ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Думан депутата Делимханов Адама тIамна дуьхьал болчу студенташна кхерамаш тийсина


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Пачхьалкхан думан Нохчийн республикерчу депутата Делимханов Адама оьрсийн студенташна кхерамаш тийсина. Меттигерчу телехьожийлан эфирехь цо дош делла, тIамна а, оьсийн президентана Путин Владимирна а дуьхьал дIахьедарш деш волчо "цунах жоп лур ду", аьлла.

Политикашна, журналисташна, ур-атталла спортхошна а хьалхо кхерамаш тийсина волчу Делимхановс хаамбира, оьрсийн доьшийлан студенташа яздечунна тIехь тидам латтабе, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера кхаьчначу "омрах" лаьцна. "Шена мел луург яздийраш" "шайн пачхьалкх, даймохк дIабоьхкина, динца кхиийна боцу нах" бу аьлла цо.

"МГУ, МГИМО тIера доладелла, ерриг Оьрсийчоьнан доьшийлаш… Сервисаш ларош яцахь тхо ларор ду. Тхан пачхьалкх, гимн, тхан конституци, тхан президент аьшнашвечаьргара хIорангера жоп доьхур ду оха", - аьлла Делимхановс.

Иштта шен кхайкхамехь Делимхановс "вайн дайш санна Берлинна тIекхаьчна а ца Iаш, Лондонна тIекхача" дош делира, "хIуда аьлча, и дерриг цигара ду".

"Нохчийн республикал арахьа бехачу кегийрхойн хеттаршкахула" Делимхановца шен хиллачу цхьанакхетарх лаьцна дийцира товбеца-баттахь Кадыровс шен телеграмерчу каналехь.

"Церан лелар дикалле сатийса вуьтуш хуьлу. Иштта меттигаш кIезга ю, амма дерриг нохчийн къоманна а, культурина, бIешерийн ламасташна а тIе эхь доуьйту. Кхеташонехь оха ишттачу низам дохочеран хьокъехь лело езаш йолу коьрта Iалашонаш билгалъехира", - элира Кадыровс.

  • Делимханов Адам оьрсийн оппозицин политик Немцов Борис а, диллина Кадыров Рамзанна дуьхьала ваьлла хилла волу ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан буьйранча Байсаров Мовлади а лач некъашца вуьйш дакъа лаьцнарг хета Делимханов. Интерполехула лехамашка велла хиллера Делимханов Ямадаевг1еран вежарий байъарна, цуьнан хьокъехь таллам бар тIедожийра, цо журналисташна кхерамаш тийсарна а, федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин доьзална "коьртеш даха" дош дарана а. Делимханов иштта вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна, а Москван Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан хьалханчана Закускин Александрна кхерамаш тийсарца. Дайначу шеран аьхка политика Яшин Ильяс Делимхановх "Оьрсийчоьнан уггара кхераме депутат" элира.
  • Охан-баттахь президента Путин Владимира Делимхановна Оьрсийчоьнан Турпалхочун чин делира. Цо "леррина операци дIахьош гайтинчу доьналла а, турпалалла а" хилира иза даран бахьана (Украинерчу тIамах олу оьрсийн Iедало "леррина операци". – Билг.). Мангал-баттахь Делимхановс кхерамазаллин а, курхалла лелорна дуьхьало яран а комитетан хьалхара гIовсан дарж дIалецира.
  • Адамийн бакъонаш хьешарна бехке а вина, Малхбузенан санкцийн тептаре ваьккхина Делимханов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG