ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламбан машен сацон хьийзачу хенахь подполковник вийна Соьлжа-ГIалахь - зорбанаш


Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт

Чиллан-беттан 4-чу суьйранна вийна полицин подполковник хила тарлун, ханна вовшахтоьхначу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн органийн а, дакъойн а оперативан тобанан хьаькам Атмурзаев Альберт. Цунах лаьцна хаамбина "Сапа Кавказ", Baza телеграм-каналаша.

Церан зерашца, "Арена Ахмат" стадион йолчу меттигехь машенахь воьдуш хилла Атмурзаев, ОМОН-Ахматан белхахоша саца аьлла, тIедожийча, ца соцуш тIехъиккхина иза. ТIаккха герз тоьхна машенна тIе полисхоша. Коьртах герз кхетта подполковникана, дарбанан цIийне вигина иза, цигахь кхалхар нисделла цуьнан. Официалехь информаци тIечIагIйина йац.

Ханна вовшахтоьхначу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн органийн, дакъойн оперативан тоба кхоьллина йу 2000-чу шарахь. Официалехь цуьнан Iалашонаш йу Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу дозанаш тIехь Iуналла латтор, зуламхойн тобанийн декъашхой, герз, наркотикаш лехар, федералан лехамашкахь йолу транспорт гучуйаккхар. The Insider гIирсо билгалдоккху, Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкара белхахой бу оцу декъехь гIуллакх деш аьлла.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун бIанакъост Алаудинов Апти девне ваьлла оьрсийн талламхойн диверсин-штурман "Русич" тобанан (националистех лаьтташ ду и дакъа, дуьненайукъара санкцеш йу царна дуьхьалйаьхна) эскархошца. Бахьана даьлла нохчийн "Ахмат" декъан куьйгакIел берийн куп кхолла йеза аьлла, Оьрсийчоьнан парламентан депутато Кузнецов Дмитрийс дечкен-бутт бовш дина хьехарх.
  • 2022-чу шщеран лахьан-баттахь Соьлжа-ГIалана йуккъехь тIелетар дира полицина. Зулам динера 19 шо долчу меттигерчу вахархочо, урс даьккхина. ГИБДД-н белхахо вийра цо, цуьнгара герз даьккхина, и детта волавеллера иза, дуьхьал тоьхна вийра.
  • Украинехь шуьйра тIом болабеллачул тIаьхьа дуьйцура Кадыровн дакъошкара эскархошна а, кхечу Оьрсийчоьнан эскаран дакъошна а йукъахь девнаш латтарх. Масала, дечкен-баттахь дийца даьккхира оккупаци йинчу Мелитополехь хиллачу конфликтах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG