Кутаев Русланна тIехь дуолийна долу гIуллакх а, къаьстина кхел а, мехка Iедалшна таханлерачу синтеман суьртехь чIогIа оьшуш дацара. Дуьненаюккъера туристаш а, кхиболу беза хьеший а, аьхка а, Iай а тIеэца кечлучу мехкан йохьIаьржо хиларна кхерам бу.
Нагахь санна, кхуза баьхкинчарах цхьаммо цуьнах хаттахь хал хира ду оцу хIуманна жоп дала. Тахана а, йоккха Iаьржа таммагI санна лаьтта Нохчийчоьнна Эстемирова Наталья еран а, иштта дукха хан ялле юккъаралхо Сайдулаева Зарема а, цуьнан маар Джабраилов Малик а дера бахьанца. Iедалшка лар ца баларалла сов, и зуламаш динарш тахана а карийна бац.
Керлачу дахаран, шеца шортта кхидолу къаьмнаш хьоьгуьйтуш долу хьал дIахIотточу Iедалшна, оьшуш дац цу тайпачу зуламашца шай цIе яьккхийта. Цундела Кутаев Русланан гIуллакх, уггаре а ца оьшучу хенахь дуолийна ду, аьлла хета цхьаболчу тергамхошна. Тахана, йиллина яра кхелан рогIера кхеташо, амма, иза ца хилира. И дов луьстуш волу кхелхо цомгуш хиллар аьлла кхечу денна тIаьхь теттина иза.
Кхел йоьдучу хенахь, цу тайпа хIумаш, кхелхочуьн а, прокурорийн а, цара бахкийначеран тоьшалхойн а цамгарш, юккъедоккхуш практика ю Оьрсийчоьнан кхелан системехь. Низамо магош ду иза, амма, гIовгIа йоккхуш гIуллакх луьстуш хилча, тIеоьцун болу сацам, шеко ца кхоллаялийта леладо цхьайолчу меттигашкахь.
Кутаев Русланан гIуллакхан кхелхо хила а там бу боккъулийн цомгуш, амма, цуьнан адвокаташка а, гергарчаьрга а ца аьлла иза, уьш кхелан берте кхаьччий бен. Гарехь, сатийсам хилла, кхелхочуьнна процессе ван, амма, тIаьхьий бен ца кхетта, шега тахана и болх балура боцийла.
Кутаев Русланан адвокатан Заикин Петран, тамашийна хеташ ду, кхелхо цомгуш ву аьлла, кхелан кхеташо кхечу денна дехьаяьккхар. Цкъачуьнна цуьнах лаьцна хIума олийла дац, амма, тхо-Русланан адвокаташ а, гергар нах а цецдоьвла-м ду элира цуо Маршо радиога цуьнах вистхуьлуш. Кхин цу гIуллакхах деха дийца ца лиира адвокатан.
Шай агIора, нохчийн бакъонашларъярхой а, юккъаралхой а лерг диллина ладугIуш бу Кутаев Русланан гIуллакхах хIун хуьлу. Дукхачаьргахь сатийсам бу, шай белхан накъост цунна хан тохаран тIе а ца долуш гIуллакх, мокъверг хиларна. «Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитет» цIе йолчу бакъонашларъяран цхьанатохараллийн куьйгалхочо Бадалов Руслана иштта элира цу хьокъехь.
Бадалов Руслан: «И гIуллакх дукха дахдаларна со цецваьлла ву. И хIума тамашийна ду. Массо а ву цуьнах цецваьлла. Дуьненаюккъера цхьанатохораллаш а, журналисташа а тидам беш хIума ду иза. Руслан суна воьвза дукха хан ю, иза дIалацар цхьа гIалат доьвла хIума го суна. Со теша, харц дерг харц ду а олуш, бакъ дерг бакъ ду а олуш, и гIуллакх дIадоьрзург хиларна. Цу тIехь шеко яц сан».
Кутаев Русланан тIехь беш болу Iаткъам, цуьнан политикан хьежамца а, цу хьокъехь цуо дIахьош болу некъ ца тайна беш бу аьлла шеко яц юккъаралхочуьнна Апаев Асланбекан. Амма цуьнан а бу сатийсам, иза мокъверг хиларна.
Апаев Асланбек: «Кутаев Руслан 2002 шарахь дуьйна воьвзаш ву суна. Суна хетарехь, цунна доьхьала леррина дина ду и гIуллакх. Суна хеташ ду иза иштта. Иза цкъа а къарвелла соцура вац. Цундела дина. ЦIахь долчу Iедална иза оьшуш дац. Цхьана шина стаган, шай цхьа «кхосс ялийта лаарх». Тахана ара ца валахь а, кхана юха талла а теллина аравера ма ву иза».
Кутаев Русланан тIехь дIахьочу кхелан рогIера кхеташо дIахьура ю нийса кIира даьлча стигалкъекъа баттахь 23 дийнахь.