Йоллу Украинан дозанашкахула тохарш дира Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша Чиллан-беттан 24-чохь. Iуьйранна пхи сахьт даьлча Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIакхайкхийра, "Донбассехь леррина операци йолорах". Путинан къамелца цхьатерра лелхийтарш долийра Киевехь, Харьковехь, Одессехь, Краматорскехь, Бердянскехь, кхечу гIаланашкахь а.
Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а жигархоша а, бакъонашларърхоша а дийцира Кавказ.Реалиина, Украинана чугIоьртина аьлла, хезча шайн дуьххьара хиллачу ойланех.
Павлищев Ростислав, жигархо, Ростов-на-Дону:
– ХIинца а кхеташ дац, ХХI-чу бIешерашкахь Европана юккъехь хIара тайпа хIума тхан бIаьргашна а гуш, хила йиш хиларх.
Путинера мел даьлларг вайн дехха дIатакха дезар ду
Массарна а хетара, тIом хир бац аьлла. ХIинцалера Оьрсийчоьнан Iедал адеквате цахиларна, моьттура – "Северный поток" газан биргIа къовсуш, герзаш декийна, доьрзур ду.
ХIан-хIа, иза а кIеззиг ма ду царна. Тахана доллу дуьненна дIагайти Путина шен бакъйолу юьхь. Велла дIаваллалц Iедалан мукъ безаш, цIий Iано хьаьгна ву иза. Ткъа цуьнан империн амбицеш такха еза мискачу наха, ахчанца текхна ца Iаш, йохийна, хIаллакйинчу экономикаца а, шайн синошца а. Стенга сатийса деза оха? Дикане догдохийла яц, тIаьхье муха хир ю аьлла, ойла ян а хала ду. Путинера мел даьлларг дехха вай дIатакха дезар ду.
Ростов гIаларчу бахархошна хетачух аьлча, массо а Iадийна ву. Суна бевзачарех, политикаца бала банне а боцурш а, тахана тIамах лаьцна яздан а, цунах лаьцна дийца а буьйлабелла. Массо а кхеташ ву, Пандорин яьшка схьайиллина Путина, амма цхьанна а ца хаьа, кхин дIа цунах хIун дан даеза.
Хала ду ойланаш тIе а гулйина, хуьлучун мах хадон. Iаламат чIогIа къа хета, селхана буса хьекъалх тиллачу диктаторо чахчийначу украинхойх. Делахь а билггал ала тарло: цо лелочунна тIера бац Оьрсийчоьнан бахархой. МогIарерчу нахана, могIарерчу ростовхошна ца лаьа тIом хила.
Мандригеля Алексей, "Умное наблюдение" проект вовшахтоьхначех цхьаъ, Краснодар:
– ХIара тIом эккхар буйла гуш дара, Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша хьал карзахдохура. ХIуммаъ а диканиг цунах хир ду олийла дац, де дийне хьал кхин тIе а эгIар ду. Кхачан-сурсатийн мехаш десташ, боьрзур бу и тIом Оьрсийчоьнан бахархошна. Иштта дерзахь а ду гIуллакх. Бакъду, тхан Краснодарехь хIинца а паргIат ду, сийна стигал ю, тIехула чуэгаш ракеташ яц, Украинехь и дац.
Ойла ейша, бомбанаш царна етташ яц, вайна ю
ХIокху тIамехьа болчаьрга а, шайн бала боцуш санна Iачаьрга а ала луур дара суна. Ойла ейша, цхьаъ Оьрсийчоьнна тIелетта. Ойла ейша, бомбанаш царна етташ яц, вайна етташ ю. Шун да, ваша, майра цестина, цо гIуллакх дечу декъа тIе ракета а кхетта. Йа шун нана, йиша, шун доьзалхо вийна гIалина еттачу хенахь. Селхана цаьрца хабарш дуьйцуш, уьш мара а къуьйлуш, цаьрца чай моьлуш, телевизионе а хьоьжуш, уьш дийна а болуш, Iийна вай, ткъа кхана шуна цIа бохьу уьш дакъошкахь.
И доллу ирча хьал шайца дустийша. Цигахь, Украинехь, шайн доьзалш болуш, дахарехь цхьацца ойланаш а, сатийсамаш а болуш, маьрша нах бу тахана бойуш. Дуьххьара тIелеттарш уьш ма бац. Царна а ма лаьа баха.
Пшихопова Жанна, юкъараллин бакъоларъяран "Быть услышанным"организаци , Ростов-ГIала:
– Кху деношкахь Украинан президента Зеленский Владимира дIахьедира, ша кийча ву дийцарш дан аьлла. Цхьа дегайовхо хилира сан, Москвана иза хезар ву аьлла. Москвана ца хезира, шаьш а кийча ду дийцаршка ховша аьлла, дIахьединнашехь.
Харц сацам бу Кремло тIеэцнарг. Иштта ойла ю массо а бакъонашларъярхойн – хIунда аьлча, муьлхха а царех тIамна дуьхьал ву, миччахь иза белахь а. ХIунда аьлча, муьлххачу тIамехь, толам баьккхинчара а цхьаьна, инзаре мах охьабуьллу
Вай толам баьккхина Сийлахь Даймехкан тIамехь. Ткъа муха? Вайн цхьана пачхьалкхера велла 20 миллион сов стаг. Нацистийн Германица тIом болчу хенахь, мискачу нахана хууш хилла а хир дацара, стенгахь ю и Берлин. Украинхошца дерриг а кхечу агIор ду. Белш белшех гIортийна, толам баьккхина вай оцу тIамехь. Юкъара историно доьзна ца Iаш, вайна юкъахь ю доттагIаллин а, гергарлонан а уьйраш. Сан йиша а, цуьнан боккха доьзал а Львовна гергахь бехаш бу.
140 миллион ду вай, вай тапъаьлла а Iаш, болабелла хIара тIом
Украина – дуккха а къаьмнаш шена чохь деха пачхьалкх ю. Массеран а хIусамашкахула чекхбуьйлуш, украинхо мила ву, мила вац, хьовса дагахь бу тIаме бахнарш? Йа бомба оьрсийн украинцашна тIе южур яц? ТIом ца сацахь, исторехь дика дуьйцур дац вай. Тахана оьрсаша оьрсашна бомбанаш еттарна, 300 шо даьлча а уьш къинтIера бахалур бац вайга.
Оьрсийчоьнна дуьхьал шога санкцеш юкъайохуш ю. Иза нийса дац соьга алалур дац. Элитана тохар дина ца Iаш, вайх хIораннах а хьакхалур ю уьш. ХIунда аьлча, вай 140 миллион ву, вай тапъаьлла а Iаш, болабелла хIара тIом.
Муцольгов Руслан, ГIалгIайчуьра "Яблоко" партии " декъан куьйгалхо:
– ТIаьххьалц ца лаьара кхунах теша, дегайовхо яра агIонийн политикех барт а хилла, доьрзур ду аьлла. Маьрша хьал доьрзур ду аьлла, ца хетахь а, Украинан доллу дозанаш тIехь бомбанаш етташ, оцу тIе дера ду аьлла а, ца моьттура.
ХIокху тIамера диканиг хир ду олийла дац. Нохчийчохь а, Шемахь а хилла тIемаш дагалоьцур вай, мел лаьттира уьш, маса стаг хIаллакхилира. Политикийн амбицеша шайн цIий ца Iанадо, неханиг бен. Керлачу санкцеша вайн мохк стенга кхачор бу хууш дац цкъачунна, амма дика болх хир бац цхьанна а.
Хуьлучунна саготта ду, дера, адам. ТIаьххьарчу 30 шарахь цIийн Iенош хиламаш лайна вай – эзарнаш нах байина, даккхий латтанех а, кхиаме хуьлучу таронех а девлла. Вай дика кхеташ ду, тIамо хIун дохьу, цундела цхьанхьа а тIом хила ца лаьа. Оцу юкъанна, хуьлуш долчун а, тIаьхьенан а мах хадон адамийн таро яц цкъачунна, хIунда аьлча, юкъараллин адеквате кхетам бац хIинца а.
Коровайный Александр, Ейскан кIоштан кхеташонан экс-депутат, Краснодар-мохк:
– Пачхьалкхан куьйгаллехь болчийн кхетаме хилар алсам ду аьлла, тешам бара. Сатуьйсийла яра, Кремло эцца герзаш а декийна, соцур ю, Малхбале юха а яьлла. ТIом болалур бу бохучух тIаьххьалц теша ца лаьара. Амма вайн Iедало дагахь доццург до, кхетамехь волчу урхалхочо хIара гIулч йоккхур яцара.
Цхьана буса гира вайна, Оьрсийчоьнан эскаро кхечу пачхьалкхан дозана тIехь болийначу тIеман тIаьхье – сатоссуш долларан а, еврон а мах хьалабелира 20%. Малхбалено керла санкцеш юкъа а яхале дара иза, хетарехь, шога хир ю уьш. МогIарерчу Оьрсийчоьнан бахархойн алапаш хьалха санна дуьсур ду, кхин а гIад дайна ца хилахь. Халкъ къен дара, ткъа кхин а тIе беркъа дер ду хIинца.
Халкъ къен дара, кхин а тIе беркъа дер ду хIинца
Муха тIеийцира юкъаралло? Сайна бевза-безачарна хетачунна тIехь мах хадабойла ду сан. ЛартIахь болчу массеран а шок а, депресси а ю, цхьаммо боху, пачхьалкхера вада веза катоьхна, вукхара – юург охьайилла еза, мехаш хьаладовлале, боху. Супермаркеташка хьаьвдда дукхахберш хIинцале а, оцу ажиатажо тIедогIучу деношкахь къоьлла хIоттор ю кега-мерса юучунна а, тIеюхучу хIуманна а цхьана. 2000-чу шерийн юьххье дуьугур ду эххар а, ишта а меллаша кхуьуш йолу, хIокху массо а шерашкахь Iедална муьтIахь долчу зорбанаша шайна хеттачу агIор йийцина, экономика а йовр ю. Оьрсийчоьнан бахархойн киснашана а, вайн киснашна а дика хир дац иза,
Кхузаь цхьа хIума ду маьIне: шен кхайкхамехь Путина дIахьедира, парламентийн партийн цхьанакхетарх. Массо а парламентийн партеша къобалйира "ЛНР-н" а, "ДНР-н" а суверенитет, пурба делира кхечу пачхьалкхе эскарш чудахийта. Ур-атталла, КПРФ партино а, парламентийн партешлахь уггар а оппозицехь йолчу. Оцу юкъанна КПРФ-н могIарерчу декъашхоша шаьш Iаччуьра, цхьаволчо ларлуш, цхьаволчо диллина дIахьедо, шаьш тIамна дуьхьал хиларх.
И бохург ду, Оьрсийчоьнан бахархойн доккхаха долчу декъана хетарг дIахаийта лууш Пачхьалкхан думехь цхьа а парти а, цхьа а депутат а вац машарехьа вистхуьлуш. ВЦИОМ-н зерашца, 16% бу уьш, "Левада Центро" (Оьрсийчоьнан минюсто арахьара агент лерина организаци.- Редакцин билгалдаккхар) 40 процент сов ву, боху. Оцу юкъанна, чоьхьара цензура бахьана долуш, телехьожийлехь дуьйцучуьнца бIостане долу шена хетарг хаийта кийча бац дуккха а. Гуш ду, вежараллин халкъаца иккхинчу конфликтна дукхахболу Оьрсийчоьнан бахархой дуьхьал хилар.
***
Украинан президенто Зеленский Владимира тIеман раж кхайкхийна йоллу пачхьалкхехь. Украинан тIеман а, дозанхойн а инфраструктурашна Оьрсийчоьно тохарш дина хилар тIечIагIдина цо. Украинхойн президенто дош делла, хIора сохьтехь хаамбан конфликтех лаьцна, иштта кхайкхамбина бахархошка, доха ма доха аьлла. "Путина Украинаца тIом болийна, доллу демократин дуьненца а. Вайн пачхьалкх а, вайн мел хIоттийнарг а хIаллакдан лууш ву иза", - дIахьедира политико.
Иштта Украино дIахьедина, Оьрсийчоьнца дипломатин юкъаметтигаш дIахедорах. Кху деношкхаь эвакуаци йира оьрсийн дипломатин векалтийн персонална.
Гурахь дуьйнна Вашингтоно дIахьедора, Москва чугIорта кийча хиларх. Малхбузен пачхьалкхаша тIедожийра Украинана а, Оьрсийчоьнна а охьа а ховший, барт бе, "дагахь а доцчу кепара" санкцеш Москвана дуьхьал кечъеш хиларх, дIа а хоуьйтуш.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден вистхилира оцу юккъехула, Оьрсийчоьно лелориг дуьнене а емал дойтур ду ша, иштта еариндийнахь ООН-н кхерамзаллин Кхеташонан цхьанакхетарехь а цхьаьна бохуш, дIа а кхайкхош.
Цу юккъехула Росавиацино дIакхайкхийра Оьрсийчоьнан къилбера аэропорташ Зазадокху-бутт карабаллац дIакъевлина, Украинана гонахара хьал чолхе даларца доьзна.