КъурIан дагорна лаьцначунна йеттина волу шен кIант хастийна Кадыровс, дIабохорах лаьцна дуьйцу книга йемалйина Нохчийчуьрчу Iедало, Чимаев Хьамзат Эмираташка дIавахана – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 30-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Тутмакхна йеттарна шен кIант хастийна Кадыровс
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хастийна шен I5 шо долу кIант Адам, КъурIан дагорна лаьцна латтош волчу 19 шо долчу Журавель Никитина цо йеттарна. Амма аьхка йиттина хиллера Кадыров Адама тутмакхна – Соьлжа-ГIаларчу СИЗО иза схьавалийча. Журналисташа а, аналитикаша а бахарехь, и видео арахецаран хан тамашена йу. Марсхьокху-баттахь хилла долчу ницкъбарх йолу видео Кадыровн телеграм-каналехь гезгмашин-беттан 25-хь бен бен ца гайтира. Иза хилира Нохчийчоьнан куьйгалхо могушалла эшна ву бохучу йукъанна.
Видеоно шуьйра резонанс гIаттийра. Кадыровн каналехь и пост гучуйаьлча телехьожийлан белхахочо Собчак Ксенияс йемалдина лаьцначунна тIехь ницкъбар. ТIаьхьо цо дIахьедира, 40 минотехь къамел хилла шен Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца. Собчака бахарехь, “дийна, могуш волчу” Кадыровс ца магийна шен доьзалх лаьцна йаздан, иштта хьехна шена политико бохура, низам лардаран органашка латкъам бар, йа пикете йалар. Пикете Собчак ца йелира - йеккъа цхьа урамехь акци хIоттийра Санкт-Петербурган Дворцован майданехь меттигерчу вахархочо Сиделев Алексейс.
Кадыров Рамзанан хьал чолхе ду, и Москварчу дарбанан цIийнахь Iуьллуш ву бохучу керланашна йуккъехула Собчака дIахьединчо кхин а дукха хаттарш кхоьллира. Кху подкастана лерина цунна комментари йо политолого Приображенский Ивана.
«Иза Кадыров Рамзанан могшаллина тIера тидам дIабоккху пропагандистийн леррина операци санна гуш йу. Цуьнан могушаллица долу хьал чолхе мел хуьлу а, Оьрсийчоьнан ницкъахошна а, нохчийн тIемалошна а, кхинйолчу тобанашна йуккъехь къийсарш жигара мел довлу а, кхин а чIогIа и гIуллакх хьулдан гIертар бу уьш.
Шира видео гучуйолу, массара а тоххара бийцина баьлла болчу хаамех. Со тешна ву, цхьа а стаг ишта а шеконехь вацара, Кадыров Рамзанан кIанта СИЗО-хь цхьанна йиттина хиларх. Амма цара и хиламах дуьйцу хIинца а. Верриг пропагандхо цIаьххьана сама а волий, Нохчийчуьрчу СИЗО-хь хьанна йетташ йу те, бохуш сагаттадан волало. Амма массо а кхеташ ву, Нохчийчуьрчу СИЗО-хь йиттина а ца Iаш, вен а воь стаг, цигахь иттанаш ЛГБТ нахах бу бохурш доьза байна.
ТIаккха оцу тобанна йукъа кхета кхин а говза пропагандхой, масала, Собчак Ксения – шовзткъа минотехь, цо бахарехь, Кадыров Рамзанаца къамел дина йолу. Суна коьрте догIу, Собчак Ксения – иза мэр лаьттинчу Собчакан йоI хилар. Шен хенахь таханлерчу Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора хадеш хилла стаг ву иза. Золотов Кадыров Рамзанан воккха доттагI ву. Иштта цуьнан доттагI йу Канделаки Тина а, шен хенахь Кадыров Рамзанна пиар йеш лелла йолу”.
КъурIан дагорна шеконашкахь волу Волгоградан вахархо Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна хилла цо иза, 10 эзар сом лур ду шена аьлча. Журавелан гIуллакх Нохчийчу дIаделира, хIунда аьлча, Талламан комитето кхеторехь, шаьш "зен хилларш лара бохуш дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна".
Марсхьокху-баттахь дуьххьара хиира Кадыров Адама Нохчийчу валийначунна йеттарх - хIетахь республикерчу пачхьалкхан зорбанаша Журавелан цIарх йазбина латкъам арахийцира. ХIетахь Кадыровн гонарчу наха - хIинца санна - къобалдира ницкъбар.
Куьйгашца, когашца тутмакхна йеттар гойтучу видеоно оьгIазе бира депутаташ, йукъараллин гIуллакххой, политологаш, бевзаш болу журналисташ – Кремлна оппозицехь берш а, Iедалехьа берш а. "Яблоко" партин федералан кхеташонан декъашхочо, Псковерчу депутатийн кхеташонийн экс-депутата Шлосберг Лева Кадыровс хIоттийначу постана комментари йеш дIахьедира: Нохчийчоьнан куьйгалхочунна республика "йозуш йоцуш" хета аьлла. Iедалехьа волчу политолого Марков Сергейс аьлла, "Кадыров Рамзанан могушалла ледара йу боху хаамаш бицбайтархьама" оьшуш хилла и видео арахецар.
Кадыров Адам – кхиазхо ву. Оьрсийчохь 14-16 шераш долу кхиазхой Бехктакхаман кодексан цхьахйолчу артиклашца бен кхеле оза йиш йац. Журавельца долчу хьолехь царех шиъ йогIу – хаа хууш могушаллина чолхе а, йуккъерчу барамехь чолхе а зен дарна. Низамца а догIуш, судмедэкспертизо билгалдоккху хилла зен. Иза дIахьур йуй – хууш дац.
Йоккха резонанс хиллашехь, оьрсийн низам лардаран органаша реакци ца йира. Ткъа Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векалйина йолу Москалькова Татьяна, Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан хьалханча Фадеев Валерий а ца хIоьттира и хилам йемалбан. Низам лардаран органаша хIинца а гуш-хезаш реакци йина йац. Путин Владимиран пресс-секретарь шозза дуьхьал хилира видеона комментари йан.
Историн керла книга а, Нохчийчуьра реакци а
Путинан гIоьнча волу, хьалхо культуран министр лаьттинчу Мединский Владимиран арахецарца йолчу керлачу историн книгин йерриг зорба йухаэцна Нохчийчохь. Сталинан Iедало йинчу депортацех дуьйцучехь "Оккупантийн гIоьнчаш" аьлла къаьмнаш билгалдахар дара цуьнан бахьана. Цу тIехь дуьйцура нохчаша Гитлеран Германин оккупантийн эскарца "йукъаметтиг лелоран тоьшаллех". "Вайн пачхьалкхехь къаьмнаш сийсаздан бакъо йац", – ишта комментари йира книгаш дIайахарх республикан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада, амма тIаьхьо Кремлана критика йен дакъа дIадаьккхира цо.
Даудовс хийцинчу хаамера къайладелира школашкара книгаш дIайаьхна бохург а, иштта сийсазалла лело мегар цахиларх долу йозанаш. Даудовс бахарехь, "хьалхалерчу книги тIера хийцам ца беш схьаэцна хиллера и дакъа", аьлла хиллачух кхетийна Мединскийс. Иштта аьлла цо, и нисйан шаьш кийча ду". Маца, муьлхачу кепехь хуьйцур йу книга – хууш дац. Кху подкастана лерина оцу хьолах лаьцна дуьйцу историко Вачагаев Майрбека.
"Масала, немцошна гIо дан, йа цаьргхьа уьш хила, и немцой чу бахка безаш бара, уггар хьалха Нохчийчу. Масала, уьш Нохчийчу баьхкина бац, уьш Нохчийн махкахь хилла а бац, вайн дайшна уьш буьйцуш бен гина нах бац, хIунда аьлча, уьш чубаьхкина ца хилча цаьрца цхьанна а кепара йукъаметтиг лелайойла дац.
Иза бакъ дац, цуьнан бух бац, Оьрсийчохь болх бечу цхьаьна а историко олуш Iедал дац иза, хIунда аьлча, иза бакъ ца хиларна. Амма кхин къаьмнаш, кхарачой а кхинарш а, немцойн куьйга бухахь хилла ду, амма цхьаннан а бакъо йац цара кхечарал совнаха хIума дина ала.
Тахана иза карзахдаккхар цхьа бахьана ду, Украинехь боьдуш тIом бу, оцу тIамна йуккъехула царна гайта лаьа, шаьш чIогIа пачхьалкх хилар а, шаьш шайна луург чекхдоккхуш хилар а.
Цхьадолчу къаьмнашна оьрсаша тIехдеттарг хIун ду? Жима къаьмнаш хIунда дахийтина оцу тIаме? Масала, Кавказера къаьмнаш ду, Астраханера хуьлда иза, йа Волгоградера хуьлда иза, йа Бурятера. Ишта долу къамнаш хIунда дохуьйту цига, царна йуккъехь баларш алсамо а ду кхечарел а. Цундела царна дуьхьало йархьама тIехтухуш дина ду аьлла а хета суна иза. ХIунда аьлча: хьовсийша, аша хьалха тIом болчу хенахь хIара динера, тахана аша [тхоьгхьа] тIом барх цхьа а хIумма а дац, аьлла Iоттар йеш санна дина хIума ду иза".
Цул сов, Путин Владимиро 25 шарахь гергга пачхьалкхана куьйгалла дарх а, "лерринчу тIеман операцин" бахьанех дуьйцуш а керла дакъош ду книгехь. Ишта олу Оьрсийчохь Украинерчу тIамех. Цул сов, книги тIехь хийцина дуккха а дакъош, царах цхьаъ – Нохчийчуьрчу тIамех ду. ХIинца Оьрсийчурчу дешархошна Iамадо, Ичкерин йозуш цахилар къуьйсуш берш зуламхой а, радикалан исламисташ а бара бохуш – шайна тIехьа лаьтташ «Малхбузе» а йолуш.
Кремлан пропагандо гуттара а дуьйцург ду иза. Къилбаседа Кавказерчу цхьамогIа йукъаралхоша йемалйира керла книга – бахьана хилира, лакхахь хьахийна долу дакъа – гIалмакхоша, нохчаша, гIайгIайша, балкхароша, гIирман гIезалоша а нацисташца йукъаметтигаш лелийнера бохуш чулацам болуш. Зорбанашкахь жигархоша дечу дIахьедаршкахь билгалдоккху, книги тIехь харцдерг дуьйцуш хилар а, дIабохорах чеккхдевлла къаьмнаш сийсаздеш хилар а.
"Набахтин джамаIаташна" тIехула кхелаш
Ростоверчу кхело виъ дагестанхо бехкевина террорхойн цхьанакхетараллехь дакъа лацарна – цара хан токхуш хиллачу Ново-Тюбин набахтехь дина боху кхело и зуламаш. 18 тIера 24 шаре кхачалц хенаш йиттина царна. Цунах лаьцна дийцина Кавказ.Реалиин сайте кхелана уллорчу хьасто.
ХIинжа-ГIалин вахархочунна Магомедов Расулна 24 шо тоьхна, террорхойн цхьанакхетараллин хьалханча вара аьлла, дийцина хьасто. Декъашхой хилла бохучу Б. Кукуевна, А.Мириевна и М.Исрапиловна 18 тIера 19 кхачалц хенаш кхайкхийна.
Тайп-тайпанчу хенашкахь Дагестанерчу Ново-Тюбе олучу меттерчу набахтехь хенаш текхна бу и нах, тIаккха ФСБ-н белхахоша лецира уьш 202I шарахь. Талламхоша чIагIдо, "джамаIат" 20I3 шарахь кхоьллина Касумов Мохьмад бохучу цхьана стага.
Цхьанатохараллин куьйгалхой терроризм кхайкхош лелла боху талламхоша, масала, Iедалан белхахошна тIелатар хьоьхуш. "Набахтин джамаIатан" гIуллакхехула 40 стаге кховдийна бехкаш.
Оцу колонехь хьалхо латтийначо дийцарехь, ФБС-н белхахоша и нах Iазапехь латторца йаьхна цаьрга къера хуьлуш кийтарлонаш, тIаккха оцу бух тIехь долийна "террорхойн" джамаIат кхоьллина боху гIуллакх.
Цул сов, Ростоверчу кхело Къилбаседа Кавказера йалх вахархо бехке лаьрра терроризмана пропаганда йарна, 5 тIера 8 шаре кхачалц хенаш тухуш. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцина кхелана уллорчу хьасто. Сацамца а догIуш, ГIалмакхойчуьрчу набахтехь кхоьллина йолчу "Исламан пачхьалкхан" тобанна йукъабогIуш хиллера уьш – оцу набахтехь хьалхо хан текхнера цара.
Оцу артиклашкахула бехкаш бехкина волчу СИЗО чохь латточух цхьамма Рамазанов Магомедалис бахарехь, и гIуллакх дерриг харц бух тIехь долийна ду, ша оцу "набахтин джамаIатехь" дакъа лаьцна хилар, йа ур-атталла и "тоба" оцу набахтехь хилар а бакъ дац боху цо.
Чимаев Хьамзат Эмираташка дIавахана
Иэдинчу латаршкара шведхойн латархо, Нохчийчуьра схьаваьлла Чимаев Хьамзат Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташка дIавахана, хIинца Швецин байракхца хир вац иза летаршкахь, дийцина SVT канало цуьнан менеджерна Шаммас Маьхьдина тIетевжаш.
"И дIавахана, хIинца шведхо вац иза", – алла Шаммасо. Чимаевс шен инстаграмехь дIахьедира, ша хIинца “Ахмат” клубехь хиларх. Уггар дика клуб йу иза, баркал олу сагатдечарна, йаздина цо Кадыров Рамзанаца цхьаьна даьккхинчу суьрта кIелахь.
Чимаев Нохчийчохь вина ву, шен 18 шо долуш Швеце дIавахара иза. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца гергарло лелорна масийттаза критика йора цунна. “Чимаев Кадыров санна болчу нахаца йукъаметтигаш лелош валахь, тIаккха цуьнан шен а ду цIийх дуьзна куьйгаш”, - аьлла UFC-н вевзаш волчу латархочо Блахович Яна.
Кадыровца йолчу шен йукъаметтигех ша Чимаевс дийцира. "Швецехь эла ма ву, вуй? Элано шеца кхачанах кхета аьлча ас иза дийр ду. Элаца ларам хир бу сан. Кадыров сан республикан президент ву, са цуьнга ларам бу", - аьлла цо шведхойн "Expressen" гIирсе.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий Iамабора Чимаевс Iай, I6 шо долчу Кадыров Элица хиллера уьш Тайландехь Iаморашкахь. Масех иттанаш цхьана даьхна суьрташ хIиттийра цара социалан машанашка.
Иэдинчу летаршкахь 12-зза хилла Чимаевн тасвалар – 12-зза толам баьккхина цо. РогIера цуьнан латар гIадужу-беттан 21-хь хир ду Коста Паулаца UFC-н 294-чу къовсамехь. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн байракхна кIелахь цуьнан дуьххьара летарш хир ду уьш.
Мусаева Зарема СИЗО-ра колоне хьажийна
Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхело пхеа шарна набахте хьажийна йолу Мусаева Зарема Соьлжа-ГIаларчу № I СИЗО чуьра Устрада-ГIаларчу № 3 йолчу колони-поселени дехьа йаьккхина, цигахь цуьнга хан такхийта. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцина адвоката Савин Александра. 2023 шеран товбеца-беттан 4-хь туьйхира Мусаевина набахтехь даккха пхи шо, ахшо – хьарамлонаш лелорна а, Iедалан белхахочунна ницкъбарна а бохучу артиклашкахула бехкейина.
Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелера Соьлжа-ГIалин кIоштан кхеле дIаделла Мусаевин гIуллакх. Кассацин латкъам хьажорна кечам беш адвокаташ оцу кехаташка хьовса беза. Мусаева а, цуьнан адвокаташ а и сацам къовса дагахь бу.
Мусаева Зарема – бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, IADAT телеграм-каналаца воьзна волчу шина оппозицихочунна Янгулбаев ИбрахIиман, Байсангуран а нана йу. Бакъоларйархошна политикан бух тIехь долийна хета Мусаевин гIуллакх, адвокаташа масийттаза дIахьедира, гIуллакхехула талламхоша харцо лелош хиларх.
Дагадоуьйту, дечкен-беттан 20-хь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу йукъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира иза.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: