ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIом бале болуш бу нохчашна а


Шема - Маьрша Шеман армин эскархой, Хьалаб 20, 2013
Шема - Маьрша Шеман армин эскархой, Хьалаб 20, 2013

Юххерчу Малхбале, бусалбан нах вовшийн карх бала гIертачу Шема пачхьалкхе тIамтIе баха нохчашна хьан марздина? Цига кхача лаам хиллачарна, хьембоцуш, дозанах вала бакъо луш долу паспорт доккху бохург мел бакъ ду? Виза а йоцуш цу генарчу Шема цIе йолчу Iаьрбийн пачхьалкхе кегийрхой дIакхачо таро ерш хIун ницкъаш бу?

Цу кеппара хеттарш ду тахана нохчийн юкъараллехь, коьртех а девлла, дийцаре деш. Бахархоша кхеторехь, Iедалехь болчара ца хуу кепаш а хIиттош шаьш гIо а деш, дIаоьхуьйтуш бу тIом кхехкачу махка вайнехан кегийнах.

Царлахь бу ур-аттал мехкарий а. ЙоI цига тIам тIе кхачар Iорадалар бахьнехь кху деношкахь шен даржера вохийна федералан миграцин гIуллакхан урхаллин хьаькам Дудуркаев Асу. Цу хьокъехь хаам бина ша мехкан куьйгалхочо. Дийцарехь, иза аьхка дуьйна а ю цигахь.

Пачхьалкхан къайлахчу сервисан куьйгалло гIардаккхарца Шемарчу Iотта-баккхамехь, шайн тIеман тоба а кхоьллина, дакъалоцуш бу 300-400 Оьрсийчуьра кегийрхой,дукхахберш Къилбаседа Кавказера а болуш. Царалахь кIезиг бац Европехь дIатарбеллачу нохчашна юкъара дIаихнарш а.

Шайн лаамехь тIемалой могIарш дуьзначарлахь Iожалла карийна масалш а ду дуккха а. Декъий цIа ца кхачийнехь а, кху цIахь, Нохчийчохь,тезеташ а хIиттош,доIанашца деле бехна геналлехь эгнарш.

Шемара тIом нажжаз беш, вайнехан царна юкъагIерта гIуллакх цахилар чIагIдеш, муфтиято а, Iедалдайша а махкахь марсабаьккхина дIахьуш кхетош-кхиоран болх белахь а, цига дIаоьхуш берш севцца ала хала ду. ХIуъчара дийцарехь, иттех де долуш, Хонкар махкахула а бевлла, Шема пачхьалкхе кховча Iалашо а лаьцна,новкъаяьлла кхузара пхеа стагах лаьтташ йолу тоба.

Шема пачхьалкхера тIом нохчашна бале буьйлуш лаьтташ хиларан шатайпа тоьшалла ду,шайн бераш юхадерзо вайнехан дай-наной цига тIаьхьаэхар а. Цу хьокъехь, нанас а, вашас а лорх а кхиъна, цигара, тIама юкъара,шен лулара кIант цIавалаварх зIенехула дуьйцуш ву Теркйист кIоштера Бухади. Цо чIагIдарехь, цхьаъ цIа валийна, цигга юьртарчу кхечу жимачу стага дуьхьало йина.

Бухади: «Нана а, ваша а тIаьхьа а бахна, цIа валийна цхьаъ. Цигашхула дикка леллачул тIаьхьа кара а вина. ШолгIаниг схьа ца веъна.шена тIаьхьа а ма дуьйла аьлла-кх. ХьастагIа телпо тоьхна кху цIерачара. Нана дов деш, цIа ванн везар хьо бохуш,генаяла йоьлча, вукхо зIе хадийна бахар-кх. Ба-м бу боху нохчий а бу боху.

Цхьана-шина дийнахь бен цара и паспорташ хьедеш а ма дац.Вовшийн юкъарлахь цхьа гIучIа беш бара уьшша-м. Виза а ца оьшу боху. Москвахь кеманна тIе а ховшабой, дIахьовсабо бах. Шайн ахчанаш оьцуш бу тIетаьIIа. Цигахь тIамехь болчара а харц ца до бах шайна алапаш луш хилар».


Шемарчу тIаме лестачу кегийрхойх соьца къамел динчу Бухадис билгалдаккхарца дуккха а меттигаш ю кIентий цIа бало, хаза нехан санна харж а еш, гергарниш тIаьхьаихна,амма наггахь верг бен вац цIерачеран лаамна кIел сеццарг.

Цхьаболчара дийцарехь дукхахберш, болх-некъ цахиларна, амал дацарна ахча даккархьама оьху Iаьрбийн пачхьалкхе тIам тIе. МогIарерчу бахархошна хетарехь велча гIазотехь хир ву со аьлла цига лесташ берш дукха бац.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG