Советан пачхьалкхехь нахехь латтийна Iазап дуьйцуш йолу Александр Солженицынан "Архипелаг ГУЛАГ" книга Оьрсийчохь ара ца яьлла и язйина 20 шо даллалца, массо нахана санна, яздархошна а маршо йихкина хиларна. Тахана а ю иштта йийцаре ян йихкина йолу лазаме теманаш.
Маршо бохург - кхоллараллин стагана мел мехала хIума ду дуьйцу вевзаш волчу нохчий яздархочо, кинорежиссера Эльсанов Ислама.
Эльсанов Ислам:" Маршо - литературехь а искусствехь а волчу стеган хIаваъ ду. Маршо кIезиг мел хили а, болх бан паргIато кIезиг хуьлу."
Иштта, маршо нохчашна йихкина хиларо новкъарло йира яздархочунна, режиссерана Эльсанов Исламна ша дуьххьара фильм яьккхича, и массарна йовзийта а, ша юьхьаралаьцна режиссеран некъ кхиндIа дIакхехьа а.
Дерригенах моггIара:
Эльсанов Ислам вина Киргизехь, 1956-чу шарахь. Юкъара школа чекхъяьккхина Устрада-ГIалахь. Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан университетан 4-чу курсера юкъах а ваьлла, Москва-ГIалара Горькийн цIарах йолчу литературан институте деша вахна иза. Циггахь чекхъехира Ислама сценаристийн режиссёрийн лакхара курсаш а. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн книгийн издатетельствехь, радиохь а, Талламан институтехь а.
Эльсанов Исламан 2 гулар араяьлла: "Малх чубузуш"(I985), "ЦIегIачу декхнийн боьлак"(1989). Дуьххьарлера дийцар Ошаев Халидна гайта аьтто хилла цуьнан.
Университетехь доьшуш волуш, Iедало лураллехь латтош хиллачу литературан "Пхьармат" гуламан декъашхо хилла а ву Ислам.
Цуьнан йозанаш гочдина ду норвегин а, ингалсан а, францхойн а меттанашка.
Тахана нохчийн литературин хьал муха хета хьуна, аьлла хаьттира вай Эльсанов Исламе, цо иштта элира.
Эльсанов Ислам: "Таханалерчу нохчийн литературин хьал цхьа чIогIа генадаьлла кхиъна аьлла ца хета суна. 80-чу шерашкахь уггаре дикачу тIегIана тIехь яра вайн литература. Цу хенахь дика яздархой а, поэташ а гучубевлира..."
Ислама Нохчийчохь похIма долу яздархой а, поэташ а гучубевлира бохучу шерашкахь иза Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь болх беш вара. Цундела вай хаттар делира цуьнга, хьо Соьлжа-ГIалахь книгийн издательствехь редакторан болх беш волчу хенахь, хIун бехкамаш бара редакторо ларбан безаш, аьлла.
Эльсанов Ислам: "И бехкамаш хIетахь университетехь Iамош а бара, социализман реализм, коммунизман идея, бохуш. Амма и дерриге а ца хилча а, хIетахь яздархочуьнга язлора, цхьа ган а гуш дуьхьала ца хилчхьана...Иштта редакторо ша шена беш бехкамаш а бара цуьнан балхаца боьзна болу: арайолу хIума лакхара тIегIа долуш хилийтар..."
Москва-ГIалахь литературан институт яьккхина волуш, цигахь хьехарчо волчу цхьана яздархочо элира Исламе сценаристан дешар доьшуш цхьана шина шарна саца хIунда ца соцу хьо, аьлла. Делахь а, Ислам ша халкъах а, махках а хаьдда дукха хан ю, аьлла цIавирзира. Амма хенаца сценаристан дешарах йолу ойла нош а елла, юха а вахна и дешар дийшира цо.
Дипломан балхана яьккхина йолу Исламан дуьххьарлера фильм араяьлла 2001-чу шарахь. Оццу шарахь "Сталкер" цIе йолчу фестивалехь совгIат даларца билгал а яьккхира иза.
Оцу шерашкахь ерриге Оьрсийчохь Iедалша яржийна хиллачу нохчашка цабезаман ачоно, дерриге халкъана санна, новкъарло йира Эльсанов Исламан кхоллараллина а. ХIетахь Оьрсийчоьно нохчашца дIахьош хилла политика бахьнехь, Европан гайтамашкахь дакъалаца дихкира Исламан фильмана.
Цу дерригенах лаьцна дика дийцина шен эссехь "Нана" журналан нанас, байтанчас Куни Лулаа: "Берриге хааман гIирсаша нохчашна дуьхьала йолийначу фобино-ачоно йоккха лар йитира нохчашна тIехь. Муьлхха а нохчо Оьрсийчуьра бахархошна террорист хетара.
Нохчо, цуьнан политике хьежам мухха белахь а, Оьрсийчоьнан мичча маьIIехь цхьа а бакъо йоцу декъазхо вара. Иштта, Эльсанов Ислам хIетахь шен доьзалца Iаш хиллачу Москва-гIалахь "кавказан сибатхошца" лаьцна мостагIалла дара. ТIаккха Исламан тахана ша Iаш волчу Норвеге шен доьзалца дIаваха дийзира."
Цу дерригенах а, шен режиссеран некъах а Ислама ша иштта дийцира.
Эльсанов Ислам: "...Царна нохчийн тема ца езара. Оьрсийн кино йоккхийла лаьара царна. Амма суна принцип хетара сайна луъург яккха. Сан ницкъ а кхечира хIетахь и дан. Со цигахь доьшуш волуш Iедало хьийза а вора, со нохчо хилар бен кхин бахьана а доцуш. Цундела дIаваха дийзира сан. Иштта сан карьера юьйхира."
Хьайн дуьненан хьежамаша кхоллараллехь новкъарло йиний хьуна цкъа а, аьлла хаттар делира вай Исламе.
Эльсанов Ислам: "Дуьненан хьежамаша сан кхоллараллина а новкъарло йина. И цхьа хан яра хIетахь хьайна луърг яздан йиш йоцуш. Советан Iедалехь цхьа кеп яра лелон езаш, цхьана зепаршкара аравала йиш йоцуш."
"Маршо" боху дош мел мехала ду гойту вай динчу къамелехь йийцинчу Эльсанов Исламан кхоллараллин некъо а.
Маршо - тахана нохчийн къомана йихкинарг, шен дуьхьа уггаре дикачех къонахаша са дIаделларг, шен дуьхьа хийламмо хало Iийшинарг... Ткъа вайх хIораммо а цу маршонан дуьхьа мискъазарратал бахьана дича хир ярий те и вайн тIекхуьучу чкъурана мукъне а?
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832