ДАIИШ-ан закъалтера бевдда зударий бу Германехь  дарбанаш деш

Македони-- Шемара тIамах къелхьаряьлла Македонин а, Грецин а дозане кхаьчна зуда. Чилланг-бутт, 8, 2016

Мелхо а, интернет машанехула шаьш ярджочу видеошкахь цара дозаллийца гойтура, олалле лаьцна болу зударий а, кегий зудабераш а. Доккхачу декъахь цара шай лай беш берш кериста а, езидийн а, кхурдойн а зударий бара. Амма иштта шаьш муртадаш лоруш болчу кхечу бусулба нехан зударий а хьанал бора цара шайна, царех шайн лайш а беш.

Ютюбехь шуьйра яьржинчу цхьана видеоклипехь гойтуш ю ДаIишерчу тIемалойн цхьа тоба. Цара Iарбойн маттахь дийцаре до, керла зударий-лай бахкина базара бохка, бохуш. Цу герзах боьттиначу, еха кIозалш а, мажош а йолчу наха вовшашлахь а, камери чу а дийцаре до, йийсаре лаьцна болу зударбераш къонох мел хуьлу а гIолехь ду, бохуш. Цхьаммо шена жима йоI ялаяхь ша цунах тапча лур ю боху, хетарехь, вукху боху цунна дуьхьал I5 шарел йоккхох ерг нислахь-м дош дац бохучу хьесапехь хIума, цуо иза кхечу, маьттазчу дешнашца аьллехь а.

Оцу маьттазчу рекламано а, интернетерчу къайлахчу дIакъевлинчу форумашкахь а, чаташкахь а Шема дIабаханчара даима а аьлча санна цигахь зуда йоцучунна масех зуда ялон а, ма луу шортта лай-зударий бохка-эца а аьттонаш бу бохуш дуьйцучу хабарша, хетарехь, дуккхаъ вайнехан кегирхой а Iехийначух тера ду. Иштта, масала, карарчу хенахь дIакъевлинчу цхьана нохчийн сайтехь ДаIишан коьртачу шахьаре Раккъе керла зударий-лай бахкийна, бохка-эца, аьлла болу хаам бийцаре бечохь масех жима стаг велира, „вежарий, цига дIаваханчул тIаьхьа мел хан яьлча эца йиш ю лай-зуда, хIораннан а таро хуьлий цигахь шена цхьа зуда эца?“, бохуш. Цхьана кхечу нохчийн сайтехь Шемахь хилла, цигахь шена гиначух догмовлла а ваьлла цIавирзинчу цхьана жимчу стага маьттазло къайла а ца хьош дуьйцура, ДаIишерчу цхьана гIалгIайн къомах волчу вевзаш волчу амиро шена 9 шо долу бер далийра бусулба Iедалехь магош ду аьлла, официале там-мах а бина, ткъа цуо и зуда ялийначу, я аьлча а, и бер далийначу тойнехь ша а нисвелира бохуш.

И санна йолу маьттазлонаш бусулба динан цIарах лелош болу ДаIишера нах я цу ДаIишца дог-ойла йолу нах доккхачу декъехь бусулба дин девзаш я цу динца бала болуш ца хуьлу, цара шайн дегIан, синан а лаамаш бусулба динца бакъбар доцург бохуш дийцира Венерчу университетан профессор волчу Фолкер Волфганга хьастагIа ДаIишана леринчу шен къамелехь. Цу тобан агIончашца шен хиллачу зеделлачунна тIе а тевжаш, цуо элира, террорхоша лелош дерг томехь хеташ болу нах динах лаьцна хаттар делча гIорасиз хуьлу, шайна цхьаммо хьехна долу масех хьадис бен царна бусулба дин девзаш ца хуьлу, аьлла.

Фолкер Волфганг : „Динехула аргументаци ялор царна мехала а ца хуьлу. Цаьрца дечу къамелашкахь суна уггаре а хазлуш дерг хуьлу, цу ДаIишхойх цхьанге, дино цхьана хIумнах хIун боху аьлла, ахь хаттахь, цуо олуш дерг хуьлу, со цу тIехь иштта хаарш долуш вац, мелла а хьадисаш-м хаа суна, вуьшта и динца доьзна хIумнаш суна ца девза, ахь цулле а и хIума тхан шейхе хатта деза, олий“.

Цу юкъана, шайн дегIан, синойн маьттазчу лаамаш бусулба динан бехкамаш болчуха талораш лелочу ДаIишерчу зуламхоша сийсазбинчу зударийн цхьа дакъа карарчу хенахь Германехь лоьрийн дарба деш бу. ДаIишан йийсарехь а хилла, цара хьийзина а, таIзарш дина а болчех II00 герга къона зударий а, зудбераш а ду немцойн клиникашкахь тIе а эцна, дIатарбина.

Дуьххьара ДаIишан закъалтехь хилла болу зударий дарбанаш дан тIеэца немцойн Баден-Вюртенберг лаьттан лоьрийн цIеношкахь болийра. ХIетахь 200 зуда кхечира цига Шемарий, Иракъерий. Уьш берриш а ДаIишхоша хьийзина бара. Царна юккъехь уггаре а къоначун бархI шо бен дацара, цу лаьттан урхаллин векало Муравски Клаус-Петера динчу дIахьедарца.

Карарчу хенахь ДаIишан йийсараллера бевдда кIелхьара бовла кадаьлла болу зударий а, зудабераш а немцонй урхалллин леринчу программица ХIессен а, Лахара Саксони а, кхечу а бундеслаьттанашкахь дIатарбина бу. Амма уьш болчу клиникийн адресаш а, уьш беха меттигаш а къайлахьа латтош ю Германин урхалло.