Кутаев Русланан тIехь йолийначу кхелан процессан шозлогIа кхеташо бен ца хилла, амма, хIинцале гуш ду, 60 шаре ваьлла волу и стаг, наркоман ву аьлла бехке а вина, набахте яьккха хан цунна тоха мегаш юйла.
Кутаев Руслан воьвзачеран цхьанна а тайпа шеконаш яц, иза наркотикашца бала хилла воцийла, амма, иза гарехь иштта ца хета и гIуллакх кхеле хьажийначарна.
Кхелан шозлогIачу кхеташонехь къаьстира, иза дIахьочу агIонна, лууш дац цига Кутаев Русланан гергара нах а, журналисташ а хилийта.
Церан меттан, чоьнехь мел долу гIант дIалаьцна Iаш хиллера студенташ бу бохуш болу кегий нах. ХIоранна хаьнтIехь тапчанаш а йолуш, шай куьцаца ницкъаллийн структурийн белхахойх тера а болуш бар боху уьш. ПIераскан дийнахь дIахьон йолчу кхелан кхеташонехь, кхин хIума хийца ца лахь, шаьш доьхьалонан акце арадовла кийча ду аьлла дIахьедар дира юккъаралхочо Шуаепов ИбраьхIима.
Шуаепов ИбраьхIим: «Вайна хууш ду, тахана стаг бехке валахь, иза бехке веш хIума хила дезаш дуйла. Вацахь-хIума тIекхоллар, вай ворхIе дегара дуьйна иза я нийса а, я догIуш а дац. Тахана Кутаев наркоман ву аьлла, политикан бахьанашца дуолийна хIума ду иза. Республика куьйгалхчоуьнна хьалхахь диканиг хила лууш дина ду иза цхьаммо.
Оцу кхелехь, цхаьцца нийса доцуш а , пайда боцуш а хIумш ду лелош. Цундела, юккъараллхой вовшах а кхетта, бина барт бу, иза низамо магош а ду, кхана хуьлуш йолу процесс муха хуьлу а хьаьжна, и харцонаш дIайоьлхуш хилахь, Iедашлна дIа а хаийтина пикет йийра ю».
Кутаев Руслана, дIадаханчу кIирнахь хиллачу кхелан процессехь, шега дош делча, дIахьедар дира, шена тIехь бечу Iаткъаман коьрта Iалашо ю, кхинболу бакъонашларъярхой а, юккъаралхой а кхеро аьлла. Иза мел бакъ хета хьуна аьлла деллачу хаттарна, иштта жоп делира Шуаепов ИбраьхIима.
Шуаепов ИбраьхIим: «Иза а доцуш хIума дац, хIунда аьлча,тахана Кутаев дIа а вахна, цIе а фамили а хийцина, эладиттанаш лелош стаг вац. Юккъараллийн болх коьрте хила дезаш ду боху ву иза. ТIаккха ишттачу стагана доьхьала хилча, иза кхераме сигнал хета тхуна. ЦIендерг ала лууш верг, хIара нохчашна догIуш дац, бохуш волу стаг ца вуьту».
Юккъаралхочуьнна Шуаепов ИбраьхIиман кхин цхьа версии а хета Кутаев Русланан гонахь яларан. Иза, адамийн могIарера хьагI а хила мега. Цундела, тахана бист а ца хуьлуш Iад Iахь, кхане чолхе хира ю, аьлла тидам бира цуо.
Шуаепов ИбраьхIим: «Шен хьекъал хIунда ца тоьъна иза ала, бохуш болу нах а боьвла вайна юккъахь. Цуо иза аьлча, шай авторитет а, шай болх а галбера бу аьлла хеташ бу уьш. Нийсо езачу а, барт а безачу нахана тIехь тахана, боккъулийна кхерам бу-кх».
Кутаев Русланна тIехIуттуш дIахьедар дина Оьрсийчоьнан пачхаьлкхан думийн хилла волчу депутатат а Гудков Геннадийс. Цуо кхоьллинчу «Баьццарчеран а, социал-демократийн а» партина юккъе ваха гIерташ хилла Кутаев Руслан.
Иза дIалацале, Нохчийчохь оцу цхьанатохараллан дакъа а диллина, цуьнан коьрте иза хIотто Iалашонехь хилла, тахана Оьрсийчоьнан Iедална оппозице хоьттинчу Гудков Геннадийн. Цхьана агIора, иза ца дайта а чуволла нохчийн политик хьийзош а хила мега аьлла хета цунна.