Чиллан-беттан 24-чохь шо кхечи Оьрсийчоь тIамца Украинана чIугIоьртина. Оцу заманчохь тIамтIехь вийна Къилбаседа Кавказера 2 500 вахархо, бакъо йоцуш мобилизацин йар къовсуш иттаннашкахь гIуллакхаш кхачийра кхеле, ткъа эзарнаш нах дIабахара пачхьалкхера, шаьш тIаме дахийтарна кхоьруш, йа шаьш тIамна дуьхьал хиларна таIзарх кхоьруш. Кавказ.Реалии сайто дагалоьцу шийтта беттан коьрта хиламаш.
Юьхь
Чиллан-беттан 24-чохь Iуьйранна пхи сахьт даьлча Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIакхайкхийра "Донбассехь тIеман леррина операци" йолайаларх. Путинан къамел дарца цхьаьна лелхийтарш долийра Киевехь, Харьковехь, Одессехь, Краматорскехь, Бердянскехь, иштта кхечу нах бехачу Украинан дозанаш тIехь а. Оцу дийнан суьйранна Ростовхь, Краснодарехь, Пятигорскехь, кхечу гIаланашкахь а адамаш урамашка девлира дуьхьало йеш. И митингаш вовшахтоьхнарг цхьах вацара – цIеххьана гIаттийна йара уьш. Ростовхь лецира тIамна дуьхьал йолчу пикеташкахь масех декъашхо. Хинйолчу репрессийн юьхь хилира цунах – хIетахь дуьйна Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а эзарнаш бахархой леца болийра Оьрсийчоьнан армина дискредитаци йар аьллачу Iедалан къепехула.
Оьрсийчоьнан пачхьалкхан зорбанаша массо а реза бу Украинехь тIом болорна бохуш, дIахьедешшехь, тIамна дуьхьал протесташ йар 2022-чу шеран коьртачу тенденцех хилира. Тайп-тайпана кепаш ийцира цара – социалан машанашкахь комментареш йитарна тIера пикеташна, халкъийн гуламашна, тIамна дуьхьал кехаташна, туьканашкара мехашна тIе кхаччалц. Чуьра политикана шаьш реза цахилар дIахаийтира оьрсийн йоллу регионийн бахархоша: хьалхара протесте митинг, Кадыров Рамзана куьйгалла дечу деххачу шерашкахь хилла йоцу, хIоттийра Нохчийчохь.
Краснодаран кIошт ша цхьаъ бен йоцу къилбан регион хилира, тIамца чугIоьртинчу хьалхарчу деношкахь 2022-чу шеран чиллан-баттахь меттигера тIамна дуьхьал комитет йоьллуш. Цо вовшахтуьйхира Оьрсийчохь бисина а, пачхьалкхера дIабахна а Навальный Алексейн штабан жигархой, экологаш, хIинццалц схьа политикаца гIуллакх ца хилларш а цхьаьна.
Дин лардар?
ТIом болабеллачу шолгIачу дийнахь, чиллан-беттан 25-чохь, Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигна хьалха дIахIиттийра Оьрсийчоьнан Къоман гвардин меттигерчу декъан эзарнаш эскархой тIеман барзакъца а, герзаца а. Царна хьалха къамел дира Кадыров Рамзана, цо дIахьедира, нохчийн тIеман гIуллакхдархой мичча хенахь а "муьлххачу а спецопераци, миччахь иза йелахь а", Оьрсийчоь Iалашйан" дIахьовда кийча бу аьлла. Ма-дарра аьлча, Кавказ.Реалии редакцин хаамашца, Кадыровна муьтIахь болу эскархой цул тIаьхьа махкарчу шайн базашка юхабирзинера.
Оцу гуламехь Кадыровс дIакхайкхийра, нохчийн эскархой дин лардеш бу аьлла. Оцу кепехь чиллан-беттан 28-чохь вистхилира Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь а. Украине гIортар пайхамарехьа беш тIом бу, цу тIамехь кхелхина нохчий – шахIидаш бу элира цо.
ТIаьхьо "джихIад" коьрта аргумент хилира Нохчийчохь тIаме бахийта бахархой юкъаийзочу компанихь. Цул совнах, махкахь буьйсанна маьждигашка а лелаш ламазаш, доIанаш дан буьйлабелира Украинаца болчу тIамера Оьрсийчоьнан эскаршна.
ТIом болабелла шо даьлча нохчийн Iеламчаш муфтий Межиев Салахь хьалха а ваьлла, тIеман Iаморашкахула чекхбевлира Гуьмсерчу Оьрсийчоьнан спецназан университетехь
"Тикток-эскарш"
Украине боьлхучу кадыровхойн дакъойн дуьххьара видеош гучуйевлира машанехь чиллан-беттан 27-чохь. Билггал маса штатехь волу нохчийн ницкъахо тIамтIехь дакъалоцуш ву, хууш дац. Аьхка махкахь вовшахтуьйхира цIерашца кхо батальон - "Восток-Ахмат, "Запад-Ахмат" а, "Юг Ахмат" а, "Север Ахмат", цхьа полк а – царна юкъа бахара Росгвардин а, полицин а белхахой.
Зазадокху-беттан 24-чохь видео гайтира Кадыровс Соьлжа-ГIалара Украине боьлхучу "лаамхойн" колонна гойтуш. Оцу дийннехь машанехь видео яьржира, уьш новкъабохучу гергарнаш тIехь болуш. Цу тIехь хеза боьлху зударий, цхьаммо олу, "йоллу Нохчийчоь гIаттахьара" цхьа а вохуьйтур вацара тIамтIе. Бакъоларйархоша масийттазза дIахьедора, бертаза тIекхуьйкхуш бу уьш – ницкъахоша лечкъийначу кегийчу нахах беш бу салтий, иштта, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарчех а.
Йоллу пачхьалкхера бохург санна "лаамхой" бу бохурш тIаме бахийта кечбен коьрта центр схьайиллира Гуьмсехь. "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" дешар итт дийнахь хуьлу, цул тIаьхьа "лаамхой" тIамтIе хьийсабо, цигахь лазавахь, йа вер нислахь даккхий ахчанаш лур ду а бохуш. Кадыровс дIахьедира, республикехь денна бохург санна 200 гергга "лаамхо" кечво шаьш аьлла.
"Тикток-эскарш" аьлла, гIарабевлира кадыровхой – тIеман эксперташна а, тергамчашна а хетарехь, нохчийн салтий юьхьанца дуьйна бара Оьрсийчоьно дIалецначу территореш тIехь. Оцу юкъанна, Кадыров Рамзанан ден цIарахчу фондера гуманитаран гIо ду аьлла, кадыровхоша лечкъийначу украинхойн сурсатех пайдаийцира цара.
ТаIзар доцу зуламаш
ТIеман юьххьера схьа дуьйна Оьрсийчоьнан регионашкахь ахчанаш гулдан буьйлабелира барзакъ а, тIеман техника а эца. Армин хьашташна аьлла ХIирийчуьра машенаш, дронаш, тепловизорш, бензин дутту херхаш, генераторш, полиэтилен, турмалш йахьийтира. Оцу юкъанна мехкан бахархой бехке хила тарло Украинехь тIом боьдучу юкъанна динчу масех зуламна – бежнаш дойура цара, машенаш идайора, наркотикаш юхкура.
Цунах лаьцна йозуш йоцчу телеграм-каналаша хаамбина ца Iаш, цхьадерг бакъ дира мехкан урхалхочо Меняйло Сергейс а. цул совнах, Кавказ.Реалиин редакцино къастийра, муьлхачу зуламашна гунахь бу лаамхойн "Осетия", "Алания" батальонийн командираш даймахкахь.
ХIетте а тIамехь дакъалаца контрактхой дуьхьалбевлла масех меттиг хиллий хууш ду къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а. Масала, ГIебарта-Балкхаройн а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а Росгвардин белхахой бу уггар а алсам кхелехь искаш чуйелларш, Украинехь тIом бан дуьхьал хиллачул тIаьхьа шаьш балхара дIадахар къуьйсуш, ткъа Буйнакскера 136-чу бригадин 300 гергга эскархо тIом болабелла бутт баьллачул тIаьхьа дуьхьалбевлира кхин дIа тIемаш бан, шайн лаамехь пачхьалкхан дозана тIера дIабахара уьш.
Кхин а хьалха дийцадаьккхира, Украинерчу тIамехь дакъалаца Къилбан ХIирийчоь аьлла дIакхайкхийначу мехкан дакъош а дуьхьалдовларх – юьйцург ю 300 стаг юкъахь хилла тоба. Зазадокху-бутт бовш Краснодарера Къоман гвардин Федералан эскарийн "Пластун" ОМОН-н оперативан тобанан взвод дIайаьккхира Украинаца долу доза хадон дуьхьал хиллачул тIаьхьа. 12 эскархо кхеле велира, шаьш дIадохуш дина омра низамашкахь дац аьлла къовсуш, делахь а тIаьхьо царех иссаммо юхаийцира латкъамаш.
Кадыров а, Закаев
ТIом болабелла кхо де даьллачу хенахь Закаев Ахьмада, тахана Британихь вехачу нохчийн политико, къобалйазчу Ичкерин лидеро дIахьедира, Европехь беха нохчий кийча хиларх Украина Iалашйеш тIемаш бан. Аьхка цуьнан Iалашонаш кхочушхилира – къаьстина батальон кхоьллира цо.
Лахьан-баттахь Нохчийчохь оцу тIехула бехктакхаман гIуллакх диллира террорхойн юкъаралла кхолларх, ткъа кхин а хьалха Кадыровс кхайкхамбира Украинехь тIемаш бечу мехкан бахархошка, Закаев ве аьлла. Иза вен ка йаьллачунна политико "маршо а, аьхна дахар а" латтор ду ша элира.
Кадыровс ч
Iир кхайкхийра Украинан агIор тIемаш бечу Ичкерин агIончашна. Нохчийчохь Кадыровн рожан дуьхьал герзаца нах вовшахтоха дагахь ду шаьш аьлла, нохчийн батальонаша дIахьединчул тIаьхьа хилира иза.
Оцу юкъанна Закаев Ахьмад Киевехь хилира, цигахь парламентехь а, Украинан президентан администрацихь политикашца а цхьаьнакхетарш хилира цуьнан. Ичкерин керла консул хIоттийра цо Украинехь – Шулипа Юрий ву иза. Цул тIаьхьа "Маьршачу Кавказехьа" вовшахкхетаралло Лакхарчу Раде проект кховдийра Ичкерин суверенитет къобалйар доьхуш. ГIадужу-беттан 18-чохь Украинан Лакхарчу Радехь сацам тIеийцира Нохчийн Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина мохк бу аьлла, йемалдира нохчийн къоман геноцид.
ХIинца Украинан эскарийн ницкъийн Интернационалан легиона юкъахь нохчех лаьтта кхо батальон ю, кхин а цхьаъ ю лаамхойн дакъошлахь тIемаш беш. 2023-чу шеран юьххьехь Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедира, нохчийн лаамхойн Шейх Мансуран цIарах йолу батальонера 55 эскархо шаьш "хIаллаквина" аьлла. Оцу дIахьедаран цхьана а тайпа тоьшаллаш ца далийра урхалло. Батальонехь бакъ ца бо и хаамаш.
Мобилизаци
Оьрсийчоьнан прпезиденто Путин Владимира гезгамашин-беттан 20-чохь "цхьана декъана мобилизаци" кхайкхийра. Ши бутт баьллачул тIаьхьа иза дIайирзина баьхнехь а, Оьрсийчоьнан бахархой тIекхуьйкхуш кехаташ оьху тахана а.
ТIамтIе ца бахархьама, пачхьалкхан бахархой катоьхна дIаэха боьлла. Лаьттахула долчу некъаш тIехь дуккха а километрашкахь раьгIнаш йара – къаьсттина коллапс хIоьттинера "Верхний Ларс" олучу Къилбаседа ХIирийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юккъерчу КПП-хь. Машенийн раьгIнашна тIехюьйлура мобилизацих уьдучийн вилспеташ а, самокаташ, цхьа ша-тайпа кIелхьраваларан символ хиллера царех – церан мехаш 100 эзарна тIера хьала бара. Эххар а республикан урхалло схьайиллира "Верхний Ларс" постехь военкоматан мобилан пункт – тIекхойкху кехаташ дIасадоькъура дозанехь, дIабоьлхучийн рагI а дIайелира.
2022-чу шарахь Нохчийчуьра 1196 вахархо дIавахна, 2021-чу шарахь хиллачу терахьца дIаваханера 329 вахархо. ДIабахначех дукхахбераш (1063) севцира СНГ-н мехкашкахь, цу юкъа йогIу Казахстан а, Эрмалойчоь а – уггар а дукха нах дIаихна 2022-чу шарахь оцу агIор. 2022-чу шеран итт баттахь ГIалгIайчуьра Оьрсийчоьнал арахьарчу пачхьалкхашка дIавахна 258 стаг – иссозза алсам бу уьш, цул а хьалхарчу шарахь хиллачуьнца дуьстича.
Мобилизацина дуьхьал протесташца урамашка бийлира Краснодаран а, Волгоградан а бахархой, ткъа пачхьалкхехь а уггар а йаккхий маса митингаш хIиттийра Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а. Цул совнах, цхьа могIа къилбан гIаланашкахь меттигерчу бахархоша протест йеш йагайора военкоматаш.
Мобилизаци дIайоьдура низамаш талхош – тIамтIе дIа а кхачале велира 17 стаг. Къилбаседа ХIирийчохь тIекхуьйкхура, масала, дуккха а бераш долу дай, йа хIинцалне а тIамехь эгна меттигера бахархой. Астраханан кIоштан куьйгалхочо Бабушкин Игоря дийцира цIа валийначу шиннах лаьцна: когех титанан пластинаш йехкина хилла стаг а, зорхана даI даьлла меттигера вахархо а. Къаьсттина дукха юхабалийнарш Волгоградан кIоштара бара. Губернаторо Бочаровс дIахаийтира гIалат нисделла 379 стагана мобилизаци йина хиларх. Цуьнан хаамашца, 60% хиллал царех берш тIом бан гунахь а бацара могушалла цахиларна, кхин а 15% - доьзалера бахьанашца.
Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкарчу кхелашка иттаннашкахь административан искаш кхаьчна военкоматийн сацамаш къуьйсуш, цхьацца бахьанашца тIекхайкха йиш йоцу нах цара тIеийзабарна. Дукха хьолахь царна дуьхьало йо, йа дIахьедарш листа а ца луьсту.
Кадыровн кхерамаш
ТIамна дуьхьал болчу нахана, украинхойн политикашна, Европан пачхьалкхийн лидершна Кадыровс кхерамаш тийсар сецна а дац дийнна шарахь. Украине чугIоьртинчу юьхьанца дуьйна дIахьедора цо "Киев схьайаккха" лаам хиларх. Зазадокху-беттан 5-чохь танкаш тIехь йолу видео хIоттийра цо "кеста йерриг Киев тхан хир ю" аьлла, ткъа цул а цхьа де хьалха доьхура "омра ло эскархошна Харьков, Киев, кхинйолу гIаланаш а схьайаха" бохуш. Цул совнах масийттазза элира цо зарратан герз хеца магарх а.
Регионалан политико тIаьххьарчу беттанашкахь шога критика йо тIеман министраллина. Масала, оцу заманчохь украинхойн Лиман юхайеллачу "Центр" армин тобанан буьйралла дечу инарлина Лапин Александрна "корматалла йоцург" элира Кадыровс. Товбеца-баттахь Кадырвос хаамбира, "кхин дIа а ваха" Iалашо хиларх, "атта" Киев йаьккхина ца Iаш, НАТО-н пачхьалкхаш а цхьаьна схьайаха.
2023-чу шарахь Кадыровс дIахьедира Польшина денацификаци а, демилитаризаци а йан лаам хиларх Украинера тIом бирзинчул тIаьхьа, Польше америкахойн герз дIадала тарло аьллачунна делла жоп дара и.
Вагнеровцаш
Гурахь хиира, Ростовн кIоштарчу колонишкара мел кIезиг а кхо эазр стаг "ЧВК Вагнеран" компанин йолахой хилла Украинерчу тIаме бахийтина аьлла. ТIаьххьарчу кIиранашкахь регионера кест-кеста хаамаш кхочура и "лаамхой" байарх. Дийца даьккхина, Краснодаран а, Ростовн а мехкашкара а, Къилбаседа Кавказан ресубликашкара а колонишкахь хан токхуш болчу нахана кхерамаш туьйсу царна дуьхьал керла гIуллакхаш дохур ду бохуш, нагахь санна, "ЧВК Вагнера" тобанхойх дIа ца кхетахь.
Колонишкара дIабигинчу йолахойн тептарш, царна гечден омранаш а санна, къайладаьхна. Цундела, дукха хьолахь вербовка йинчийн цIераш уьш байинчул тIаьхьа гучуйовлу – регионалан зорбанан гIирсашкахула. Ву царлахь, масала, Ростовра полисхо хилла Кадацкий Сергей. 2017-чу шеран аьхка къаьркъа а мелла некъа тIера машенна герз диттинера цо, цу чохь полисхочун хилла хIусамнана а, стунда а хиллера. Зуда оцу меттигехь йеллера.
Вийна Украинехь кубанхо Фет-Оглы Александр а. 2020-чу шеран стигалкъекъа-баттахь мехкан кхело хIетахь а таIзар токхучу Фет-Оглына колонихь даккха 12 шо туьйхира ши адам дерна 64 а, 70 а шераш долу ши гей. ТаIзар динчо дIахьедарехь, цаьрца къаьркъа молуш хиллера иза, цунна кочавеанера и шиъ, царех кIелхьарвала гIоьртинера ша аьлла.
Лахьан-бутт бовш Украинана дуьхьал болийначу тIамехь велира Къилба ХIирийчоь аьлла шаьш дIакхайкхийначу мехкан вахархо Дзарахохов Олег, "Колобок" олура цунах - масех стаг верна а, талораш лелорна а, Гагиев Асланан тобанан декъахь зуламхойн тоба вовшахтохарна а хан йоккхуш вара иза. Дзарахоховс жигара дакъалацарца Гагиевн бандано тIаьххьарчу шерашкахь уггар а кIоршаме зулам дира - 2013-чу шеран мангал-беттан 12-чохь Бесланехь бизнесхо Торчинов Алан вийра цо, ткъа шолгIачу дийнахь иза дIавуллучу нахана тIе герз диттинера. Веа стагана чевнаш йира, царех цхьаъ дарбанан цIийне вуьгучу хенахь дIавелира.
Краснодаран кIоштахь Бакинская станицана гергахь жигархочунна Вотановский Виталийна 2022-чу шеран гIуран-баттахь "ЧВК Вагнеран" кешнаш карийра. Цигахь дIабухкуш хиллера, шайн гергарчийн контакташ ца йитина йолахой. Кавказ.Реалии сайтана къаьстира, цигахь дIабоьхкина дукхахберш шога, къиза зуламаш дарна хан йоккхуш хиллийла, низамашкахь тахана а хан токхуш хила безара уьш. Верриг а оцу кешнашкахь дIавоьллина виъ эзар сов стаг.
Дечкен-беттан юьххьехь Оьрсийчоьнан тIеман министралло лехамашка велира, "ЛНР" олучу меттигера Iаморийн куьпара ведда "ЧВК Вагнеран" ялх декъашхо. Iамораш дIахьочу центре кхаччалц Оьрсийчуьра набахтехь латтош хиллера уьш. ГIуран-баттахь Ростовн кIоштара Новошахтинскехь лецира "ЧВК Вагнера" тобане вербовка йина хилла тутмакх, Оьрсийчоьнан доза а хадийна, полисхшна тIе герз диттинера цо. Ша лаьцначул тIаьхьа цо дIахьединера, тиллера ша, МВД-н белхахой украинхойн эскархойх тарбеллера шена аьлла.
Чиллан-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра "ЧВК Вагнера" кхоьллинчу Пригожин Евгенийна "конкуренци йан" воллу ша, пачхьалкхан даржах мукъаваьллачул тIаьхьа тIеман шен долахь компани схьайоьллур ю ша аьлла.
Оьрсийчоьнан бахархошна кхерам
ГIадужу-беттан 17-чохь Краснодаран кIоштара Ейск гIалахь Оьрсийчоьнан Су-34 кема дуьйжира нах бехачу цIенна тIе. ТIеман министралло хаамбира, кема чударан бахьана Iамораш дIахьочу заманчохь цуьнан мотор галйалар дара аьлла. 13 стаг велира, мел лахара а 19-на чевнаш йира.
Чиллан-беттан 23-чуьра схьа хIорш дуьххьара зен хилла Оьрсийчоьнан маьрша бахархой бац: Украинаца доза тоьхначу регионашна масийттазза тохарш дира, царех лаьцна йа меттигерчу Iедалхоша а, йа полисхоша а йеш комментарий йац. ТIом болабеллачу хьалхарчу кхаа дийнахь Ростовн кIоштахь хIора денна тохарш дора, иштта кхийтира Украинаца доза тоьхначу Миллеровскан кIоштана а. Чиллан-беттан 25-чохь эккхийтар хилира тIеман аэродроман дозана тIехь. Официалехь оцу инцидентах лаьцна бина хаам бац, делахь а, Оьрсийчоьнан тIеман корреспондентийн хаамашца, тIеман объектана динчу тохарехь лазийнарш а, белларш а хила тарло. Билггал царех терахь хууш дац. Иштта ракеташ йахкар, йа церан геригаш хаайелла Краснодар, Ставрополь-мехкашкахь, Волгоградан кIоштахь а.
ТIаьхьо Ставрополан кIоштарчу дуккха а петарш чохь йолчу цIенойн урхалла дечу компанешна тIедиллира, бахархошна муха Iалашбала деза хоуьйтуш, массо а чохь кехаташ тоха аьлла. Царна тIехь кхетадо, муха хуьлу лоьчкъийлаш, хIун дан деза лачкъа дезахь, химин, зарратан кхерам лаьттачу хенахь муха Iалашвала деза а.
Лоьчкъийлаш стенгахь ю, кхерам хилахь лачкъа аьлла, Ростов-на-Дону гIалин администрацихь бахархойн хеттаршна жоьпаш дала дуьхьал хилира. Хьаькамаша дIахьедира, оцу тайпа информаци "балхахь болчарна" ю аьлла. Оцу юкъанна регионалан МЧС-урхалло йаржийна инструкци, тохарш дечу хенахь хIун дан деза хьоьхуш.
Волгоградан кIоштан прокуратуро Дубовскан кIоштан хьаькамаш декхаре бина радиацих ларвала школийн а, дарбанан хIусамийн а, меттигерчу эксплуатацин сервисийн а дозанаш тIехь лоьчкъийлаш кечйан.
Чиллан-баттахь Краснодаран а, Ставрополан а цхьа могIа гIаланашкара а, иштта Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу а доларчу самукъадаккхаран радиостанцешкахула а аудиохаам бина ракетийн тохарш дан кхерам латтарх. МЧС-н оперативан штабехь дIахьедира, радиоэфир цхьаммо йаьстинера, и хаамаш "фейк" ю аьлла.