Пхи бIе полисхо ву Мюнхенера кхелан кхерч ларъеш, ши бIе сов журналист ву, доллучу дуьнентIерачу хаамийн гIирсашкара, цу кхелах лаьцна дийца гулвелла немцойн Баварин лаьттан коьртачу шахьарехь. Тамашийна а дац. ШозлагIа дуьненан тIом дIабаьллачул тIаьхьа оццу Баварехь Iуьллучу Нюрнберг гIалахь хилла цIарна цIеяхна фашистийн куьйгалхошна тIехь дIаяьхьана хилла процесс дIайирзичахьана хIинцалераниг уггаре а йоккха а, IалагIоже а кхел ю, нацистийн хьежамаш болчу нахана тIехь Германехь хиллачех.
Пхи стаг ву лийцинцеран гIенташ тIехь Iаш. Неонацийн тобан баьчча хилла йолу Чепе Беатий, цуьнан виъ гIоьнчий. Кхин шиъ зуламхо, цу тобанехь мехала дакъа лоцуш хилла волу, - Мундлоз Увей, иза Беатин тIехьийха кIант хилла, иштта Бернхард Увей, шаьш лацар герга гIоьртинийла кхеттачул тIаьхьа, шаьш шайна тоьхна веллера.
„Цвикау гIалара террорхой“ аьлла журналисташа цIе тиллина хиллачу зуламхоша, шаьш талораш динчу итт шарахь итт стаг вийнера, царех бархI стаг бусулба вара, туркойн къомах а волуш, цхьаъ Грецера вара, ткъа итталгIаниг меттигерачу полицин белхахо яра, дагалацам боцуш зуламхойн новкъахь нисъелла йолу. Иштта цара Германи мел ю банкашкахь а, туьканшкахь а къоланаш динера, герзаца тIе а леташ.
Ша Чепе Беате, иза тобан баьчча хиллехь а, амма цхьа а вуьйш шен куьйгашца декъа хилла яц. Бакъду, иза хIетте а нах байъарна бехке лоруш ю талламхоша, хIунда аьлча, церан шеко яц, и зуда кхечу кхоман а, динан а векалшца сел гома а, цабезаме а ца хиллехь,и тайпа къиза зуламаш данне а дина хир дацара неонацин тобано.
Цу зуламечу вовшахкетареллехь Чепе Беате уггаре а мехала болх беш хилла, масала, машенашна аренда еш, харц кехаташ Iалашдеш, герз оьцуш а. И дерриге а кхело тидаме эцахь, 38 шо долчу Чепена елла дIаяллалца набахтехь яккха хан тоха декар ду, хенал хьалха араяла бакъо а йоцуш.
Бакъду, Чепе Беатин зуламе энерги еккъа ша хилла ца Iа итт шарахь сов Германехь дийна цхьана неонацистийн тобан, новкъа -нацкъар хIума а доцуш, шен талораш деш пачхьалкхе мел ю паргIат дIаса а лелаш, кхиа а, яржа а кадаларан бахьана. Цу тобан леламаша дуккха а хаттарш кхоьллина хIинцале а журналистийн гуонашкахь а, юкъараллехь. Муха хила йиш яра и саннарг, Iедална а, къайлахчу сервисхошна а ца хууш? - боху хаттар ду лурчаха и тоба гучуяьлча дуьйна схьа юкъаралло дийцаре деш дерг.
Хиллий теша немцойн къайлахчу сервисийн белхахой цу зуламашна бIаьргаш хьаббийна Iаш я хиллане а церан декъа? Аьтто-радикалан зуламхойн леламаш талларехь сел бIаьрзе немцойн полисхой хиларан хIун бахьана дара теша? Дуккхаъчу меттигерачу тергамхошна а, журналисташна а хетарехь, меттигера Iедалхой, немцоша ма-аллара, „аьтто бIаьргана бIаьрзе хилла“.
И бохург ду, цу хьукматашкахь шорта болчух тера ду къайлаха неонацийн хьежамаш боькъуш берш, цара деш долу талораш „хийрачарна“ дуьхьал деш мел ду уьш башха новкъа ца лоруш берш.
И хIума гIарадаьллачул тIаьхьа дийна цхьа могIа немцойн къайлахчу сервисийн куьйгаллера нах шайн даржех буьйхира. Ткъа даханчу шарахь Потсдамехь дIадаьхьанчу неонацийн закъалташ хиллачу нахана леринчу цхьанакхетараллехь дакъалоцуш хиллачу немцойн канцлера Меркель Ангелас къинтIера довлар дийхира, байъинчеран доьзалшка. Шен урхалло шайн карахь дерг дерриге а дийр ду, элира цуо, цу зуламийн декъа хилларш массо а кхеле озорхьама.
И цуо делла дош кхочуш дийр дуй те бохучунах шекбара оршот дийнахь кхел йолалуш цуьнан бертехь оьгIазлонан акци дIаяьхьана болу туркойн диаспорин векалш. „Iедална а ца хууш оццул нах муха байъабеллера цаьрга?“ боху хаттар тIехь долу транспаранташ каралаьцнера цара. Кхел ларъечу Iедалхошний, дуьхьало ечарний юкъехь Iоттабаккхам а хилира. Шаьш кхелан гIишлонна хьалхара полисхоша дIабуьгучу хенахь дуьхалончаша мохь биттира, „Немцойн полисхой- фашистийн гIоьнчаш бу“ бохуш.