Юхьенца Коьлнехь Керлачу шеран буса къепедацарш лелийнарш керла тIебаьхкина мухIажарш бацара баьхначу полицино хIинца мукъарло дина иза харц хиларна. Карарчу хенахь маьттазчу талорашкахь декъа хиларна Iедалхоша лохуш я хIинцале а лийцинчарна юккъехь доккхах долу дакъа дукха хан йоцуш Германе схьабаьхкинчу Гергарчу Малхбалера а, Къилбаседа Африкера а кегий нах бу.
Иштта, шота Iуьйрене кхаччалца Коьлнерчу полицино цу къепедацаршкахь декъа хиллачех 32 стаг цIерашца билгалваьккхина, царех 22 стаг кесталгIа Германехь тховкIело ехначу нахах ву. Немцойн Iедалхой дийнахь а, буса Коьлнехь Керла шо даздар шайн зуламечу леламашна сийсаздинчу талорхойн тобанаш толлуш бу, цу буса яьхначу видеошна а, сарташна а анализ еш бу.
Карладаккха догIу, Коьлн гIаларчу коьртачу майданахь шо хийцалуш кхуссуш йолчу фейерверке хьажа а, Керла шо даздан а арабевллачу нахана дуьхьал зуламаш динера эзар герга стагах лаьтташ йолчу мигрантийн а, амма мигранташ боцучу а къоначу боьршачу наха. Къаьстина, зударий а, зудабераш а сийсаздинера цара, эвхьаза буьйлуш.
ХIора шарахь Керла шо даздечу буса муьлхачу а пачхьалкхехь меллачу наха цхьацца къепедацарш лелош нислахь а, амма цу буса Коьлнехь бандитийн тобанаша хIоттийнарг санна масштабе маьттазло Германина хIинцалца схьа гина яцара элира цу хьокъехь цу пачхьалкхан юстицин министро Маас Хайкос. „Иза зуламийн керла барам бу, вайна хIинцалца схьа бевзина ца хилла болу“, - элира цуо.
Къаьстина, кегийчу наха, доккхачу декъехь Iарбойн мехкашкара орамаш долчу, и зуламаш зударшна дуьхьал дина хиларо оьгIазйахийтина немцойн юкъаралла. ТIаьхьарчу эха шарчохь миллион мухIажар тIе а эцна, царна хьошалла дечу Германина хIинца цу мухIажарехь цхьана дакъана иштта боьха талорш дар – иза шен хьешан хIусам сийсазйина ца Iаш, цуьнан хIусамненаца а, доьзалца эвхьаз валар ду, бохуш яздо социалан машанашкахь ур-атталла мигранташна гIодеш а, цаьрца шайн рицкъ доькъуш а хиллачу немцоша.
Амма эмоцийн, оьгIазлонан тIегIантIехь а доцуш, еккъачу анализца Коьлнехь хилларг а, мигранташца доьзна Европин юхь-сибат хийцадалар а толлуш йолчу Венерчу университатан профессорна Крамер Йоханнина кхета, хилларг Гергарчу Малхбалехь а, Iарбойн мехкашкахь а боьршачу нехан а, зударийн а хьал, куьзганчохь санна, гойтуш ду аьлла.
Дуьненчу девлчахьа дуьйна божаберашна хIуъу магош уьш кхиор, ткъа зударийн бакъонаш хилар, уьш, и бакъонаш хьеша мегаш ца хилар а царна шайн юкъараллашкахь Iамош ца хилар а хета Крамерна цу мехкашкарчу мигранташа Европехь иштта маьттазлонаш лелоран бахьанехь цхьаъ.
Крамер Йоханна: „Цхьана агIор, вай дерриш а инзар девлла ду цигахь хиллачун масштабех, уггаре а хьалха и зуламаш зударшна дуьхьал дина хиларна. Вукху агIор, суна хетарехь, Коьлнехь хиллачуо гойту, и божарий вай долчу схьаоьхучу мехкашкахь долу хьал.
Иштта цигахь гуш ю цу божаршкахь йолу комплексаш. Царна го кхузахь, масала, Европехь кхиина болу бусулба зударий дешарна тIехь бусулба мехкашкарчу божарел кхиаме хуьлуш хилар. Иза шаьш муха лан деза ца хаа царна. ТIаккха зударий сийсазбарца шайн мехалла шайн бIаьргашкахь лакхаяккха гIерта уьш“.
Цу юкъана немцойн канцлеро Меркел Ангелас дIахьедар дина, Коьлнехь мигранташа лелийна къепедацарш бахьана долуш муьлхачу а зуламашкахь декъа хилла болчу мигранташна сихонца депортаци ян а еза, ткъа и саннарг кхин ца хилийта тIеоьхуш болу мухIажарш талларан система тойан а еза, аьлла.
Цуьнца цхьаьна цуо кхайкхам бира, цхьа тоба зуламхоша маьттаза талорш динера аьлла массо а Германи схьавеана волу мигрант шеконе ма лаца, царех дукхахберш и тайпанчу маьттазлонех а, зуламех а бевдда баьхкина бу вай долчу, аьлла.