Кхул хьалха Гуьржехаца Оьрсийчоьнан дов даьлча цигарчу нехчанаш а, чагIар а санна, Балтикерчу пачхьлкхашца ийгIича цигарчу шпроташ санна, Молдавица галмарзахалла хилча цигара чагIар санна, ткъа Украиница тIом баьлча цигара кампеташ санна, Туркойчуьра сурсаташ Оьрсийчохь лелачу лакхарчу стандарташца догIуш ца хиларх кхетта цу пачхьалкхан лакхара куьйгалла.
Юьртбахаман министро Ткачев Александро динчу дIахьедарца, Туркойчуьра схьадохьучу сурсатийн мел кIезга а I5 процент кхачаме дац, масех де хьалха царна ала хIуммаъ ца хиллехь а. Цкъачунна официала туркойн даарш Оьрсийчу дар дихкина дацахь а, амма, хетарехь, цу тIе доьдучух тера ду шина пачхьалкхенна юккъера хьал.
И хьал цу тIехь дIадерзахь дика дирзина лара догIу дуккхаъчу Малхбухерчу тергамхошна хетарехь. ХIунда аьлча, Туркойн стигал ларйаран ницкъаша оьрсийн бомбешетташ долу кема чудаийтаро Путинна шена тоьхча санна, иза оьгIазвахийтина а, вохийна а хиларна, гергарчу хенахь шина пачхьалкхан юкъаметтигашна вуно гIон тIеIаткъам бина ца Iаш, Оьрсийчоьнан, йоллучу Малхбузенан юкъаметтигаш холчу йаха там бу, къаьстина, Шемарчу хьолаца долчуьнна а, ДаIиш тобанца къийсам латторехь а.
Иза цу тIе ца далийта, Малхбузено кху сохьтехь Путинца дерг къастон деза, ша могуьйтур дерг а, доцург а Оьрсийчоьнан президентана кхеташ дIа а хоуьйтуш аьлла тешна ву, масала, Iамеркерчу Financial Times газетин колумнхо Стивенс Филип.
„Оьрсийн некъахойн кема Мисрехь чудаийтаро а, Шемин-Туркойчоьнан дозанехь оьрсийн бомбеш етта кема дожоро а, ткъа иштта ГIирмехь серло дIаяккхаро а Путинан сонталлех мелла а сирдаьккхина, Оьрсийчоьнан позицеш мел гIийла ю бохург а гойтуш“, - аьлла яздинера цуо, цу хьолах пайда а эцна, Малхбузено Путине Шемара шен эскарийн дакъалацар сацадайта а деза, ткъа иштта Путинс шена Украинехь луург делон бакъо Шемахь ша накъосталла дарца цхьаьнадоза гIортар тIедита а мегар дац бохург тIе а тухуш.
„Путин Шемахь ша Малхбузенца цхьаьнаболхбар Украинехь шен леларш магорах дохка гIерта, иза катастрофе боьду некъ бу“, - аьлла тешна ву Стивенс.
Шен рогIехь The Wall Street Journal журнало яздо, Кремл хIинца Эрдоганна хIуьттаре ярхьама Туркойчохь „Украинера сценарий“ кхолла гIорта мега бохуш. И бохург ду, оьрсийн Iедалша Туркойн урхаллина дуьхьал болчу кхурдошна герзанца а, ахчанца а гIодан долон мега, царна Анкарах дIакъаста аьттонаш а беш. Шемахь оьрсаша иштта а – вуьшта а Туркойчоьнан дозанашкарчу меттигашна бомбеш етташ а ю.
Политологна Чапханов Русланна хетарехь, гаррехь кхурдой беха лаьттанаш Туркойчоьнах къасто гIорта Кремл йоьхьур яц, ткъа къайлаха-къулаха кхурдошна гIо Оьрсийчоьно хьалха дуьйна деш ду.
Чапханов Руслан: „Кхурдошна Советийн зама йолуш дуьйна къайлаха, официала доцуш гIо деш яра Оьрсийчоь, иза цара хIинца а до. Амма гаррехь царна гIо дан хIуттур яц Кремл, хIунда аьлча Туркойчоьнна тIехьа лаьтташ НАТО тIеман альянс ю. Суна хетарехь, Шемахь Туркойчоьнан интересаш юйла а хууш, и интересаш Оьрсийчоьно ларйийр ю аьлла хета суна“.
Цу юкъана шина пачхьалкхан куьйгалхойн, туркоша оьрсийн кема чудаийтича дуьйна схьа къамел хилла дац. Хууш ма-хиллара, Оьрсийчоь Анкарано ша кема чудаийтарна Кремл къинтIера яккхийта лууш ю, ткъа туркойн урхалло дIахаийтина шаьш бехказлонаш йийр яц аьлла. ПIераскан дийнахь Эрдогано меттигерчу телевизионехула дичну дIахьедарца, Анкарана Москохаца юкъаметтигаш талхо ца лаьа, амма Оьрсийчоьно кхин дIа цIарйца ловзарш ца лелийча бакъахьа хета цунна.