"Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар) бакъонашларъяран центро дIакхайкхийна Соьлжа-ГIаларчу номер цхьаъ йолчу изоляторехь латтош волчу вежаршна Исаев ИсмаьIилна а, Магомадов Салехьна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх политикан бух болуш ду аьлла. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалии сайто.
"Мемориалан" белхахошна хетарехь, кегийрхой хьийзор "тIехьажийна ду цаьрга Iедална гуш-хезаш критика ца яйта, доьзна ду и шиъ ЛГБТ-сообществан дакъа хиларца".
Исаев ИсмаьIил а, Магомадов Салехь а лаьцна латтош ву низамца йоцучу тIеман дакъошна гIо дина аьлла. "Мемориалан" векалша чIагIдо, ЛГБТ-рчу къона шина атеисто Нохчийчуьра вадале тIемалочунна Борчашвили Рустамана гIо дина бохург "теша хала дерг ду" аьлла.
Оццу хенахь бехктакхаман гIуллакхехь яздо, 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь тIемало вийна аьлла хаам бича, шаьшиъ зуламна бехкевахь аьлла, кхеравеллачу цу шиммо дIахьединера, ЛГБТ машана юкъахь ву аьлла. Оьрсийчуьра а дIаваха дагахь хиллера ши ваша.
Талламо гIортор еш йолу и верси бух болуш яц аьлла хета "Мемориална", цаьршимма ЛГБТ-машане гIо дехна, ткъа иштта гуш-хезаш дийцина, шаьшиъ лачкъийна а, хьийзийна а хиларх лаьцна шайга бехк кховдабале хьалха.
Кхушара бIаьста Нижний Новгородера лачкъийна Соьлжа-ГIала вигинчу Нохчийчоьнан шина вахархочо Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а юха а дIахьедина, номер 1 йолчу Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-н белхахоша шаьшинна тIехь ницкъ бо, йетта а йетта аьлла. "Новая газетано" хаам барехь, адвокатан динчу хеттарийн протоколашкахь яздина цунах лаьцна.
Магамадовс а, Исаевс а дийцина, байначу беттан 22-чохь талламан изоляторера кхелан кхеташоне вигинера шаьшиъ вентиляци йоцучу "Патриот" УАЗ-ан багажникчохь аьлла. Йовхонехь вон хиллера шайна, кораш деллар дехначу конвоиро цкъа сийсазвира, цул тIаьхьа машен юха а ерзийна, СИЗО дIавигира. Исаевс бахарехь, видеокамераш йоцучу камера чу а вигина, йиттинера цунна.
ТIаьхьа, карарчу беттан 12-чу дийнахь, Исаевс дагалецарца, камера чу иккхинчу СИЗО-н куьйгалхочун гIовса йетта а йиттина, бертаза корта баьшна хиллера цуьнан.
Магамадовна шозза йиттина - Марсхьокху-беттан 8-чохь а, 10-чохь а. Оцу деношна юкъахь протест кхайкхош цо шен куьйгаш хедийнера.
Чиллан-баттахь хаамашкахь дийца даьккхира бакъоларъяран органийн белхахоша 17 шераш долу Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а Нижний Новгородехь лачкъорах. Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар.
Кавказ.Реалиига лецначийн гергарчех йолчу цхьана зудчо хаийтира хьалхо, телеграм-чат лелош хилла кегийрхой, кхетош-кхиорхьама, латтабо КъурIан а доьшуьйтуш, аьлла.
Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха. Оьрсийчубьра адIаваха дагахь хиллера ши ваша, амма ца ларийра - юха а каравеана и шиъ, Нохчийчу дIавигира бертаза.