Германехь а, Белгехь а, Австрехь а ирчачу талоршца криминалан хроникийн могIаршка кхаьчна болу нохчийн мухIажарш ишттачу къизалле берзар стенца доьзна ду-те боху хаттар кхолладелла дуккхаъчу нахехь.
Европерчу пачхьалкхашкахь Iедалан урхалле Путинца озабезам болу нах кхочуш хиларо сингаттам кхуллу Малхбузерчу политикан гонашкахь. КесталгIа Францехь дIахьон болчу президентан харжамийн кандидат а ву Путинан доттагI Фийон Франсуа хила мегаш.
Оьрсийчоьнан пропагандица къийсам латторан резолюци тIеэцна Европарламенто. И документ тIеэцале хьалха шогачу критике дира евродупататаша, Кремлан муьтIахьчу оьрсийн пачхьалкхан хаамийн гIирсаш Евробертан цхьаалла йохон гIертар.
Масех кIира хьалха Францехь нохчийн доьзалера Iедалхоша 5 бер дIадаккхаро доккха халхетар динера цу махкахь бехачу вайнахана. ХIетахь дуьйна и доьзал вовшашхтоха къахьегначу Ниццерчу нохчийн диаспорин кадаьлла кхелехула бераш цIадерзон.
"ШариIатан полици" тIе яздина цIехо-можа жилеташ йоьхна, урамашкахь богIу-боьлхучаьрга имдилла бохуш, кхайкхамаш бинчу исламхойн тобан декъашхой маьрша баьхна Германерчу кхело. Ткъа цу тобан куьйгалхо террорхошна гIодарна шеконашца набахтехь кхобуш ву.
Немцойн канцлер Меркел Ангелан белхан хан тIедогIучу шарахь чекхйолуш ю. ХIинцалца схьа къайле яра, цо и хан чекхйаьлча шегара дарж охьадуьллурий-те бохург. Амма кIирандийнахь Меркела хаийтина, ша еалгIачу ханна а кацлер хила гIуртур юйла.
Германехь шен хIусамнана цкъа хьалха корехула ара а кхоьссина, цул тIаьхьа урс диттина йийначу цхьана нохчийн мухIажаро динчу зуламна гонахь иккхина IалагIож вуно йоккха ю. Немцойн хаамийн гIирсашкахь а, Европехь бехачу вайнахалахь а шуьйра дийцаре беш бу и бохам.
Белгехь а, Германехь а, Австрехь а нохчийн къомах нах декъа а болуш гIовгIане криминале талорш хилла кху деношкахь. Хаамийн гIирсаша а, тешаш а чIагIдарехь а, цу талорий декъа кхиазхой а, гIеметтахIиттина нах а бу.
ДаIиш тобанца а, кхечу джихадхошца а зIенехь хиларна шеконца исламхойн евзаш йолу цхьаьнакхетаралла йихкина Германин урхалло. Европин гIаланийн урамашкахь КъурIан декъарца гIарйаьлла хилла „Бакъдолу дин“ цхьаьнакхетаралла ю йихкинарг.
Трамп Доналд ша даьккхинчу президентан дарже хиича, цо шен пачхьалкхо Москохна дуьхьал яьхна гIуданан гIулчаш юхаяха а сахьт дац аьлла хета тергамхошна. Цундела Евроберто ша Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш Трамп Доналдан инаугураци а хилале яхъян а тарло.
Германерчу джихIадхошлахь идеолог ларалуш волу Абу Валаа лаьцна. Iедало зуьйр ду, Европерчу бусалбанашна ДаIишан могIаршка хIитта марздарна ву иза бехке я вац.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн презибентан харжамашкахь Трамп Доналд толаро цецбаьхна Малхбузера тергамхой. Амма и толам кхето хала доцийла хаьа царна – хIунда аьлча, Трампана кхаж тесинчарна юккъехь дукха бу, Клинтон Хилларина шайн аьзнаш ца далархьама и харжам бинарш...
Москохарчу хенаца Iуьйранна бархI сахьт даьлча, ткъа Вашингтонца буьйсанна 12 даьлча дIабуьйлабелла Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан харжамаш. Iамеркахоша хоржуш ву, тIедогIучу деа шарахь шайн махкахь президент хилла ца Iаш, доллучу дуьненан политикана а тIеIаткъам бан йиш йолу стаг.
Европехь бехачу нохчийн доьзалшкара бераш дIадуьгу Iедало кегийчийн тергоечу хьукматашка кест-кеста, дас-нанас кхочуш Iуналла ца до, олий. Норвегера и тайпа хилам листина нах бовлале, хIинца Францерчу Ниццехь бехачу ЭскаевгIеран доьзалх Iоттабелла изза бохам.
Немцойн урхалло тIеэца кечдинчу низамца цу махкахь 18 шо кхачале маредар доьхкур ду. Цуьнан бахьана ду Германе схьаоьхучу мухIажаршна юккъехь вуно дукха 14-15-16 шераш кхаьчна марехь зударий хилар.
Норвегехь Iедало бераш дIадаьхначу нохчийн доьзална сагатдеш бу Европехь дуккхаъ нах
Немцойн масех гIаланашкахь нохчийн мухIажирш бехачу петаршкахь лехамаш дIабаьхьна полицино.
ХIора шарахь Лахьан - беттан 2-чохь дуьненчохь билгалдоккху журналисташна дуьхьал ден зуламаш бекхам боцуш ца дитийтарна лерина де. Шайн болх бахьана долуш гIелонаш а, таIзарш а ловш болчу журналисташна тIе тидам бахийта юккъедьккхина ду иза.
Кху деношкахь Норвегехь бехачу рогIерачу цхьана нохчийн доьзалера Iедало бераш дIадахарца доьзна IалагIож яьржина Европерчу вайнахалахь.
4,5 миллиард еврона киншкаш эцна немцоша даханчу шарахь. Оцу ахчанца яц интернетехула я супермаркаташкахь, я, аьр вай, бензин духкучу автогрилашкарчу йозанан продукци юхкучу дакъошкахь эцнарш. Уьш ю кхин а, мел кIезга а, миллиард евроне кхочуш.
Хьажа кхин дIа а