ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь экстремизм ларахь а яьржаш ю Муцураевн эшарш


17-за хьахийна ю Муцураев Тимуран цIе Оьрсийчоьнан юстицин министралло экстремизман лоручу материалийн тептарехь.

Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан прокуратуро дIакъовлар тIедожийна, хIора кIиранах арадолучу Францерчу журналан Charlie Hebdo-н сурташ зорбане даьхна сайташ. Цу хьокъехь латкъам хьажийна цо Соьлж-ГIалан Ленинан кIоштан суьде.

Нохчийн Республикан прокуратуран сайто бинчу хаамца, мониторинг ечу замана карийна Шеларчу прокурорашна цхьайолчу сайташа шайн агIонашна тIе «Charlie Hebdo» журналана гIортор еш «делах тешачу нехан синхаам сийсазбан Iалашо йолуш» сурташ хIиттийна хилар.

Шеларчу прокуратурана хетарехь, цу тайпа материалаш яржоро зе дийр ду, цабезам а кхуллур бу къамнашна а, тайп-тайпанчу расашна а, дин лелочу нахана а юкъахь.

Оьрсийчохь, ша аьлча Нохчийчохь а, «Charlie Hebdo» муха тIеоьцуш ду бохург тидаме эцча, хала дац ала Соьлж-ГIалан Ленинан кIоштан суьдо хIун сацам бийр бу. ТIаккха цо бузур бу Оьрсийчоьнан юстицин министралло хIоразза а карлайохучу экстремизман чулацам бу аьлла йихкинчу материалийн могIанаш.

Таханлерчу денна цу министралло шен сайт тIехь зорбане даьккхинчу Федералан экстремистийн материалийн тептарна тIехь ю 4151 материал.

Амма экстремистийн материалийн дай бу аьлла уггаре а дукха хьахийначу нахана юкъахь ву нохчийн гIарваьлла волу бард Муцураев Тимур.

Муцураевн эшаршца а, иллешца а Оьрсийчоьнан Iедалш къийсам дIахьош болу дуккха а хан ю. Шен хенехь, Нохчийчуьрчу Iедалхоша хьовха, луларчу ГIалгIайчоьнан президенто Зязиков Мурата а цхьаьна дихкинера цу бардан эшаршка ладогIар а, уьш яржор а.

Муцураевн эшарш тIехь йолу кассеташ а, дискаш а мегаш дацара дохка. Амма цуьнга хьажна доцуш, ГIалгIайчохь декаш дара Муцураевн аз, ткъа Нохчийчохь уьш лоькхуш бара контртерроран операцехь дакъалоцуш болу гIазакхийн салтий цхьаьна.

Кхин а иттех шо даьлча Iедалша жигара баьккхира Муцураевн кхолламца беш болу къийсам. 2010-чу шарахь Товбеца-беттан 30-чу дийнахь экстремизман материалийн федералан тептар карладаьккхира Оьрсийчоьнан юстицин министралло. Цу тIехь яра Муцураевн 20 эшар, Цаьрна юкъахь яра:

- «И распахнутся ворота...»

- «В мечтах и грезах смутно виден Рай...»;

- «Мир, содрогнись и на колени встань...»;

- «Звучит Коран, ему внимают нахи...»;

- «О Аллах, Мир окутан страшной мглой!...»;

- «Нам ниспослана милость от грешных услад...»;

- «Багрово на закате солнце...»;

- «Пустынны улицы аварского села...»;

- «Агрессоры в селе Алхан-Кала...»;

- «Тюрьма племен, империя-палач...»;

- «Спустилась тьма, безмолвие в горах...»;

- «Туман над горами встает...»;

- «Вставай Чечня, пора в поход!...»;

- «Снова начинается день...»;

- «В бой сыны Кавказа, лучшие сыны...»;

- «Чеченцы, услышьте, услышьте мой зов...»;

- «Ночь холодна, опасен путь...»;

- «Черных дней череда, трудный час наступил...»;

- «По меньшей мере, войны шли лет триста...»,

- «Еще один рывок, еще рывок вперед...».

(Цхьайолчу эшарийн цIераш церан хьалхарчу могIанех хIиттийначух тера ду).

Муцураевн эшарш экстремизм ю аьлла сацам бинарг яра Кемеров махкара Юрга гIалан суд. Суьдехь листинарг маса йиш ю хууш дац. Амма сацамехь тIаьххьара экстремизман лаьррарг 98-гIа эшар хилар тидаме эцча, уьш хиллачух тера дара 100 гергга.

Суьдан дехарца, Муцураевн кхоллараллана экспертиза йинера Кемеровн пачхьалкхан университето. Цо бинчу сацамна тIехь аьлла ду, цхьайолчу тексташкахь экстремизман чулацам хилар ца карийна шайна аьлла.

Цул тIаьхьа даьллачу 6 шарахь кхин а 16-зза хьахийна ю Муцураев Тимуран цIе Оьрсийчохь экстремизман лаьррачу материалийн тептарна тIехь.

Амма Iедалша экстремизм ларахь а, уьш дIаалар а, керланаш язъяр а дитина волу Муцураев махкахваьлла бусулба дин кIоргдан къилба-малхбалерчу Азерчу цхьана пачхьалкхе дIавахнехь а, цуьнан эшарш а, иллеш а яьржаш ю.

Цунна тоьшалла дуккха а ду интернетехь а, дахарехь а. Масала, цхьана дийнахь Нохчийчуьрча тхан коррепонденто Соьлж-ГIалан дахарх лаьцна яьккхина яийтина видео. Iалам доккхуш волчу цунна юххех чехквелира, чIогIа а яьккхина, смартфонехула Муцураевн «Мох» цIе йолчу эшаре ладугIуш вогIу цхьа жима къонах.

Кхин цхьа хIума а ду. Оьрсийчоьнан Iедалша лелочу политикана тIехьакхиина вер а вац. Цхьана агIор цара экстремистийн лору иза хIунда дина кхета хала долу текст, ткъа вукха агIор Кремлехь дог деший ладоьгIу цара пенах тоьхна ши корта болчу аьрзонна кIеллахь «сапаргIат ца буьтура уьш ши корта болчу аьрзоно» бохуш, вайнаха шайн маршоне къийсаман гимн санна тIеоьцуш долу «Маршо я Iожалла» илли олучу нохчийн илланче…

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG