Нохчийн эвлахь стаг вен хила тарлун бахьанаш; Нохчийчохь ницкъбина стаг махкара дIавахар; Къилбаседа Кавказера мухIажарш дIа ма ло аьлла бакъоларйархоша бина кхайкхам; Кадыровгахьа ша вуй дIахаийтинчу латархочунна критика йар – цунах а, и доцчух а ладогIа таро йу шун Маршо Радион 46-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Нохчийчуьра Воскресеновское эвлахь стаг вийна
55 шо долу Гакаев Iабдурахьим вийна Нохчийчуьра Воскресеновское эвлахь. ТIелеттачо зулам дина беран бIаьгашна хьалха, ша дийриг видео тIе дIа а йаздеш. Оцу сохьта хаамийн гIирсашкахь даьржира "чIир йекхна" аьлла.
Дечкен-беттан 14-чохь дийнахь Гуьмсера 30 шо долу вахархо тIелетира шена вевзаш волчу стагана цуьнан керта а вахана, урс диттира цо цунна дукхазза; бахьана дара боху шен цуьнца хилла "гамо". Талламан комитето йовзийтина иштта верси.
Дукха ца Iаш стаг вийна цо аьлла, шеконашца лецира 30 шо долу Шамурзаев Турпал-Iела – цуьнан сурт а, иза лацарах хаам а зорбане хIоттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ТIечIагIбазчу хаамашца, Шамурзаев синIаткъаман лазар шеца долуш ву, йеххачу заманчохь психиатрашна а, кеп-кепарчу молланашна а тIе лелла ву иза дарбанна. Телеграм-каналаша йаздарехь, цхьаммо шена сардам боьллина аьлла хеташ хилла цунна, 2012-чу шарахь Дагестанера гоьваьллачу дарбанчана тIевахна а хилла иза.
Важа "холмачхо" ву аьлла хезна, Шамурзаев веана хилла имам Гакаев Iабдурахьим волчу, вукхо цхьацца жайнаш делла а хилла цунна. Бусалба дино жайнаш дахар магош доцу дела, Шамурзаевн Iалашо хилла имамана бекхам бан.
Воскресеновскон йуьртдас тIечIагIдина, хьалхо Гакаев билггал имам хилар, амма воцу а дуккха а хан йу аьлла. Йуьртахь вехаш хиллера иза, диъ бер а кхиош шен шолгIачу хIусамненаца, ткъа кхечу кIоштахь дуьххьара йалийна зуда а хилла цуьнан.
Иштта дуьйцу оцу хиллачух Европерчу "Цхьааллин ницкъ" нохчийн боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата: "Видео тIехь волу стаг синIаткъаман лазарца волчух тера ду. Цо боху, шена вас йинчунна бекхам бина ша, кхин а шиъ ву боху шен хьагI йолуш, цаьрца йистйаккха хан ло шена бохуш, дехар до цо Кадыровга. Цул тIаьхьа цунна муьтIахь, тешаме, муьлхха а цо тIедиллинарг кхочушдан а кийча хир ву ша боху цо".
Бехкехетарг лаьцна аьлла, хаамаш баьржинчул тIаьхьа, цуьнан гергарчу наха видео дIайазйира. Цу тIехь чIир йу бохург бакъ дац элира цара, иштта шайна гечдар дийхира вийначун цIийнах болчу нахе.
Хьалхо Нохчийчуьра Iедалхоша кхайкхамбора мехкан бахархошка чIир йекхар дитахьара бохуш: 2010-чу шарера схьа дуьйна Динан урхалла коьртехь а йолуш Нохчийчохь вовшахтоьхна маслаIат ден леррина комисси. 2022-чу шарахь муфтиятехь дIахьедира 58 доьзална йукъахь барт барх, делахь а, маслаIат дечу декъашхойн тоьшаллашца, бертаза нисло куьйгебахийтар.
Оцу йукъанна регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а кест-кеста чIир кхайкхайо шайн оппоненташна. ТIаьххьарчех ду 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украинехьа тIемаш бечу Нохчийчоьнан маршонан агIончашка дина дIахьедар.
Курганера колонихь мацалла кхайкхийна кавказхоша
Курганан кIоштара номер 2 йолчу колонихь бусалбанаша, иштта Къилбаседа Кавказера схьабевллачара а цхьаьна, мацалла кхайкхийна. Динан литература дIа а йоккхуш, талламаш бинчул тIаьхьа хилла хIума ду и. Делах тешачийн дог-ойла сийсазйина бохуш, дIахьедо цара. Цунах лаьцна дийцина Дагестанера тутмакхо Муртазалиев Омара бакъоалрйаран Gulagu net проекте.
"Тхоьгара сурсаташ а, тхан цхьацца хIуманаш а дIайаьхна, питана дан ФСИН-ра спецназ йалийнера. Тхоьгара жайнаш, КъорIанаш дIадаьхна, КъорIан цкъа стоьл тIе охьатесира цара, йуха лаьтта. Цара йетта а йиттира, тхо карзахдохуш хIуманаш лелийра", - дуьйцу видео тIехь Муртазалиевс.
Тутмакхо билгалдаьккхира, дечкен-беттан 11-чу дийнахь шайгара хIуманаш схьайаьхчхьана, бусалбанаша мацалла йу латтош, ФСИН-о уьш йухайаллалц аьлла.
Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь Gulagu net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира дийцира, проекте бинчу хаамехь чIагIдеш, 20 сов чохь латточу тутмакхна йиттира аьлла. Иштта 20 сов хаам кхечира, бохура цо, Дагестанера тутмакхийн гергарчаьргара, колонин администрацино динчунна оьгIазбаханера уьш, кхунах лаций даржаде а элира.
Муртазалиев Омар, Магомедов Ислам, Дингаев Мурад, Фезлиев Ислам, Лабазанов Шуайбу, Караханов Эдгар, Мусаев Магомед лецира 2017-чу шеран зазадокху-бутт бовш. Талламан версица, дуьненайукъарчу терроран ДаIиш тобанна ваIда дина хиллера цара, оцу бахьанашца ХIинжа-ГIаларчу Советский кIоштан кхело 10 а, 11 а шерашна хенаш йиттина царна набахтехь йаккха. Йуьхьанца бехкаш тIелоцуш куьйгаш йаздира цара, амма тIаьхьо дIахьедира, нуьцкъаша йаздайтинера шайга аьлла.
2018-чу шарахь бакъонашларйаран "Мемориал" центерхь дIайаьхьначу пресс-конференцихь тутмакхийн наноша, шайлахь Муртазалиев Омаран нана а йолуш, дIахьедира, Iазапаш хьегийтина хиларх.
Amnesty International-о доьху Кавказера мухIажарш дIа ма ло аьлла
Европан пачхьалкхийн Iедалхоша катоьхна сацон деза Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсор, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а. Оцу тайпа кхайкхам бина бакъоларйаран Amnesty International организацино.
Хорватин, Францин, Германин, Польшин, Румынин Iедалхоша хIинцале а шайн мехкашкара арабаьхна, Iедалхойн репрессех бевдда тховкIело йоьхуш хилла Къилбаседа Кавказера бахархой. Динан, йа къоман билгалонашца оцу нахах дукхахболчарна "кхераме экстремист" олий, цIе кхуллу.
Зорбане даьккхинчу документан чулацамехь йаздо, Къилбаседа Кавказера арабевллачу нехан хьал тишделла догIу тIаьххьарчу заманчохь, Оьрсийчуьра бакъонан стандарташ эгначул тIаьхьа. И нах бертаза лоьцу, тIепаза бойу. Европан пачхьалкхашка кхаьчначу цаьрга "йукъараллина кхерам" латточу нахе санна хьуьйсу, цундела шайн махкаара арабоху уьш, йа Оьрсийчоьнан кара ло.
Къилбаседа Кавказера адамийн бакъонашца долу хьал ледара ду, къаьсттина Нохчийчохь, билгалдоккху Amnesty International организацино шен хаамехь. Бакъоларйарехь жигаралла гайтина муьлхха а ЛГБТИ-йукъараллин декъашхо волуш санна тIеоьцу, цунна тIаьхьабовла тарло.
Кадыров а, спортхой а
Канадехь веха боксан дуьненан чемпион Бетербиев Артур вистхтилла Кадыров Рамзанна гIортор йеш. Латарш дирзинчул тIаьхьа "Ахмат-сила", Нохчийчоьнан куьйгалхо "чемпион" ву элира цо. И дешнаш бахьана долуш Канадера Украинан векалалло критика йина Бетербиевна.
Киевн дипломаташа дагадоуьйту, Кадыров Канадин, иштта Американ Цхьанатоьхначу Штатийн а, Британин а санкцешна бухахь хилар а, "Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийна къиза тIом" цо къобалбар а. Бетербиевн вистхиларо тоьшалла до, Оьрсийчоьнан спортсменашлахь "политикан нейтралитет" цахилар, билгалдоккху векалтан хаамехь.
Тоххара а хоуьйтура боксхочо Бетербиев Артура ша Кадыровгахьа хилар. Нохчийчу а лесташ, цуьнгара деза совгIаташ схьаоьцура цо. Соьлжа-ГIалин сий долу вахархо а вира цунах Кадыровс.
Нохчийн куьйгалхочо даим а пайдаоьцу спортхойх ша шена пиар йархьама а, шен культ чIагIйархьама а. Масала, хьалхо Нохчийчоьнан урхалхочуьнца шайн доттагIалла хиларх дIахьедира UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата а, ийначу кепехь латархочо Тайсумов Майрбека а, кхинболчара а. Массарна а гуш-хезаш Кадыровн рожана тIетарна Европан пачхьалкхаша критика йира царна.
Оцу кепара гIортор йарх шена хетарг элира Кавказ толлучу, бозуш боцу талламаш бечу "Стратегин анализан Центр", "Йуккъерчу Европан Институт" йукъараллин эксперто Баранец Томаша: "Спортхо – иза уггар хьалха спортаца ойла йолу адам ду. Оцу нехан бала ца хуьлу адамийн бакъонашца долчу хеттаршца, уьш царех, йа церан доьзалех хьакхалуш дацахь.
Цу кепарчу стагана, иза дозанал арахьа вехаш велахь а, махкарчу рожаца дика йукъаметтигаш хилар гIолехь ду. Хьо спортхо велахь а, хьуна и раж йезаш йацахь а, хьо махкал арахьа вехаш велахь а, хьуна оьшуш дац оцу Iедалца девне вийлар, хIунда аьлча, хьан цигахь [бехаш] доьзал бу. Хьуна ца лаьа хьай доьзална бале вала, хьуна ца лаьа, хьо бахьана долуш царна хьовзам баккха а".
Нохчийчохь Iазапаш лайнарг Оьрсийчуьра дIавахна
Божаршца уьйраш хилла аьлла лаьцна, гIело хьегийтинчу Соьлжа-ГIалара Дадаев Ризванан аьтто хилла пачхьалкхера дIаваха. Цунах лаьцна хаамбина кризисан "СК SOS" тобано, цуьнан белхахоша гIо дина Дадаевна Оьрсийчуьра араволуш.
2023-чу шеран дечкен-баттахь волайнхочун доттагI зIене ваьлла хиллера бакъоларйархошца, цунна гIо дахьара аьлла. Дадаев Оьрсийчуьра араваккха ницкъ кхаьчна: карарчу хенахь Европехь ву иза.
"Со дика Iаш ву, суна са гатдинчу хIоранна а баркалла", аьлла цо.
2022-чу шарахь йаржийра Дадаев тIехь волуш видео, цу тIехь муьлш бу цахуучу наха божаршца гергарло ду шен олуьйту цуьнга. "СК SOS" тобано хаамбо, курхалчаш хиллера и "кепаш хIиттон" видео йаьккхинарг – интернетехь и нахала ца йоккхург ахча дехна а хиллера цуьнгара. Дадаев а, видео йаьккхина нах а лецира полисхоша.
Эхашарахь Соьлжа-ГIаларчу полицин декъан ларми чохь латтийнера Дадаев, йетташ, ницкъбеш. Цо дийцина, шега гIело хьегийтинчарлахь Кадыров Рамзанан герагара волу, Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Айдамиров Дени вара аьлла.
Цул тIаьхьа Дадаев дIахийицира – бакъоларйархойн гIоьнца а, иштта лачкъийначун гергарчара бахарехь "дош лела цхьа стаг" йукъагIортарна а.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: