Шема пачхьалкхан чохь кхехкаш болу гражданан тIом бахьнехь Оьрсийчохь леца а лоьцуш,кхела хьалха хIиттош бу ткъаннашкахь кегийрхой. Царлахь хIумма а кIезиг бац Нохчийчуьра кегийрхой. Официалан боцчу хаамца Къилбаседа Кавказера цу тIамехь велларг ву 500 гергга жима стаг.
Экстремизмаца къийсам баллочу центаран хьаькамо Рыбинцев Эдуарда хIинцачул ши шо хьалха бинчу хаамца Шемахь ДаIиш агIор тIамехь дакъалоцуш ву Оьрсийчуьра масех эзар вахархо. Цо чIагIдарца хIетахь дуьйна царна дуьхьал долийна а ду 447 бехк токхаман гIуллакх. Цул тIаьхьа яьллачу хеначохь и терахь цхьана эзарнал тIех даьлла.
Шемарчу тIамехь Iожалла карийначу кегийрхошлахь а, тахана цигахь дакъалоцуш болчарлахь а, цу хийрачу тIамахь дог даьлла бевдда юхабирзинчарлахь а шортта нохчийн векалш хиларан тоьшалла лору цхьаболчу тергамхоша хIора а кIирнах бохург санна, Нохчийчоьнан суьдхоша, девнаш а луьстуш, хаддаза набахте хьежош махкахой хилар.
Мехкан прокуратуран хьостано хааме даккхарца Старопромысал кIоштехь цхьаьнаметта веа вахархочунна дуьхьал бехк токхаман гIуллакх долийна талламхоша. И доладар нийса а, бакъонан бух тIехь а лерина низаман гIаролхоша.
Бехк кховдийнарг ву кхо жима стаг а,цхьа йоI а: Гайрбеков Сулим, Медуев Ахьмад, Диресов Зеламха, Асланбекова Залина. Талламхоша билгалдаккхарехь уьш Шемарчу тIамехь дакъалаца Юххерчу Азе бахна.
Шемара тIом бахьнехь Шелан кIоштан гIалин суьдо талламхошна бакъо елла Гехаев Хьасан цIе йолу вахархо лаца. Цуьнга кховдийначу бехкаца Гехаевс хаздина, марздина, ир-кара хIоттийна генарчу Iаьрбийн тIаме вахийтина цхьа жима стаг. "Низамо магош доцу, кхечу пачхьалкхан лаьтта тIехь тIеман декъашхо хила тIекIавар".
Герггарчу барамехь ишта бу Гехаев Хьасане кховдийначу бехкан чулацам. Схьахетарехь,наха а, тергаллучу хиламаша а тешшош гойтуш ма-хиллара, оцу могIарера девнаш листар Нохчийчохь маццалц я мича зил дозане кхаччалц, ала хала а долуш дахлур долчух тера а ду.
Изза, Гехаевга кховдийначу бехкаца таIзар дина кху баттахь Хайдаев Адамна а. Ткъа кху бовш болчу дечке баттахь Шемарчу тIамца доьзна кхеле ийзийнарш шортта бу.
Ма-дарра аьлча могIарерчу нахе кхета ца ло,апари чухула хьеран тIулг-кохьар тIе кхача,хаьдда доьдучу хих тера,могIа-тIийриг йича санна, Шемара тIамехь хиллий, хила ойла хиллерий бохуш, хена етташ,вайнахана беш болу тIеIаткъам.
Карарчу хенахь мила ву махкахь тIом банза, тIамехь хиланза? Цхьаболчарна мидалш,орденаш елла лаккхарчу даржашкахь бу, ткъа кхиберш,ур-аттал ойланца бен цигахь хилла воцург а,чу стенна вуллуш ву?
Ишта хеттарша хьулбийраш дуккха а бу. Царех ю изза Шемара тIом бахьнехь шича кIант набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна чувоьллина йолу Шелан кIоштара Хатимат а. Цуьнан дешнашца аьлча цунна а ца моьтту,и тIом бахьнехь, хена жерахь нах лецар а,чубохкар соцур ду аьлла.
Хатимат: «И Шемара тIом бахьнехь гуш долу лецаршший, кхайкхош йолу хенашший,сихдахь бен, хена жерахь дIадалахь тамаш хеташ ю-кх со. ХIинца цу тIе вайнехан кегий нах а бу цига тIамтIе хьежош. Суна хууш тхан юьртара ву кхоъ цига хьажийна.
Кху шина тIамехь белла нохчий тоьур бар-кх дерриге дуьненна а цу Iаьрбийн тIама юккъе ца гIиртича а. Цигарчу тIамехь дакъалаца а бахна,и хIун тIом а бу а хиъна, дохко а бевлла цIа баьхкинарш а таIзар кIел стенна хIиттабо? Цунах со а.нах а кхеташ бац.
Цхьаъ ду моьттуш ваха а вахна, ша галваьлла хилар кхета а дина, иза юхавирзина хилча, вита везар-кх маьршша ваха. Соьга хаьттича цига вахнарг стаг велахь а,зуда а елахь а, царна маьршачу дахаре юхаберза некъ бита безар-кх, кхел ян сих а ца луш».
Цу Юххерчу Азерчу тIамах дуьйцуш бахархоша тидаме оьцуш кхин цхьа хIума а ду. Циггахь, Шемахь, герзаца дуьхьало а ца еш, тIеман кIуркъамане юкъара бевлларш геч а деш, маьрша буьтуш бу, ткъа кху Оьрсийчохь цу тIаме хIотта гIена кхоьлахь дагадеънарг а лоций чувуллуш ву. И хIун ду? И стенна до? Цу хеттаршна жоьпаш цкъачунна доцуш ду.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832