Украинана дуьхьал бен тIом берза лууш бу Нохчийчуьра бахархой, Москвара а, Питерера а бахархойл а чIогIа. 39% Нохчийчоьнан бахархой тIамехьа бу, хеттарш дина 71% - машарехьа. Хаттам бинчу кхечу исс регионашкахьчул а алсам бу цигахь.
Диверси йан гIерташ хилла аьлла шеконашца бархI стаг лаьцна ГIалгIайчохь. Церах цхьаъ вийна лоцучу хенахь. ФСБ-н хаамашца, лецначийн Iалашо хилла ницкъахошна а, энергетикан меттигашна а тIелетарш дан. Оцу гIуллакхехула талламаш бира ишта Карабулакерчу «НИЙСХО» реабилитацин центрехь а.
Нохчийчохь доьазза тIетоьхна Украинана дуьхьал тIом бечарна ахчанаш. Махкара контрактхошна цхьана ханна луш долу ахча хир ду 400 эзар сом. Меттигера бахархой нуьцкъаша тIаме хьийсорах дийцира «СК SOS-н» бакъонашларъярхоша а.
Москварчу Wildberries-н офиса хьалха герз диттинчарлахь кадыровхой хаабелла. Лецначарлахь – лаххара а кхоъ ву Нохчийчохь ницкъаллийн структурашкахь болх бина.
Москварчу кхело 20 эзар сом барамехь гӀуда тоьхна Дагестанерчу ММА латархочунна Исмаилов Мохьмадана. Хьалхо, Исмаиловс критика йинера полисхошна маьждигашкахь цара йинчу рейдашна.
Нохчийн оппозицин жигархочун керт схьайаккха кхерамаш тесна «Ахмат» спецназан командира. Кхерамаш мел хила йиш йолуш хIума ду – хууш дац. Амма кадыровхо ша кхел йина хилла ву, шен шина накъостаца таксистана тIелеттар дарна.
Оьрсийчохь керла дешаран шо доладелла – пропагандица а, кхерамзалла чIагIъйарца а. Краснодарера №97 школан дешархоша вотанашца а, "Со оьрси ву" иллица а могIаран болар дира, ткъа Ростовера №104-чу школера дешархойн дай-наной линейке ца битира.
Шина кIиранчохь шозза тIелатар дина Росрезерван мехкдаьттан базана – цигахь латтош йу Оьрсийчоьнан эскарна лерина йагорг. Доккха эккхар цигахь хиларх хаамбира Каменскан кIоштара бахархоша, йаздо Astra телеграм-канало.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долчу кIантана мехкан лаккхара совгIат дина – Кадыровн орден. Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Адамна дина итталгIа совгIат ду хIара. Цу хенахь жимачу Кадыровн 15 шо дара. Йеттарца доьзна гIуллакх доло реза ца хилира полици.
Салташа Курскан кIоштарчу тIемашкахь дакъалаца дезарх дIахьедира «АХМАТ» спецназан командиро. Селханалера дешархой тIаме хьийсорах дай-наноша бен латкъамаш Алаудинов Аптис "тийжар" ду аьлла.
Лидеры 12 общественных организаций в Северной Осетии потребовали от местных властей раскрыть потери республики на войне России против Украины, объявить недельный траур и запретить призыв «представителей осетинского народа с целью сохранения генофонда».
Марсхьокху-беттан 1-хь Оьрсийчоьно а, Малхбузено а тутмакхаш хийцарна критика йира арахьарчу нохчийн юкъаралло. Германехь велла дIаваллалц чохь йаккха хан тоьхна Красиков Вадим дIаваларна эргIадбахийтира жигархой.
Хьажа кхин дIа а