Мамакаев Мохьмад. Даймахке

Нохчийчоь --Ведана, Чиллан-беттан 20-гIа, 2015

Your browser doesn’t support HTML5

Мамакаев Мохьмад. Даймахке

Хьо муха буьцур бу ас дашца?
Вайн безам Iалашбал дош ма дац.
Сайн безам ас дашца лелор бац;
Дош дижна, сан безам тарло бан.

ДIаалахь, дош мохо дIахьур ду,
Кехат тIехь макхделла, довр и ду.
ХIан-хIа, ас хьо дашца буьйцур бац,
Ца дуьжчу дагна бен дIалур бац!

Нагахь, дог дIадижча цо шеца
ДIаоьцу даимна безам а. . .
ХIан-хIа, ас хьо дашца буьйцур бац,
Ца дуьжчу дагна бен дIалур бац!