а ца до пачхьалкхехь шеггара хIума, боху цо. "Дозанаш хийцарца дерг муххале а. Иза уггаре а лакхарчу тIегIанера охьакхаьчна лаам бу, Юнус-Бек аьлларг кхочушдархо бен а вац", боху эксперто.
Цунна гарехь, тIех доккха дов а дац ГIалгIайчохь иккхинарг, иза "Iедал къуьйсучу элитин гIаттам бу".
Хьостано бахарехь, кIорга бу Магасерчу ситуацин орам, тIаьхьало а ю генна дIагIур йолучех. "Тахана цигахь леларг леррина кхуллуш хуьлу конфликт ю, лахьа санна, эшначу муьрехь караэца дIаIалашъеш. Оппозицина маршо ло Iедало, тIаккха дIасаца олу, негативах черма дуьзинийла кхетча, дIакъовлу и черма, эшначу хенахь даста таро шегахь а юьтуш. Хьашт хуьлий Iедална – гIаттор ю цо ша йижанза йитина конфликт", боху хьосто.
ГIалгIайчуьраниг санна йолчу конфликтийн карта ду Кремлан карахь, шена ма-эшна, цо хьаладоккху иза. "Стенна гIуьтту кест-кеста девнаш ГIебарта-Балкхаройчохь я Кхарачой-Чергазийчохь? Москох до царех дола, цуьнгахь ю архаш. Бац кхузахь шаьш-шайггара лела ницкъаш. Лаккхарчу тIегIанна цатовриг дина стаг шина секундехь дIавоккху", дуьйцу тергамчас.
Цо бахарехь, Евкуровна дика хаьа дозанаш хийцар, нисдар шен карахь доцийла. "Цо шега ден аьлларг до. Оппозицина а магийна кIеззиг мохь хьекха. Кхул хьалха иккхина протест махкахь бина цхьа а хийцам боцуш йирзира, хIинца а хир ду изза. Арабовлийтина нах гуламе, ткъа хIун хир ду кхидIа? Цхьа а хIума хир дац", тешна ву "Кавказ.Реалиица" къамел динарг.
"Нохч-ГIалгIайчоь" – хилларг я кеста хиндерг?
Ишта конфликташ кхуллучул, тоьлура федералан центрна, оьший Нохч-ГIалгIайчоь меттахIотто, эшахь, муха иза дан деза бохучух ойла йича, боху "КавказюРеалиин" хьосто. "Регионаш шоръян еза. Еа кIоштах лаьтта мохк республика яц", аьлла хета цунна.
Евкуровна дуьхьаллаьттачара а боху, ала дашна, ГIалгIайн Республика ша яхалур яц аьлла хетар ду референдумах долу низам хийца гIертар.
"Гуш ду республика йохо гIертийла, Москох болучарна а, кхузахь, Кавказехь, болучарна а лаьа ГIалгIайчоь шакъаьстинчу регионан статусах яккха. Ткъа кечдинчу низамо хоуьйту, махкера маршо дIа а яьккхина, иза Нохчийчоьнах дIатоха Iедал гIертийла", элира "Кавказ.Реалиига" ГIалгIайчоьнан кегийрхойн юкъараллийн кхеташонан лидеро Хаутиев Бахьавдина.
…Бакъду, кхаарийдийнан Iуьйрана полицино дIасалаьллина, вовшахтохархоша чакхе а йоцуш яхлур ю аьлла йолийна хилла митинг.