Нохчийчохь а, Гуьржийчохь a хиллачу тIемийн  анализ цайар

Гуьржийн шахьарера протест, 2023 шо зазадокху-бутт

Hохчийчохь а, Гуьржийчохь а хиллачу тIемаша хIун ца кхетийна Малбузехьарчу политикашна? Шайна лиънехьара, Украинехь тIом ца эккхийта аьтто барий церан? Цунах дерг дуьйцуш профессора Вачагаев Майрбека къамел дира Парижерчу Sciences Po институтан профессорца Гордадзе Торникеца.

Гордадзе Торнике

Гордадзе Торникес чекхйаьккхина Бордо гIалара политикин талламийн Институт. Докторан цIе Парижерчу Sciences Po институтехь йелира цунна. Тайп-тайпанчу Европин а, америкахойн а журналашкахь зорбане бийлина бу цуьнан белхаш. 2002-чу шарера 2003-чу шаре кхаччалц Йельский университетан дуьненйукъарчу а, регионийн а талламийн центрехь Уитни, Бетти Макмиллан талламашкахь кхайкхина вигина талламхо а хилла иза. Францерчу арархьарчу гIуллакхийн министраллерчу конфликтийн анализ йеш, царна дуьхьало йаран центрехь Кавказан декъан консультант а хилла. Стамбулерчу анатолийн талламаш бечу францхойн институтан Кавказан обсерваторин куьйгалхо а, Францин арахьарчу гIуллакхийн министраллерчу Кавказ талларан центран куьйгалхо а лаьттина ву.

– Цхьанна гIалахь йац Тбилисехь санна дукха украинхойн байракхаш, Оьрсийчоьнна дуьхьал дина йозанаш а. 2008-чу шарахь Украино хIунда ца лецира Гуьржийчоьнна гIо деш иштта дакьа?

– Дика хаттар ду хIара. Йоккха башхалла йу цу цигахь. Гуьржийчуьра бахархойн 80% Украинехьа йу ала мегар долуш йу. Гуьржийчуьра дуккха а лаамерниш а бу ВСУ могIаршлахь тIом беш. Царех 40 дIакхелхина ву. Нейтралитетехь лаьттачу Гуьржийчоьнан Iедалан [политикна] дуьхьал шайга далург деш схьабогIуш а бу и нах. Цара [гуьржийн хьаькмаша] украинхойн Iедална сих-сиха критика йо, и тIом баккхарна тIехь уьш бехке бо, шайн къам ца лардира аша олу. Йуккъерчу политикин Iалашонаш ларйархьама дуьйцу цара и. Халкъана шаьш Оьрсийчоьнна муьтIахь дац, амма тIом ца хилийта бахьанаш лохуш ду моттийта лаьа царна.

Гуьржийчуьрчу Iедална шайн оппозицица Украинин озабезам бу моьтту. Гуьржийн хьалхалерчу Iедалан дуккха а декъахой бу Украинехь Iаш. Цигахь белхаш беш, реформаш йарехь накъосталла деш. Масех шарахь гуьржийн хилла президент Саакашвили Михаил а Iийра цигахь. Порошенко президент волчу муьрехь Одесса мехкан губернатор лаьттина волу. Зеленский дарже веъча, коррупцина дуьхьалонна реформаш йечу комитетан куьйгалхо а вара и. Иза а ду Гуьржийчуьрчу Iедална Iаьткъаш. Оьрсийчоьно шен тIеIаткъам а бо цу хьолана. Советийн регионашкахь мел лаьттина республикаш шена герга ялийна, царна дола дан лууш ма йай иза. ( Украина, Молдова, Гуьржийчоь).

Гуьржийчоьнан олигархан, хьалханчин Иванишвили Бидзинан уьйраш а йу (хIинца куьйгаллехь йолу "Грузинская мечта" парти вовшахтоьхнарг. билг. ред.). Иза цигахь веха дикка хан йу, цигахь вовшахтоьхна цо шен берриге бахам а. Масех миллиард [США-н долларшкахь], Гуьржийчоьнан ВВП 30%-те кхочуш долу. Иванишвилин Оьрсийчоьнца дика юкъаметтигаш йу. Гуьржийчуьра Iедал Оьрсийчоьнна муьтIахь хилар [Украинехь] тIом болабелча, дикка къаьстташ, гучуделира.

Ша Украине чугIоьртичхьана Гуьржийчуьрчу Iедална боккха тIеIаткъам беш схьайогIу Оьрсийчоь. Гуьржийн Iедало гIо до царна цхьаццачу гIуллакхашкахь а, санкцех ларбалар тIехь а.

Цул хьалха мелла а ларлуш бара уьш. Ловзаршкахь дакъа ца лоцуш, царна хаьара, шайн дукхах болчу махкахоша Оьрсийчоьнна критика йойла а, царна шайн мохк ма хуьллу сиха НАТО-х дIакхетийта лаьийла а. Амма Украинехь тIом болабелчхьана гуьржийн Iедална Оьрсийчоьно ницкъ бо. Оьрсийчоьнна дуккха хIуманна тIехь гIо дан дезаш хуьлу уьш, Европо а, США-но хIиттийначу санкцех ларбалар тIехь цхьаьна. 2022-чу шарахь Гуьржийчоьнан экономика 10% лакхайаьлла. Оьрсийчоьнна санкцех ларйала гIо динчу схеманийн бахьанца. Цо экономикан агIора Гуьржийчоьнан йозуш хилар тIечIагIдо. Кху тIаьхьарчу 20-25 шарчохь дуьххьара Оьрсийчоь Гуьржийчоьнан коьрта экономикан партнер хилла, дIахIоьттина. 2012-чу шарахь "Грузинская мечта" парти Iедале хIоьттичхьана, Оьрсийчоь пхоьалгIачу меттехь йара. Эмбарго а йара, Саакашвили волчу йукъанна гергарлонаш хаьдда дара. Иванишвили веачхьана экономикин юкъаметтигаш жим-жима меттахIиттира. Оьрсийчоьнах Гуьржийчоьнан коьрта йохк-эцаран партнер хилира. Кхин а инвестицеш а, ахчанаш далар [оьрсийн агIора], Украинехь тIом баларца дIадуьйладелла долу.

Оьрсийчоьнан политикин гонехь хила лууш ду Гуьржийчоьнан Iедал. Европин интеграцица ца догIу иноагенташна лерина закон йукъадаккха дуьйлира иза. Оьрсийчоьно 2012-чу шарахь тIеэцначу законах тардеш схьаэцна долу.Цо берриге хаамийн гIирсаш, НПО, медиоцхьаьнакхетараллаш, кхечу пачхьалкхийн агенташ лору, дешан паргIато охьатаIош болх а бо.

Оьрсийчуьрчу ахчано кхобуш, шайн хуьлучу ахчанийн хьостанаш лечкъочу цхьаьнакхетараллаша къобалдира и низам. Малхбузехьарчу пачхьалкхашна муьтIахь берш бу агенташ, шаьш дац, бохуш.

КХИН А ХЬАЖА: Герзаш деттар, мобилизаци, протесташ. ТIеман шо Къилбехь а, Кавказехь а

2008-чу шарахь Украино Гуьржичоьнехьа уьйзира. Иза ишта дацара алахь, вай харц хир ду. 90-чу шерашкахь а, Гуьржийчоьнна, Абхазина йуккъехь тIом иккхича, Украинера волонтераш бара Абхазехь. Транспортаца а, логистикица гIо а дира. Сухуми схьайаьккхича, украинхойн хин-кеманаша Абхазера тIаьххьара мухIажарш кIелхьара бехира. Вертолеташца кхечу регионашкара гуьржий арабохуш гIо а дира.

2008-чу шарахь а иштта накъосталла дира. Украинин президент Ющенко Тбилиси веара. ГIалин йистошкахь бомбардировкаш йара йоьлхуш. Балтикерчу кхаа президентаца а, Польшерчу президентаца а цхьаьна митингашкахь къамелаш дира цо. Герзаца гIо дан а йуьйлира Украина. Ткъа ша тIом пхи де даьлча сецира. Тахана вайна техIоьттинарг йоккха парадокс йу. Кху шина цхьаннах йозуш йоцчу пачхьалкхана дуьххьара тIехIоьттина хьал. Цхьатерра Оьрсийчоьно хьийзина ши пачхьалкхе. Дуьххьара кхеран барт цахилар гуш ду. 2014-чу шарахь "Грузинская мечта" партин декъахо, Гуьржийчоьнан премьер-министр Гарибашвилис Би-би-си-гIирсаца хиллачу къамелехь журналисташка элира, гуьржийн проблематика украинхойчух тера йац. Шаьш Оьрсийчоьнца диалог тайеш ду. Гуьржийчоьнан Iедало хIинцца долийна дац и. Оьрсийчоьнна шен муьтIахь хилар гайтар, цунах прагматизм а олуш.

– Оьрсийчоьнан имперхойн амбицеш Украинехь тIом баьлча бен тидаме хIунда ца леци Европо? 90-чу шерашкахь дуьйна лачкъийна латтош йолу?

– Хьалха дуьйна схьа иза дуьйцуш болу эксперташ, политикаш Европехь болуш бара. Амма коьртехь берш тIе тидам бахийта хьовсура. Ларбаларца терго а йора, делахь а Оьрсийчоьнах Малбузехьарчу пачхьалкхашна, Европина партнер хир йу-кх бохуш, IадIара. ТIеман агIонца а, экономикехь, кхиндолчунна тIехь а йоккха оппонент хилла лаьттачу Китайна оппозицехь нислуш. Энергетика агIора дозуш хилар дара ладаме. Европина, къаьсттина Германина, Оьрсийчоьнан энерго-ресурс оьшу. И сурт хийца ца далийта, дерриге дина цара. Иза иштта хила деза аьлла тоьшуьйтуш.

Нохчийчуьра ши тIом, 2008-чу шарахь Гуьржийчуьра тIом, РФ-но Сирехь интервенци, ГIирмин аннекси, Донбасехь хилла тIом. И дерриге хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан амбицеш дикка гуш йара

Нохчийчуьра ши тIом, 2008-чу шарахь Гуьржийчуьра тIом, РФ-но Сирехь интервенци, ГIирмин аннекси, Донбасехь хилла тIом. И дерриге хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан амбицеш дикка гучуйевлира. Амма и дерриге Малхбузехьарчу пачхьалкхашна тоьуш дацара. Ойла йина, шайн хьежамаш хийца дагахь бацара уьш. Ша лейеш, Iаш йара Малбузе. Иштта, Гуьржийчохь оьрсийн Iедална муьтIахь йолу "Грузинская мечта" Iедале йеъча а, Европа реза хилира. Цхьа а шеко йац сан цу тIехь. Оьрсийчоьнца йолу цхьа проблема-м дIайер йара бохуш Iийра уьш. Гуьржийчоьнан хьалха хиллачу Iедалца хало дара царна. Европин корта лазабоккху гIуллакх дара и. "Вай хIинца хуур ду ладаме дерг лардан, гуьржийн фронтера чолхенаш лахлур йу",- бехира цара.

КХИН А ХЬАЖА: Украинера тIом Нохчийчохь болабелла?

2014, 2015, 2016-чу шерашкахь Гуьржийчоьно санна Оьрсийчоьнца шайн гергарло тадан хьовса бохуш, Украинина хьехарш дора Европо. Оьрсийчоьно Украинин цхьа дакъа схьа а даьккхина, латтанашца халонаш йо, амма и тайпа гIуллакхаш ишта атта къасталуш дац. Йеххачу хеначохь нисдан дезаш ду. Иштта дуьйцура Европо, ткъа Оьрсийчоьно и хьежамаш шайх кхерар санна тIеийцира. Шайна некъ схьабоьллуш латийна баьццара стогар санна. Европана и механизм ган ца лаьара. Шаьш ледеш, и дов дIа а теттина, Iийра. Оьрсийчоьно тIекхуьучарна кечдеш долу.

Амма 2022-чу шарахь эхь ца хеташ йозуш йоцчу пачхьалкхана тIелатам бира - иза Донбассан проблема йолчуьра дIайелира. Малбузехьарчу пачхьалкхашца хилла диалогаш а, шайна дуьхьал баха лаар а дIа а теттина, боккха тIом эцна чубахара уьш. "Оьрсийн мотт буьйцу украинхой кIелхьарбахар", ассимиляци, "Киеверчу националистийн ницкъаш" дийцар тера дIадаьллера и. Иза тIелатам бара. Европехь йозуш йоцу пачхьалкхе Украина хир йу, йац аьлла сурт хIоьттира. ООН-нан, Евробертан декъахо - пачхьалкхе дIайаккха а, цуьнан Iедал хийца а дагахь ша йуйла дIахаийтира Оьрсийчоьно.

Дуьненчуьра йукъараллехь мел йолу принципаш, дерриге дозанаш дохош, "цIен сиззаш хедош", дIахIоьттира Оьрсийчоь. Дуьненчуьра шоллагIа тIом дIабаьлчхьана цхьана а пачхьалкхо лелийна хIума дацара и. Иракъ йуьйлира изза Кувейтана дан. Цунах хилларг вайна хууш ду. Ткъа Оьрсийчоьно динчо массо а Iадийнера. Европо реакци а йира. И реакци Украинерчу Iедалан майра хьовзар бахьанехь хилира. Шо сов хан йу украинхой а, церан эскар а цу тIелатамна дуьхьало йеш болу. Цо Европина хьалха Оьрсийчоьнца хиллачу йукъаметтиган дикка ойла йан некъ баьккхина. Экономикехь а, геопилитикехь а. Хьалхалерчу сиха дIайирзинчу а, гибридан а конфликташка иштта ца хьовсура уьш.

Дуьненчуьра йукъараллехь мел йолу принципаш, дерриге дозанаш дохош, "цIен сиззаш хедош", дIахIоьттина Оьрсийчоь

90-чу шарахь Гуьржийчохь Оьрсийчоьно ша агрессор санна ца гайтира. Иза гибрид-конфликт йара. Иштта Донбассехь а, Приднестровьехь а ( Оьрсийчоьнна муьтIахь, къобалйина йоцу республика-билг. ред.). ХIинца иза ша ма-йарра агресси йу. Iедалан, куьйгаллин, оьрсийн йукъаралла йу цу тIамехь шатайпа дакъалоцуш. Боьдуш идеологин-тIом а бу. Дуьненйукъарчу бакъонна а, дуьненйукъарчу уьйрашна тIе Оьрсийчоьне зил хьакхийтина, хIумма ца гуш санна, Iен цхьа а бахьана дац.

– Къилбаседа Кавказера республикаш паргIатйовла тарлуш хиларе муха хьоьжу Малхбузехьара политикаш? 90-чу шерашкахь Нохчийчуьрчу тIеман хьокъехь дист цахиларна шаьш бехке хетий царна?

– Цхьана декъана дохкобевлла аьлла хета суна. Оьрсийчоьнца хиллачу йукъаметтигашлахь шайгара дийлина гIалаташ гуш ду царна. Цара радикалаш, "шийлачу тIеман войланхой" бохуш цIераш тихкина нах бакъ болуш, дIахIоьттина хIара хьал. Масала, Меркель (Ангела Меркель, 2005-чу шеран лахьан-беттан 22-чу дийнера 2021-чу шеран гIуран-беттан 8-чу дийне кхаччалц Германин федерал-канцлер лаьттина йол.- билг. ред).

Кхечу агIора хьаьжча, и дерриге 180 градус тIе хIоттош, дIадерзон хало ду. "Оьрсийчоь йохахь, хIун хир ду?" боху хаттарш Малхбузехьарчу политикин элитехь хIинца а хIиттош хаало. Цунна йуккъе йогIуш хилла республикаш паргIатйовлахь? 90-чу шерашкахь СССР йоьхча хилла сурт хIуттур ду. Малбузехьарчарна башха лууш дацара иза йохийта. Иза дицдо сих-сиха. Воккхах волчу Буш Джорджана, Миттеранна, Тэтчерна лууш дацара СССР йохийта. И процесс генайаьлла, Оьрсийчоь а йохарна кхоьрура уьш. ТIаккха кегийри пачхьалкхаш хир йу, элаллаш даьржар ду, царна йуккъехь тIемаш хир бу, Оьрсийчохь фашисташ, радикалаш Iедале богIур бу. И зарратан-герз хьенан кара гIур ду, бохуш.

Цундела воккхах волчу Буш Джорджа Украинига СССР-н декъехь саца аьлла кхайкхам бира. [Уьш тешара] пачхьалкхе хийцалург хиларх: Горбачев, реформаш, демократи. Иза федералан пачхьалкхе хир йу. СССР Малбузехьарчу политикан конспирологино йохор йац, шен йукъара чолхенаш бахьанехь йухур йу.

КХИН А ХЬАЖА: "Хьере хьал карладуьйлуш лаьтта”. Чехера журналист - Украинерчу, Нохчийчуьрчу тIемех лаьцна

Йуха Оьрсийчоьнан рагI тIекхечира. Оьрсийчоь йохарна кхоьрура уьш. Ельцин а, Путин а, ма-дарра схьа ца алахь а, къобал а вора цара. Нохчийчохь цара динчунна тIехь а. Резабоцуш санна сурт хIиттадора. Амма цхьа ца бевлла, бIаьргаш хьаббина. Санкцеш ца йира. Евробертан парламентан ассамблеехь Оьрсийчоьнна бистхилар дихкира. И даро цу пачхьалкхана цхьа эшам ца бира. Беламе дара и.

Цу хенахь Оьрсийчоь демократин йаккхийчу пачхьалкхийн G-7- цхьаьнакхетаралле йитира. Китай йац цу йуккъехь. Оьрсийчоь демократица йацара, йа кхиина йогIуш йацара. ВВП Нидерландийн санна йара цуьнан. Шен импери карара йалар меттахIоттош, цу клубе схьаийцира. Оьрсийчоь демократехьа йаха йезаш йара, кхиарехь болх бан декхьарийлахь а. Амма иза ца хилира. Дуьненйукъарчу банкан валютин фондера Оьрсийчоьно схьаэцна миллиардаш ца дуьйцу аса, боьдуш Нохчийчохь тIом болуш. Оьрсийчоь ца йохийта делла дара иза.

Оьрсийчоьнах демократин кхиина йогIу пачхьалкхе хила йезаш йара, амма иза ца хилира

И кхерамаш хIинца бу. Цхьана [Эммануэла Макрона Францин президенто] дуьйцурш тоьур ду. Оьрсийчоь сийсаз ма йайша бохуш. Оьрсийчоь сийсаз йахь, йохийтахь, хьал кхин чIогIа телхар ду аьлла хета царна. Малбузехьа хIинца бу и хьежам. Украинехь цхьана шарахь тIом хиллачул тIаьхьа Украина тола йеза аьлла ойла йина цара. Амма хIун толам хир бу иза? Консенсус йац! Украино шен латтанаш схьадаха деза боху. Ткъа Малбузе кийча йуй цу Украинина ГIирма схьайоккхуш гIо дан? Украино ГIирма схьайаккхахь, хIун хир ду хьехош дац вай. Оьрсийчуьра проблемаш дIайуьйлалур йу. ГIо дийр дуй кхара и хьал нисдеш, кепе далош, йа новкъарло йийр йу? Пачхьалкхан коьрте мила хIутту хьаьжжина хир ду иза а. Суна хетарехь, дукха хьолахь, Малбузехьа берш кийча бац Оьрсийчоьнна тайп-тайпанчу дакъошна гIо дан. Цкъачунна кийча бац уьш цу кепарчу хийцамашна.

– Оьрсийчоьнан къилбехьарчу регионашкара а, Къилбаседа Кавказера а дукха нах бу Украинерчу тIамехь дакъалоцуш. Кавказ.Реалии сайто тидамехь латтош ду цигахь беллачарех болу хаамаш. Цара дийцарехь, 2800 стаг ву велла. Амма боккъал долу терахь кхин а лакхара хила тарло. Официал терахь Iедалхоша луш дац. Къаьмнийн республикашкарчу эскархойх дерг хIунда дуьйцу даимна? Цу тIамехь и санна дерг лелор товш дуй?

Иза-м статистика ма йай. Оьрсийчуьрчу цхьаццачу республикашкара кхелхинарш кхечанхьачарел дукха бу. Оьрсий болчуьра дукха бац цигахь. Оьрсий боцу регионаш йу хьалхарчу могIаршлахь. Iедал Москвахь а, йуккъерчу регионашкахь адам гIаттарах кхоьруш ду. Чиллин-баттахь а, гIадужу-баттахь а коьртачу шахьарахь, Петербургехь хилла революцеш; 1991-чу шарахь хилла путч. Цуьнца йоьзна Москвахь хилла кризис. Царна чIогIа ладаме ду и шадерриг. Цундела Москван, Москван регионан, Петербурган муьтIахь хилар лардан хьовсу уьш.

Оьрсийчоь хIинца а импери йу. Iедална моьтту: пачхьалкхан йистошкахь дерг ахчанца, ницкъаца сацалур ду. Царна мегаш ду и - адам оьгIаза ца дахийта, центрехь гIаттам ца хилийта. Социал - фактор а йу ладаме. "Йаккхийчу тоьпашна хьалха хIоттон жижиг санна дIабуьгурш лахарчу классера нах бу. Йуккъера а, лакхара класс тIаме хьажон стаг воцуш бисча бен, меттах йоккхур йац. Амма хьал цу тIе ца кхачийта шайн ма-хуьллу бохкуш бу уьш.

– Гуьржийчоьнан премьер-министр кху деношкахь Европин структурашна дуьхьал кIоршаме къамел деш вистхилира. Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Гуьржийчоьнца дуккха уьйраш йу. Цундела уьш цигахь долчунна тIе тидам бахийтина, Iаш бу. ЕС-н интеграцехь Гуьржийчоьнан таронаш муха го хьуна?

– Цу куьйгаллица дерг хало ду. Тбилисин урамашкахь Iедална дуьхьал кхайкхамаш бо, сатанисташ бийцира цу премьер-министро. Иза Оьрсийчуьра, Кадыровн къамелера схьаэцна дош ду. Цо а олу шена дуьхьал болучарах "шайтIанаш". Оьрсийчоьнан нарратив Гуьржеха кхачийта ца лаьа. Кхин а оьрсийн радикал-тобанаш йу. Iедало кхобуш, лелош. Уьш шайн лаамехь бу, цара журналисташна тIелатамаш бо, агрессица билгалбевлла бу. Iедалехь болучара латтош бу уьш.

Цу шен къамелехь Тбилисин урамашкахь Iедална реза боцуш, лаьттачу сатанистех дийцира премьер-министро. Кадыровн къамелера дешнаш ду уьш

2022-чу шеран йуьххьехь Гуьржийчоьно, Молдовино, Украино ЕС-н декъехь хила лаар дIахьедира. Кхечу кепара Iедалехь болучаьрга далур дацара. Цул тIаьхьа цу динамикина нийсса пурхнехьа дерш гуш ду вайна.

Цхьа шо ду гуьржийн Iедало Евробарт йемалйо. ЕС а, США а тIамехьа йу, Гуьржийчоь тIаманна йуккъе озон лууш йу бохуш. Иштта Зеленскийна, цуьнан Iедална, шайн оппозицина, маьршачу медиа-гIирсашна лоь уьш. Медиа-гIирсийн садукъдан лерина бу. Оханан-баттахь шайна оппозицехь йолчу, махкахойх 4-дакъа хьожуш йолчу каналан менеджер дIалаьцна. Цуьнан зудчо ТВ-компанин долахь йолу машен лелийна аьлла бахьана хIоттийна чохь валлош ву иза. Кхо шо ахшо хан тоьхна цунна.

Кхин дIа болчу медиа-гIирсашна прокуратуро, Iедалан белхалоша тIеIаткъам бо. Оппозицехь мел йолу каналаш кхелашкахь жоьпе озош, гIуллакхаш схьадиллина, латтош йу. Масех дийнчохь дIа къовлу уьш, шайна лиъча. [Евроинтеграци] сацон дерриге деш схьабогIу. Леррина беш болх бу иза.

КХИН А ХЬАЖА: "Веза тутмакх". Набахтехь а латтабо Саакашвили Михаила Гуьржийчуьрчу Iедалца къийсам

Кхин дIа хIун хир ду? Йукъаралло гайтина, шена Европин интеграци йезийла. Амма иза тоьуш дац. Йукъаралла Iедал дац. Сацамаш Iедало беш бу. Политикин партеш йу, амма уьш цкъачунна харжамашкахь дакъалаца, тола агуьнахь долуш йац. Кхузахь тулуш йерг админресурс йу. Иванишвилин ахча а, харжамийн технологи а. Цара шаьш масех шарахь хьалайоьттина йолу: терахьашца ловзар, манипуляцеш. Iедалехь йолчу партица къовсалуш верг царел онда хила веза. Цкъачунна и хала ду.

Аса чIогIа сатуьйсу, политикин майданехь цхьа боккха политикин ницкъ гучубаларе. Цо йукъараллин болам политспектре берзор бара. Дуккха хIума Малхбузехьарчу пачхьалкхех доьзна ду. Цара дендолчух, церан керлачу Iедале хинболчу хьежамах. Изза хьал Украинерчу Януковичехь дара. "Тхуна Европица хила лаьа",- олура цо, амма ша дерриге цунна дуьхьал дора. Европина масал хилла цу Януковичах. Гуьржийчоьнан Iедал ду Янукович санна лелаш. Европо хIун дийр ду-те?

– Сакашвили Михаилах дийций вай? Шен хенахь Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашна дозанаш схьадиллинчу стагах. Кеста паргIатвала таронаш йуй цуьнан?

– Саакашвили набахтехь хилар, цуьнан хьал хIора денца оьшуш дар - Москварчу Iедална беш хаам бу Гуьржийчоьнан Iедалера. Йуккъера чолхенаш а йу йан-м, Iедална иза аравалийта цалаарна бахьана хилла лаьтташ. Цуьнан могушалла тайан цалаар дац. Геополитикин чулацам бу. Гуьржийчоьнан Iедало Европа йемалйо. Йуха Оьрсийчоьно хастош нисло. Саакашвилин гIуллакх - Гуьржийчоьнан Iедал Москвана муьтIахь хиларан билгало ю.

Европина масала хилла дIахIоьттира Януковича лелийнарг. Гуьржийчоьнан Iедал ду цо леллийнарг схьаэцна догIуш. 2008-чу шарахь, цул тIаьхьа а Путинан уггаре воккха мостагI Саакашвили вара. ХIинца Совет-Iедал лаьттинчу латта тIехь цунна коьрта мостагI хетарг [Украинин Президент Владимир] Зеленский ву. Саакашвили набахтехь латтор Гуьржийчуьрчу Iедалан Оьрсийчоьнна муьтIахь хиларан тоьшалла ду. Оьрсийн, гуьржийн Iедалийн юкъаметтигашца, Путинан, Иванишвилин гергарлонца доьзна ду Сакашвилин чохь валлар. Малбузехьарчара тIеIаткъам бо цу хьолана (пресса, политика, йукъараллин жигархой). Макрона дукха хан йоццуш [британхойн премьераца Риши] Сунакца пресс-конференцехь дIахьедар дира Саакашвилин хьолах. Амма Гуьржичоьнан Iедал кху муьрехь Оьрсийчоьнах озалуш дуь малхбузехьарчарел чIогIа.

Саакашвили дIахоьцур ву аьлча, ца теша со. Гуьржийн, европхойн цхьа барт хилар хьокъехь ца нислахь. Йа Иванашвилина шена цхьа санкцеш йарца кхерам ца хIоттахь.

КХИН А ХЬАЖА: Гуьржийчоьнан хиллачу президентана Саакашвилина гIо лоцуш акци хIоттийна Европерчу нохчийн диаспоро

***

США-но, Европо нийса мах хадийна ца хилла Оьрсийчоьнан лаамийн. Шйн геополитикин хьал тадархьама, цара тIеман ницкъ арабоккхур бу аьлла дагахь ца хилла царна. Украина бахьнехь Малбузехьарчу пачхьалкхашца Оьрсийчоь девне йер йац аьлла хетар гIалате хилла. Билгалдаккха деза, США-хь а, Европе-хь Украинерчу кризис хьокъехь тайп-тайпана хьежамаш хилла хилар а. Масала, Малхбалехьарчу Европера пачхьалкхаша сихонца цу девна йукъагIортар магадора. Амма Малхбузехьарчара РФ-ца дерг дипломатийн тегIанна тIехь нисдан деза олура. Цу тIехь РФ-н агресси хьокъехь сацам бан цхьа барт ца хуьлуш, хьебелира уьш.

ЖамIаш деш, билгалдаккха догIу, США а, Европа а Оьрсийчоьно шен Украине гIортарца цецйаьккхина хилар. Харц хьежамаш, талламийн хаарш цатоар, полит-барт цахилар, тIеман кечамашца дерг, экономикица дозуш хилар, кхинйолу онда чолхенаш бахьанехь.