Юха а нохчийн, овхIанхойн кегирхой вовшех летта Австрехь. Венин юккъехь чуччабахана болу шина къомах кегирхой дIасакъасто баьхкинера 11 машенахь полисхой. Цхьана нохчочунна урс тоьхна, кхин а цхьанна яй чевнаш йина латарехь.
ХIурдалахь чудоьжначу оьрсийн кемана чохь беллачу журналистех дастам йистхиларна цабевзачу жигархоша юхьаралаьцна евзаш йолу блогер Божена Рынска. Рынскас дийцарехь цунна дуьхьал цабезаман кампани ю дIахьош. Ша Рынскас жимма хьалха маьттазчу йозанашца гойтура шен нохчашка цабезам.
Оршот Iуьйранна Берлинера дIа гIаш Алеппо кхача новкъаяьлла маьршачу европахойн цхьа тоба. „Алеппохь дуьхьа -машаран марш“ цIе йолчу акцехь дакъалоцуш бу и нах. Кхаа баттахь сов некъ бинчул тIаьхьа Шема кхача Iалашо йолчу церан лаам бу, цу махкара тIом дуьненан пачхьалкхийн куьйгалхошка сацабайтар.
Берлинехь террорхочо кир лелочу машенца нах байъича, Европехь бехачу нохчашна, кхечу нахана санна, халонга даьллера и зулам. Амма и бохам баьллачу шозлагIчу дийнахь Австрерчу булваран газеташа зуламхо нохчо ву аларо, кхин а йиш йохийнера дуккхаъчеран.
Европера 3000 юкъараллин жигархой бу кху деношкахь Берлинера дIа Шемарчу Алеппо кхачччалца машаран марш ян новкъабовла кечлуш. Цу боламан коьртехь лаьтташ Германера журналист Албот Анна а, цуьнан хIусамда Томас а ву.
Венерчу кхелехь еарийн дийнахь дов хоттуш дара яханчу бIаьста нохчийн кегирхошна арсаш диттинчу овхIанхошка. Куьгбехкечарна шина шарера пхеа шаре кхаччалца хенаш тоха мегаш йолу процесс кхин цкъа а дIататта дийзира кхелахойн.
Францерчу политолого Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна Нобелан машаран совгIат дала деза аьлла бохуш чIагIдо оьрсийн хаамийн гIирсаша.
12 стаг вийна, 50 гергга стаг лазийна оршот сарахь Берлинерчу Iиса пайхамар винчу денна леринчу ярмаркехь нахана тIе машен тоьхначу террорхочо. Зуламхочух хууш цкъачунна кIеззиг хIума ду.
Иттанаш эзарнаш нах Шемарчу Алеппо гIалахь Iожаллин зил тIехIиттина хилар деш хIумма а доцуш тергалдо дуьнено. Ткъа Малхбузерчу хаамийн гIирсаша шайхаллаш до, Алеппо йожаро Шемарчу тIамна бенболу тIеIаткъам а бустуш...
Масех де дара ватсапехула а, кхечу социалан машанашкахула а орца доьху хаам дIасалела, Германехь Айзен бохучу жимчу гIалахь нохчашна йиттина, царах леттачарна бекхам бан беза, кегирхоша схьа а гулбелла, цхьаъ дан деза, бохуш чулацам а болуш.
Дуьненчохь кхиинчу пачхьалкхийн бахархоша шайн каракхочуш долчу рицкъан доккхах долу дакъа хIусаман кхачо ярний, могашалла ларъярний, исбаьхьаллех марзо эцарний духку. Оьрсаша духку юучунна -молчунна. Ткъа нохчаша, гарехь, духкучух тера ду иза машенашна.
Малхбузехь уггаре а ледарчех репутаци йолчу къаьмнашна юккъехь цIе йоккху нохчийн къоман. Къиза а, бахьана долуш-доцуш лата кийча а, зударшна гIело еш а, къоланаш деш а, рэкет лелош а лору вайн махкахой Европехь.
Германерчу лакхарчу кхело бинчу сацамца, школашкахь некан даран урокашкахь дакъалаца декхарелахь ду дерриг а бусалба зудабераш. И сацам кхело 11 шо долчу цхьана дешархочо шена буркини а тоъалла бусулба духар ца хета аьлла бинчу латкъамна дуьхьал тIеэцна бу.
ХIинцачул тIаьхьа социалан машанашкахь террорхошца озабезам беш наха яздеш дерг лардан сацам бина Фейсбукан а, Майкрософтан, Твиттеран, Ютюбан куьйгалхоша. Экстремизме чулацам болу сарташ а, видеош а дIаяйъина ца Iаш, уьш яржош берш муьлш бу а билгалдохур ду сайтийн дайша.
Австрехь кIирандийнахь дIабаьхьначу президентан харжамийн шозлагIчу гонехь пачхьалкхан лакхара дарж къовсуш вара аьтто-радикалан партин векал Хофер Норбертий, возуш воцу кандидат Ван дер Беллен Александрий. Ван дер Белленс толам баккхаро сацийна Австрехь националистийн хьежамаш болу ницкъаш Iедале бахкар.
Нохчий Малхбузе дIаэха буьйлабелчхьана чолхедаьлла къоман векалийн зуда ялорца-яхарца долу хьал. Нагахь санна йоI я кIант дозанал арахь дехаш делахь, Нохчийчуьрчу молланаша масала, геннара мах ца бо царна. Цул совнаха, масех доза а хадош, вовшахкхета а хала хуьлу дезачарна.
Малхбузерчу пачхьалкхашкахь кху муьрехь керла терроран акцеш дIаяхьа там бу ша шех Исламан пачхьалкхе олучу тобано. И хаам официалехь баржийна Интерполо. Дуьненаюкъарчу полисхойн цхьаьнакхетаралло Европера бахархой сема хиларе кхайкхина.
Венехь цхьаьнакхеттачу мехкдаьтта духкучу пачхьалкхийн векалша сацам бина гергарчу ялх баттахь мехкадаьтта даккхар лахдан. И сацам ОПЕК - цхьаьнакхетараллин векалша бовзийтинчул тIаьхьа, лакхабала болабелла оцу сурсатан мах.
Австрин финансийн министралло гIалат а яьлла, берийн ахчанаш чусецина хилла, хIинца иза схьаэца ваха веза массо а, аьлла, цхьана ца вевзачо ватсапехула хабар даржийнера кIирандийнахь. Цунах Iехабелла бIеннаш нохчийн шайн ахча схьадеха гулбеллера Австрин финансийн хьукматехь.
Шемахь я Иракъехь тIамехь а хилла, Германе юхабирзинчу джихадхоша Iедалца цхьаьна болхбо, шайна гинарг а, хуург а къайлахчу сервисашка дIадуьйцуш. Иштта ду меттигерчу экстремизмаца къийсам латторан хьукмато цу нехан досьеш толлуш хIоттийна жамI.
Хьажа кхин дIа а