Цу юккъах, цхьацца бехкаш а дехкина, яьккхий хенаш а тоьхна, чубоьхкина нах бу. Амма уьш берш а Iедалшна цатайна хIуманаш лелийна бу. Цу юкъахь ву ши нохчо: бакъонашларъярхо Кутаев Руслан а, Москох вахархо Хамиев Лорс а.
Цхьаъ чувоьллина ву бутт сов хьалха 4 шаранна, наркотикаш карийна аьлла. Ткъа важа ву, бархI шо а тоьхна, 2007 шарахь чувоьллина. Цунна бехке диллинарг ду , зуламхойн тобанна юккъахь а волуш, Москох эккхийтарш дан гIоьртина хилар. Цул сов, талламхоша дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а вен дагахь а хилла иза.
Таллам беш а, кхел еш а церан бакъонаш талхийна аьлла юкъатоьхна «Мемориало» и ши стаг шен политикан тутмакхийн цIейозанна.
Цу юкъара висина 43 стаг а ву, иштта цхьацца бахьанашца, харцо бухе а йиллина жоьпе озийна. «Мемориалан» коьрта кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра иштта дийцира шаьш хIоттийначу цIейоха лаьцна.
Черкасов: «Политикан тутмакхийн цIейоза Совета пачхьалкхехь а, Оьрсийчохь а хIоттоy 40 шо ца кхоччуш хан ю. Дeьххьара иза хIоттиqра ГIадужу-беттан 30 дийнахь 1974 шарахь.
Москох зорбан конференцехь Сахаров Андрейс а, Ковалев Сергейс а, гIараяьккхира политикан тутмакхийн цIерш а, ткъа иштта адамийн бакъонашна хьажийна хьолан хроника тIехь йолу бюллетень а. Цул тIаьхьа, хIора шарахь политикан тутмакхийн цIейоза зорбане доккхуш Iедал ду.
Советаy пачхьалкх юхучу хенахь цу т1ехь яра 800 стеган ц1е. Кхеташ ду, тхан ц1ейоза иштта шуьйра цахилар. Цуьнан массийта бахьана ду. Советан пачхьалкх, цхьаболчарна ма-аллара, юхаметтахIоттийна яц, Iедалш а дац вай, иштта нийса дIа, Советан заманахь санна. Оцу хенахь, бехктакхаман кодексан юкъахь политикан артикалш яра».
Кутаев Русланан гIуллакх, уггаре а тIаьххьарчарах дара. Иза политикан тутмакх лара бакъо луш долчу бахьанех а дийцира «Мемориалан» куьйгалхойх цхьаъ волчу Черкасов Александра.
Черкасов: «Кутаев Руслан наркотикаш бахьанехь 228 артикал тIе а оьллина чувоьллиина ву. Амма кхелехь къаьстина талламо баш къахьегна цахилар, цунна буьллуш болу бехке лартIехь хIоттийна цахилар. Ткъа, бакъдолу иза чуволларан бахьана ду- цуо вайнах бохорна лерина дIаяхьна горга стол».
Тахана, Кутаев Руслан набахтехь ву. Шена кхайкхийначу кхелана реза воцуш цуо адвокаташкахула аппеляци йина. ХIокху деношкахь иза дIакхаьчна республикан Лаккхарчу Кхеле. Политикан бахьанашца чувоьллина волу Кутаев Русланан дог-ойланах лаьцна дуьйцу цуьнан вашас Кутаев Ширванис.
Кутаев Ширвани: «Хан тоьхначул тIаьхьа, аппеляци а йина, иза Лаккхарчу кхеле дIахьажийна. ХIинца а билгалъяьккхина яц, маца хир ю цунна керла кхел. ЛадоьгIуш ду тхо».
Шена хала хан тIехоьттича республикан дозанал арахьарчу юккъаралхойх бен шен гIортор ца хилар мелла а халонга даьлла хилла Кутаев Русланна. Делахь а цунах а иза кхеташ ву, бохуш кхин дIа а дуьйцу цуьнан вашас Ширванис.
Кутаев Ширвани: «Оха цхьацца материалаш, артиклш а дIа ма лой цуьнга аьтто баьлча. Цхьана агIор, дуьненан юккъаралло, тидам бар, цуо дика тIеоьцу. Шена тIехь а, ша дIахьочу некъах доккха жоьпалла а хеташ санна гира суна. Кху республикехь, бакъонашларъярхоша а, юккъаралхоша а , цунна кIезиг тидам тIебахийтина. Ян аравалийта аьлла, я кхин дерг аьлла а, реакци хилла яц цуьнан. Иза а цуо, тIеэцна ду».