ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь кхел йийр ю полисхочунна. Иза бахьана долуш йийна, аьлла хета меттигерчу вахархочо шен йиша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчохь бехктакхаман гIуллакх теллина даьлла, "сий лардеш" зуда ерца доьзначу гIуллакхехула жоьпе озийначу полисхочунна дуьхьал. 33 шо долчу цунна бехке дуьллуш ду, низам а дохош, шен даржах пайда а эцна, къайле йолу адаман дахарах лаьцна хаамаш, цуьнга а ца хоттуш, баржорна, хаам бо Кавказ.Реалиино, меттигерчу прокуратурана тIе а тевжаш.

Вуьйцург ву харцонца ахча даккха гIертарна бехке вина меттигера вахархо Альтемиров Iийса схьалоцуш дIаязйина видео социалан машанашкахь зорбане яьккхина волу полицин белхахо. Оцу видео тIехь шен йиша а гина иза йийра меттигерчу вахархочо Могушков Мохьмадбашира. Цу кепара "тIедеанчу эхьах шен доьзал цIанбина" ша, элира цо.

Полисхочун бехктакхаман гIуллакх хатта дIахьажийна Магасан кIоштан кхеле.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиино яздина ма-хиллара, кхушара Чиллан-беттан 7-хь полисхошна йина карийра Евлоева Лиза (маре яхалае – Могушкова). 33 долу иза кхелхинера деган накхана тIе кхузза урс тохар бахьана долуш. ТIаьхьо полисхошна тIевеанера цуьнан ваша – 37 шо долу Могушков Мохьмадбашир. Цо мукъарло дира низамашлардархошка, шен йишин "цIийца шайн доьзал тIедеанчу эхьах цIанбина" ша аьлла.
  • Полисхочун дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Пушкина Оксанас Евлоева ер хьокъехь таллам бар доьхуш Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнца Бастрыкин Александре кехат яздинчул тIаьхьа.
  • Зулам даран бахьана ду, Альтемиров Iийса лоцуш полисхоша яьккхинчу оперативан видео тIехь Евлоева хилла хилар. Альтемиров ву марехь болу зударий вон лела карзахабохуш, ткъа цул тIаьхьа, шаьш яьккхинчу видеоца шантаж а еш, ахча доккхуш хиллачу бандан декхашхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG