Пачхьалкхашна-м хаац, амма дов дац СБУ-на, ФСБ-на юкъахь

Украина – Украинин къайлахчу сервисан хIусам . Киев, 17Гезг.2015

Украинерчу къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьнна дIаелла шайн махкахь политикан тховкIело еха еана йолу Дагестанера зуда.

Your browser doesn’t support HTML5

Пачхьалкхашна-м хаац, амма дов дац СБУ-на а, ФСБ-на а юкъахь

Бабаева Амнат Туркойчоьнан Iедалша экстремизмаца зIе хиларна шеконе лаьцна хилла. ТIаьхьарчу шина шарахь туркойн махкахь эхаш хилла Дагестанера орамаш долу и къона зуда Истамбулехь цхьана хьужарехь берашна Iарбойн мотт Iамош хилла.

Цу шеконийн бахьана, хетарехь, Амнатин хIусамда ши шо хьалха Шемица доза а хадийна, ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанах дIа а кхетта, цигарчу чаьлтачашна динах хьехамаш беш Iелим хиларца доьзна ду. Ша Бабаевас адамийн бакъонашларйархошца къамелехь чIагIдарехь, шен хIусамда ДаIишах дIакхетчахьана иза цунна цкъа а гина вац, я цуьнца цхьа а зIе а яц цуьнан.

ХIетте а, 26 шо долу зуда Туркойчоьнна кхераме леринчу цигарчу Iедалхоша сацам бинера, иза махкал араяккха. Бакъду, шаьш иза Оьрсийчу дIаелча, цунна цигахь болчу кхерамах зуда ларйархьама, туркойн леринчу сервисийн векалша цуьнга цхьана хенахь Советашна юккъе йогIуш хиллачу пачхьалкхех муьлха а схьахаржа бакъо еллера, царех цунна луучу махка депортаци цунна йийр йолуш.

Украинин, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш тIаьхьарчу шерашкахь чолхе хиларна, Киево ша дIалур яц бохучу сатийсамца Бабаевас тIаккха Украина хаьржина хилла, Дуьненаюкъарчу Хьюман Райтс адамийн бакъонашларйархойн юкъаралло шен сайта тIехь яздарца.

Амма Истамбулера Харкове догIучу кеманна тIера зуда охьаюссушехь дIаюьйлаелла цуьнан проблемаш. Меттигерчу дозалардаран хьукматхоша дихкина цунна, махка чу ян, иза террорхошца уьйраш хиларна шеконехь ю, аьлла. Украинерчу адамийн бакъонашларйархошца телефонехула зIене яла кадаьлла йолу Бабаева Амнат кхиина, цаьрга шегара хьал дийца.

Амма цунна тIекхача гIоьртинчу адвокатана Максименко Олеган аэропортехь дихкина Iедалхоша цу зудчуьнца къамел дан, шозлагIучу дийнахь, адвокато шен балхана хьукматхоша новкъарло йо аьлла, полици кхайкхича бен и шиъ вовшашна гайта а ца гойтуш.

Украинерчу адамийн бакъонех йолчу Хелсинкийн комитетан векал волчу Захаров Бориса иштта дийцира меттигерчу журналисташка цунах лаьцна. «Бабаева дозанал сехьа яьлча, иза дозалардархоша сацийнера.

Цара цунна новкъарло йинера политикан тховкIело еха. ТIаккха йигахь гIовгIа яьллера, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин куьйгалхой юккъе гIоьртинчул тIаьхьа бен иза дIа ца хецнера цара, шен адвокатах а ца кхетийтинера цул тIаьхьа бен».

Адамийн бакъонашларйархочо дийцарехь, шозлагIчу дийнахь Харковерчу мигрантийн сервисе тховкIело ехарх дIахьедар яздан Бабаева яхана йолуш, цунна тIаьхьа баьхкинчу къайлахсервисхоша иза нуцкъах лаца а лаьцна, мича юьгу а ца олуш, дIайигнера.

Цул тIаьхьа цу зудчуьнцара хьал, Украинерчу «Обозреватель» сайто дийцарехь, кхин а чолх ду. Iедалхоша шаьш лар а еш, буьйсанна Оьрсийчоьнца долчу дозане а йигина, цигахь оьрсийн дозалардархошка дIаелла иза. «Церан каракхаьчначу нахана тIехь деш долу таIзар дийца йиш йолуш дац.

Эцца Донбассехь сепаратисташа вайн агIор шаьш лийцинчарна тIехь деш дерг ду ала мегар ду-кх. Массо а стаг цецваьлла ву Кхерамазаллин сервисо динчух. Иза ямартло а ю, Украинина эхь а ду», - элира Захаровс журналисташка.

Ала догIу, Оьрсийчоьнна дIаелча дуьйна Бабаева Амнатин кхолламах лаьцна хууш хIумма а дац. Цкъачунна йолчу информацица, иза Оьрсийчоъь цкъа а официалечу лехамашкахь хилла яц, амма Дагестанерчу нуьцкъаллин структурин белхахоша масийтаза хеттамашка дигина хилла цуьнан дай-наний, цу йоIаца а, цуьнан хIусамдеца а церан зIе юй толлуш.

Шен рогIехь, Украинерчу СБУ олучу кхерамазаллин сервисан векалша дацаре до, шаьш Бабаева цуьнан лаамна дуьхьал, ницкъаца оьрсашка дIаелла бохург. Шайн официала сайта тIехь цу хьукмато зорбане даьккхинчу дIахьедарца, бехк берриге а цу зудчуьн шен бу. «Дозанал сехьа йолучу хенахь цо юх-юха а кега а луш, тайп-тайпана жоьпаш лора шега деллачу хеттаршна.

Ша Украине стенна йогIуш ю а, ша Туркойчохь хIун деш хилла а лортIехь дийцалуш яцара и Оьрсийчоьнан яхархо. Цундела Кхерамазаллин сервисо иза махкара араяккха сацам бина. Цу дийнахьехь иза шен лаамца Оьрсийчоьнан агIор ша дIа а яхара», - аьлла яздина цу дIахьедарехь.