Бексултанов Муса. Нана.

Нохчийчоь-- Тевзана, 2016

Нана го сайн, сийна уьйтIе, кIайн кир тоьхна жима цIа.Iаьнан ехачу буьйсанца, тийналлин гIара а хезаш, суо цхьаъ цхьалха, ойланашца сайн, дIатаьIина Iуьллучу суна, геннара хьиегIа гIайгIа санна я гергарчу аьзнашца сайн бералла дуьхьал хIуьтту дагалецамийн некъашца.

Юха суо а го, жима бер долуш, паднара тIехь вежаршца ловзуш.

Суьйре хуьлу я пхьуьйре хан, тхо дерриш тхайн чохь а, пеша хьалха, юург еш, цхьацца узамца хьийза Нана.

Сан суьрташ серладуьйлу юха, юьхь-бос гуш, аматаш; хIетахьлера хIоттам а сайн, беран кхетам, Ненан аз.

Цо еш хилла галнаш а го, нуьйда таIорца бертиг а къовлуш, текха тIехь сецна кIайн Iаь, сан цергех дийлина хи а.

Юха Ненан елар хеза, кIайн цергаш, кIеда ши куьг, тхох хIора а хьостуш цо, доIанашца дIавижор а.

ТIаккха гIенаш бераллин (куьзган чохь гуш санна) дуьхьал оьху иштта суна, сайн хиллачу ловзоргашца.

Ма дарра го Iуьйранна суо (ах гIенах а, самах а волуш), галл-гал а лелхаш, паднара тIера теса тIе кхача схьавогIуш а. ТIаккха Нанас саца а вой, охьа лах а луш, мара вохкар, юха суо Ненан белаш тIе корта товжош вижа гIертар а.

ЭхI, Хьаби!

Сан Хьаби, маца, мичахь, хIун некъашца хьодур-кх со лаха цкъа: есаллин бухбацаре я стиглан Iаьршашка!

Дала херрехь, декъалчаьрца хуьлда-кх вайн вовшийн гар: «Нана яла хьан, сан кIант!» - аьлла, со хьаста хьо тIе а хьодуш.