ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Поп охьабужуш ца даьлла тата, боьжначул тIаьхьа дер дац


Муьлххачу а пачхьалкхан исторехь, къоман иэсехь, кхетамехь даха дисина деза денош ду, дIатетттина а, схьатеттина а меттах даха йиш йоцуш.

Дуккха а ду уьш нохчийн къоман а. Къаьсттина деза а, лазаме лору вайнаха, доллу къам мостагI а лерина, 13 шарна махках даьккхина Чиллан-беттан 23-гIа де.

Дуьххьара 2010-чу шарахь бен официалан тIегIанехь билгалдаккха долийна а дац депортацин де. Цул хьалха, нохчаша шайн доьзалехь сагIа а доккхуш, мовлидаш йоьшуьйтуш, дагалоьцура генарчу ГIум-Азехь лайна бала а, цигахь шайн белларш а.

Оццу шарахь (2010-чу) Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен омраца дIакхайкхира, Чиллан-беттан 23-гIа де иэсан а, тезетан а де ду аьлла.

Амма гена ца дахара Кадыровн зевне дIахьедар.

ШолгIачу шарахь кхечу омрана буха куьг яздира мехкан куьйгалхочо – иэсан, тезетан де Стигалкъекъа -беттан 10-чу дийне дIатоттуш.

Оцу хийцамо юкъараллехь йоккха резонанс эккхийтинера.

ХIетахь цхьаболчу тергамчаша дийцаредора, Кадыров Ахьмад цу дийнахь дIавоьллина, оцу терахьца нисдеш, тIеэцна сацам бу и бохуш.

Вукхарна хетарехь, Нохчийчоьнан урхаллан ша Кремлна муьтIахь хилар чIагIдеш, шатайпа кеп яра и.

Ткъа Кадыров Рамзанан шен хьажам хила а хиллера цу дийне, меттигерчу телевизионан эфирехь вистхуьлуш, элира цо, шен да, Кадыров Ахьмад ву Нохчийчоьнан маьршачу дахаре некъ баьстинарг, цундела оцу дийнахь дагалоцур вай цунна уллохь тIемашкахь эгнарш а, аьлла.

Бехха дIабаьхьира хIетахь къийсам оцу денна гонах.

МогIарерчу бахархошна, Iаьнан дийнахь карахь схьаэццал бен шайгахь кхи кIалкIовсар а йоцуш, стенга, хIунда, маца, оцу хеттаршна жоьпаш а доцуш, махках бевллачу, хала дара оцу Iедалан хийцамашна реза а хилла Iен.

2014-чу шеран 18-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Къоман библиотекехь, Iедалх дага а ца бовлуш депортацин денна лерина Iилман конференци дIаяьхьира културан белхахоша а, яздархоша а, Iилманчаша а.

Оцу бараман инициатор, «Кавказан къаьмнийн Ассамблея» боламан президент Кутаев Руслан тахана набахтехь хан йоккхуш ву, Iедалан харц кхел бахьанехь.

Оцу шарахь Сочехь кхайкхийначу Олимпиадана жигараллица беш кечамаш бара. Гарехь, мехкан Iедална цатайнера, ловзарна кечлучу юкъанна, шена а ца хууш хIоттийна тезет.

Ткъа хIун бен ду-те къоман депортацин де муьлххачу дийнахь билгалдаьккхича а аьлла, вайн махкахочуьнга Саидова Iайнаэ хаьттира Маршо Радионо.

Саидова: "Вайнах, вайн дай-наной дIабигар Чиллан-беттан 23-чу дийнахь хилла ду. Стигалкъекъа - батте и де дехьататтар суна нийса ца хета. Уьш бIаьстенан баттахь бигина ма бац. Уггар а луьрачу, шийлачу баттахь арабаьхна бигина бу. Ой, ловзар дара ала мегар ма ду, уьш йовхачу хенахь дIабигина хилехь-м, тIаккха баларш а кIезиг хилла хир дара, цара цамгарш лехьийна а хир яцара, лай кIел дIа а бухкур бацара"

Кху деношкахь массо а Нохчийчоьнан кIошташкахь бежнаш дойуш, сагIанаш дохуш, билгалдоккхуш ду иэсан, тезетан де.

Мехкан массо а зорбанаша яздо "Нохчийчоьнан хьалхара президент Кадыров Ахьмад дагалоцуш республикехь цхьа могIа барамаш бу дIахьош: дойу бежанаш, доху сагIанаш, доьшу зуькарш".

Амма дац хьахош я къоман иэсехь дисина къематде а, бац хьахош 13 шарахь вайнаха лайна къа-бала а, Сталинан къизалла бахьанехь Казахстанан а, ГIиргIазойн а мехкашкахь миллий, мацаллий белларш а бац дагалоцуш.

Дагара бевлла Iедална уьш тахана а.

Норвегехь вехачу бакъонашлаъярхочуьнца Гисаев Ахьмадца а хилира Маршо Радион деза денош, дIатоьттуш, схьатоьттуш ловзорах кхамел. Къоман трагедина Iедал гена хилар коьрта бахьана лору цо истори юхаязъян гIертаран.

Гисаев: "Вайн къомана тIе бала боьсинчу денойн терахьаш дехьа, сехьа теттар, къаьсттина 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-гIа де, вайн къам махках даьккхина аьлча а, вайн къам хIаллакдан гIортина де ду кх иза.

И вай лайна баланаш, хилла зенаш, и дерриге а вайга дицдайта , вайн къомах, вайн лазамах а цабашар санна хета-кх суна. ШолгIа делахь, и де дийца а, билгалдаккха а цавитар, юха а вайна и тайпа де тIекхача мегар аьлла хета суна. ТIаккха, тахана Нохчийчоьнан урхаллехь долу адам шен къомана гена хилар а хета суна".

Муьлххачу а пачхьалкхо харцонца чу а еана, мох дIалаьцча, уггар хьалха оцу къоман истори шайна хеттачу кепехь юхаязъян буьйлало уьш боху Гисаев Ахьмада. Кхузахь лелашъерг Оьрсийчоьнан сценари ю аьлла, тIе а тухуш.

Гисаев: "Дуьненчохь дехачу адамийн истори муха хуьлу хаьий хьуна? Цхьана пачхьалкхо харцонца чу а баьхкина цхьа мохк схьабаьккхича, оцу пачхьалкхо цуьнан истори, шаьш чубаьхкичхьана юха язъйойтуш ю, шайна товччу кепехь. Изза хьал ду вайн цIахь дерг. ГIазакхий бу тахана вайн истори кхечу кепара язъеш. Цуьнах пайда хир бу аьлла-м ца хета суна. ХIетте а къар ца ло-кх уьш».

Къоман исторехь мехал, лазаме терахьаш Iедало шайна ма-тов дIасатеттахь а, луларчу мехкашка бахана а, дагалецамашка ца буьйлуш ца Iа нохчий.

Масала, кху шарахь Хаси-Юртахь а, ГIалгIайчохь а хIиттийнчу дагалецамийн митингашкахь а, конференцешкахь а хилира Нохчийчуьра дуккхаъ а бахархой.

Цундела башха цеволийла а дац, тахана Нохчийчохь 13 шарахь даймахках хьегнарш хьаха ца бича а, дайша олуш ма-хиллара, поп охьабужуш ца даьлла тата, боьжначул тIаьхьа долийла дуй?..

XS
SM
MD
LG