Москварчу кхело 20 эзар сом барамехь гӀуда тоьхна Дагестанерчу ММА латархочунна Исмаилов Мохьмадана. Хьалхо, Исмаиловс критика йинера полисхошна маьждигашкахь цара йинчу рейдашна.
Нохчийн оппозицин жигархочун керт схьайаккха кхерамаш тесна «Ахмат» спецназан командира. Кхерамаш мел хила йиш йолуш хIума ду – хууш дац. Амма кадыровхо ша кхел йина хилла ву, шен шина накъостаца таксистана тIелеттар дарна.
Оьрсийчохь керла дешаран шо доладелла – пропагандица а, кхерамзалла чIагIъйарца а. Краснодарера №97 школан дешархоша вотанашца а, "Со оьрси ву" иллица а могIаран болар дира, ткъа Ростовера №104-чу школера дешархойн дай-наной линейке ца битира.
Шина кIиранчохь шозза тIелатар дина Росрезерван мехкдаьттан базана – цигахь латтош йу Оьрсийчоьнан эскарна лерина йагорг. Доккха эккхар цигахь хиларх хаамбира Каменскан кIоштара бахархоша, йаздо Astra телеграм-канало.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долчу кIантана мехкан лаккхара совгIат дина – Кадыровн орден. Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Адамна дина итталгIа совгIат ду хIара. Цу хенахь жимачу Кадыровн 15 шо дара. Йеттарца доьзна гIуллакх доло реза ца хилира полици.
Салташа Курскан кIоштарчу тIемашкахь дакъалаца дезарх дIахьедира «АХМАТ» спецназан командиро. Селханалера дешархой тIаме хьийсорах дай-наноша бен латкъамаш Алаудинов Аптис "тийжар" ду аьлла.
Лидеры 12 общественных организаций в Северной Осетии потребовали от местных властей раскрыть потери республики на войне России против Украины, объявить недельный траур и запретить призыв «представителей осетинского народа с целью сохранения генофонда».
Марсхьокху-беттан 1-хь Оьрсийчоьно а, Малхбузено а тутмакхаш хийцарна критика йира арахьарчу нохчийн юкъаралло. Германехь велла дIаваллалц чохь йаккха хан тоьхна Красиков Вадим дIаваларна эргIадбахийтира жигархой.
Советан заманара схьа дуьйна уггар а дукха тутмакхаш дIасахийцар нисделла Оьрсийчоьнна а, Малхбузерчу пачхьалкхашна а йукъахь. Оьрсийчуьра а, Белоруссера а колонешкара 16 стаг а, дозанал арахьа кхел йина 8 оьрси а дӀахецна.
Аьхкенан Олимпикан ловзарш дуьйладелла Парижехь -Оьрсийчоьнан къилбан цIарах цигахь шиъ векал йу, Краснодарера спортхой бу уьш. Оьрсийчоьнан бахархошна магийна ду ловзаршкахь дакъа лаца нейтралан байракхан бухахь.
Белгородан кIоштахь кадыровхойн леларна латкъам бина Z-блогерша. Валуйки гӀалахь йаьккхина видео йаржош йу социалан машанашкахь, цу тӀехь Нохчийчуьрчу тӀеман декъан эскархо хила тарлучу жимчу стага хӀаваэ герз детта. ТIаьхьо блогеро йаздира, «бехкала бахнарш» таIзарна тIеман хьалхене хьовсийна.
Товбеца-беттан 15-хь нохчийн Башан-Кхелли йуьртахь гидроэлектростанци йечу меттехь эккхийтар хилла. Лаххара а пхиъ белхало кхелхина, 25 сов стаг лазийна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо эккхарх лаьцна комментарий товбеца-беттан 15-чу сарахь бен ца йира: хилларг "бохаман хIума" ду бохура.
Хьажа кхин дIа а