Нагахь санна Оьрсийчоьно дуьненан юкъаралло шена тIедехкина декхарш кестачу хенахь кхочуш ца дахь, цунна дуьхьал экономикан санкцеш юккъейохург хиларх шеко яц – иштта лара мегар ду кхаари дийнахь Брюсселехь вовшахкхетта хиллачу дуьненан уггаре а кхиинчу ворхI пачхьалкхенан куьйгалхоша бина сацам.
„ГIирмина, низам а хьешош, йина йолу аннекси а, Оьрсийчоьно Украинехь дестабилизаци ярехь йохуш йолу гIулчаш а тIеэца йиш йолуш яц, сихонца сацон езаш а ю“, - аьлла яьздина саммит дIаяллачу тIаьхьа цуьнан декъашхоша зорбане даьккхинчу официала дIахьедарехь.
„Оьшуш хилахь, я гергарчу хенахь хуьлуш долчуо тхуна иза оьшуш хилар гайтахь, тхо кийча ду, адресца йолу санкцеш чIагIйан а, ткъа иштта, царел сов, Оьрсийчоьнна дуьхьал гIуданаш даха а, Оьрсийчоьнга ша лелочунах дуккхаъ безох мах балийтархьама“ - аьлла билгалдаьккхина цара.
Ткъа хIун декхарш ду уьш, Джи-7 тобан декъашхоша Кремлана хьалха хIиттийнарш?
Уьш, терахьашца дагардича, диъ ду. Уггаре а царех хьалхарниг: стигалкъекъа беттан 25-чохь Украинехь дIабаьхьана болу президентан харжамаш а, цигахь толам баьккхина Порошенко Петр а къобалварца тIеэцар ду.
Цул тIаьхьа, саммитан декъашхоша кхойкху Кремле Украине, уггаре а хьалха цуьнан малхбале, Оьрсийчуьра чу кхоьхьуш долу герзаш сацадаре. Кхозлахчохь Оьрсийчоь декхаре еш ю, шен массо а эскарш Украинин дозанна уллора юхадаха. Ткъа деазлахчохь Кремл ша шена Европе газ латторехь тIеэцна долу декхарш кхочушдаре кхойкхуш ю.
Саммит дIайолаялле Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яхар цигахь дийцаре дийр долуш дац аьлла журналисташка дIахьедар дина йолчу Германин канцлера Меркел Ангелас, шаьш тIеэцна болу сацамаш кхетош, кхаари сарахь кхечу агIор дийцира.
„Нагахь санна Оьрсийчоьно саммитехь билгалдаьхна тIедожорш кхочуш ца дахь, санкцийн кхозлаха гуо дIаболор хиларх шеко яц“, - элира цуо. Бакъду, уьш, и санкцеш, дуьненан юкъаралло цхьа барт болуш, юкъахь тIеэца езаш ю, хIора пачхьалкхено шег-шегара гIулчаш а ца йохуш, аьлла.
Кхин цхьа хIума а билгалдаьккхина саммитехь. КесталгIа Малхбузено цхьа лерина конференци вовшахтухур ю, Украинин экономикана гIо дан луучу донор-пачхьалкхаш декъа а йолуш. Еврокомиссин куьйгалхочуо Барозу Жозе Мануэла тIечIагIдира, Евробарт цу кепарчу конференци тIехь болх беш хилар. Карара шо довш дIаяхьа леринчу цу конференцин кечам барна цхьаьнакхетар товбеца бутт болалуш дIадахьа мегаш ду.
Ала догIу, и тайпа Украинина гIодан кийча йолчу пачхьалкхийн конференци дIаяхьа езаш хилар дуьххьара зазадоккху баттахь дийцаре даьккхира Малхбузехь, Еврокомиссино Киевна хьалхара гIо, II миллиард евро меха долу, дечу муьрехь. Гергарчу хенахь Дуьненаюкъарчу валютийн фондо а ду цу пачхьалкхана I2 миллиард евро кредит дала лерина.
Цу юкъана Джи-7 саммите ца ваийтина волу Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир еари сарахь Франце веъна, цигахь шозлаха дуьненан тIом дIаберзарна леринчу даздаршкахь дакъалаца. Цу тIамехь толам баьккхинчу пачхьалкхех цхьаъ Оьрсийчоь, я, аьлча а, хIетахьлера Советийн пачхьалкхе, хиларна, Кремлан гIентан да Норманди ца ваийтича ца волуш, амма варна цхьаннан а самукъа ца долуш волу хьаша хилла дIахIоьттина.
Европерчу хаамийн гIирсаша кху тIаьхьарчу деношкахь хаддаза дийцаре деш ма-хиллара, Путин Владимирна ша варе сатессина цхьа а ца хиллийла гойтуш долу шийла хьошалла дан кийча бу цу даздаршка гулбелла болу кхин болу Малхбузерчу пачхьалкхийн куьйгалхой. Бакъду, ша Кремлан лаккхарчу гIентан дас, шен сонтачу леларца вевзаш волу, цу кепарчу хьошаллийна дуьхьал хIун доккхур ду цкъачунна ала хала ду.