ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна бен карор йоцу урамийн цIерш


Нохчийчоь.
Нохчийчоь.

Ичкерин Iедало махкарчу урамашна техкина ерриг аьлча санна цIерш хийцина тахана.

Урамийн а, цхьайолчу яртийн а цIерш дукхачу декъана хьалха ма-хиллара лаьтташ ю Нохчийчохь. Коьртачу урамашна, миччахь делахь а, Кадыровн цIерш тохку, цхьана юьртахь шиъ а туьллуш, ткъа, йистошкахь долчарна мухха тиллича а, бен ца хеташ санна, дIатоьхку.

ХIинца а шортта ду урамаш: "Степная", "Выгонная", "Автоматчиков", "Автобусная", иштта кхин дIа а, цхьана а кепара маьIна я бахархойн дагалецамаш билгалбохуш йоцу цIерш йолуш.

Гуьмсан кIоштахь, масала цхьана эвлахь, керла дакъош декъначу меттехь урамийн цIерш техкина суртдиллархойн Рубенсан, Рерихан а, композиторан Вердин а цIарах. Меттигерчу бахархойн кхетам лакхабаларе сатесна хила мега и цIерш хаьржинарг.

1993-чу шарахь Iедало Соьлжа-ГIалин дуккха а урамийн цIерш хийцира.

Хьалха нохчаллаца догIу хIума ца хилчхьана мегаш техкина вайн урамийн а, яьртийн а цIерш, ткъа тахана вайна луъург дан йиш йолуш ду, цундела вайн турпалхойн а, вайца догIучун а цIерш тахка еза, аьлла хета шена бохуш, къамел дира адвокато Касумов Султана.

Касумов: «ХIинца вай тохкуш йолу цIерш муьлш бу а ца хуучу нехан цIерш ю. Авторханов Iабдурахьаманан цIарх хIунда ца хуьлу урам? Иза ма ву Советан Iедал идеологин тIегIанехь хIаллакдинарг. Вайн махкахь а бу шортта тIамехь белларш. Советан Iедало къайлаяьхьна церан цIерш. Церан цIерш тахкийта лаьара суна».

1993-чу шарахь Iедало хийцира Соьлж-ГIалин дуккха а урамийн цIерш. Царна техкира нохчийн ширачу турпалхойн цIерш. Масала, гIали юккъахь болчу машаран проспектана БойсагIаран цIе тиллира. Советан Iедал хIоттош, нохчийн цIий Iенийнчу Ушаев Мазлакан цIарахчу урамна "ГIазотан урам" аьлла цIе тиллира. Жуковскин урам - Адин Сурхон, Маяковскин урам - Дадин Айбикин цIарах. ХIинца цуьнан цIе лелош бу хьалха хилла Никитина урам.

Оьрсийн турпалхойн цIарах а техкинера цхьаболчу урамийн цIерш. Масала, микрорайонехь хIинца Дьяковн цIе лелош берг, оцу хенахь хийцинера Алпатов Якован аьлла. Иза Мазлакъера гIалгIазкхи хилла, шаьш дацочу хьоладайшна дуьхьал а ваьлла, къийсам латтийна волу.

Тохкуш йолчу цхьайолчу цIершна дукха нах реза а бац. И цIерш йолчерах цхьаберш вай хIаллакдеш дакъалаьцнарш бу.

Тахана и цIерш дагахь латто еха хета цхьаболчу бахархошна. Амма шен мехкан истори Iамо атта хир дара иштта урамийн цIерш хилча, аьлла дийцира Соьлжа-ГIалин вахархочо Сатуев Анзора.

Сатуев: «Дукхахйолу цIерш суна товш а яц. Цхьадика, уьш цхьаерш дIа а яьхна. Бакъду, еха цIерш хала хуьлу. Масала, Дадин Айбикин урам. Амма и цIерш техкича, наха иза мила хилла талла а толлуш, истори толлур ю».

Нохчийчохь урамийн цIерш хийцар, хьалха санна даз а деш ца до. Тахана цхьа цIе ю, кхана-лама кхин цIе хуьлу. КIезиг дац оьрсийн Iедалан цIарах герзаца Нохчийчу баьхкинчеран цIарах урамаш а: десантхойн, эскаран инарлан Трошевн а, ФСБ-инарлан Угрюмовн а. Царна реза болуш дукха нах ца гина шена бохуш дуьйцу Соьлжа-ГIалин вахархочо Умалатов Гиланис.

Умалатов: «Тохкуш йолчу цхьайолчу цIершна дукха нах реза бац. Царах цхьаберш вай хIаллакдеш дакъалаьцнарш бу. Церан цIерш ю вай ирхъяхийтина лелош».

Дудаевн Iедало Соьлжа-ГIалахь хийцина цIерш ца магош кхин цIерш техкина царна тахана. И йозанаш тIехь долу аннаш дIадиттина, гарехь, еххачу ханна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG