ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман гур


Шемарчу оппозицин ницкъашна тIехIиттина нохчийн тIемалой.
Шемарчу оппозицин ницкъашна тIехIиттина нохчийн тIемалой.

Асадан амнистино шайн кхоллам хийцаре сатуьйсу цу махкахь тIом барна Оьрсийчохь чубоьхкинчу наха

Шемарчу тIамо Iаткъамехь латтабо дукхахенахь дуьйна, герз охьа а диллина, цIабоьрзуш, шаьш дохкодовлар тидаме а эцна, Гергарчу Малхбалера тIамехь дакъалацарна дийр долу тIаIзар малдаре сатийсина нах.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло далочу терахьашца, маситта шарахь Шемахь йоьдучу конфликтехула чекхваьлла 68 эзар Оьрсийчоьнан эскархо. Царна юкъахь ву 460 инарла. Цо гойту цу тIамехь Оьрсийчуьрчу тIеман ницкъашна хьалха лаьтташ хилла Iалашонаш забаре ца хилар.

Асад Башаран дуьхьалончаш хилла ца Iаш, Шемарчу тIамана юкъаозийна яра Малхбузерчу пачхьалкхаша кхоьллина, Шеман президент вохар Iалашо йолу коалици.

Шеман а, Оьрсийчоьнан а тIеман ницкъашна дуьхьал лаьтташ яра меттигерчу оппозицин герзаца йолу а, Аль-Каедан а, "Исламан пачхьалкх" олу а тобанаш а, кхиберш а.

Царна юкъахь вара маситта эзар Оьрсийчоьнан вахархо а. Масала, президенто Путин Владимира 2017-чу шарахь элира, цу нехан терахь 4 эзар стаг ду аьлла. Цхьана Дагестанера Шема тIаме баханчу нехан терахь ду 1200 гергга. Жимма алсам бахана ала мегар ду цу тIаме Нохчийчуьра бахархой.

Шеман оппозици эххар эшна. И бахьана долуш даккхийн дараш хилла оппозицина тIехIиттинчу кхечу пачхьалкхашкарчу тIеман тобанашна юкъахь. Цхьа кIеззиг дийна бисина тIемалой, дохко а бевлла, маьршша юха цIа берза гIоьртира. Амма царах дукхахаберш лецна чубоьхкира Iедалша, яккхийн хенаш а етташ.

Иза бахьана долуш Оьрсийчуьрчу набахтаашкахь хан токхучу Шемахь тIом бинчу наха сатийсамца тIеэцна президенто Асад Башара цу махкахь кхайкхийна амнисти. Уьш сатесна бу Асад шен дуьхьалончашна къинтIера валар тидаме а эцна, Оьрсийчуьрчу Iедалша шаьш маьрша дахаре.

Цу кепара амнистеш Шемахь хIора шарахь кхайкхайора. Амма 2018-чу шарахь ГIадужу-беттан 9-хь йинчу амнистино таIзарх хьалха боху 1950 шарахь тIеэцначу "Эскарехь гIуллакх дарх" а, "ТIеман зуламаш дарх" а низамашна кIел богIурш. Цу указца амнисти йина Шемахь 58 гергга стагана. Цу юкъахь бу мухIажараш а, тIемалой хилла нах а.

"Коммерсант" газето яздарехь, иза дерриг а тидаме а эцна, шен гIуллакх юхаталлар дехнера Нохчийчуьрчу вахахочо Алхазов СаьIида. Шеларчу кхело чувоьллина ву иза Оьрсийчоьнан низамашца йогIуш йоцчу кхечу пачхьалкхерчу тIеман тобанехь дакъалацарна. Алхазов сатесна вара Шемахь стохка гурахь Асада кхайкхийна амнисти шех а хьакхалуш ю, и бахьана долуш ша маьршаволуьйтур ву аьлла.

Делахь а Пермь-гIалан Мотовилихинскин кIоштан кхел реза ца хилла цуьнан дехар къобул дан, цунна таIзар Оьрсийчоьнан низамийн бух тIехь дина, Шеман низамийн бух тIехь ца дина аьлла.

Цу кепара Шемарчу амнистино цхьа а Iаткъам бийр болчух тера дац Оьрсийчоьнан криминалан низамашца чубоьхкинчу нехан кхолламашна.

Шемарчу набахташкахь болчу Къилбаседа Кавказера а, ерриг а Оьрсийчуьра а тIемалойн аьтто хир бу Асадан амнистех пайда эца, цу махкахь шайн статус билгалйоккхуш. Амма Гергарчу Малхбалехь тIом барна таIзарх къелхаьрбовла аьтто хин бац цера Оьрсийчу цIаберзахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG