ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхаца" воьзна хилла аьлла кхел йина Ставрополера вахархочунна


Ростов-на-Дону гIалара Къилбан гонийн ТIеман кхел
Ростов-на-Дону гIалара Къилбан гонийн ТIеман кхел

Ростов-на-Дону гIалара Къилбан гонашкара тIеман кхело бехке лаьрра Ставрополан вахархо Лебедев Владимир террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанахь дакъалацарна. Итт шой ахшой хан тоьхна Лебедевна шогачу рожан хьелашкарчу колонихь даккха, хьалхара шиъ набахтехь а токхуш.

Регионалан къайлахчу сервисийн пресс-гIуллакххоша чIагIдо, 2023-чу шарахь Лебедев "лаамехь агIонча" хиллера террорхойн йукъараллин "тIейогIучу хенахь церан цIарца зуламаш дан", хаамбина "Интерфаксо".

Дуьйцурш билггал хIун зуламаш ду, къастийна дац, Лебедев ИГИЛ йукъахь волуш лелийна цхьа зуламаш хиларх а, информаци йац.

Ши кIира хьалха оццу кхело изза таIзар кхайкхийра ГIебарта-Балкхаройчуьра Баксан гIалин вахархочунна Цеев Нурмухьмамедана.

Бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, харцонаш лелийна а меттигаш.

Оьрсийчуьра бакъоларйархоша а, адвокаташа а билгалдоккху, дукха хьолахь тIемалой, террорхой бу бохуш дIакхийкхочу нахана дуьхьал шайггара гIуллакхаш доху, кхел хилале хьалха царна тIехь ницкъ беш, шайна оьшу тоьшаллаш дохуш аьлла.

  • Чиллан-баттахь Къилбан гонашкарчу тIеман кхело бехкевира Ставрополь-мехкан Пятигорскера ши вахархо, ДаIишца уьйраш латторна а, чохьарчу гIуллакхийн министралла эккхийта кечам барна а. Шогачу хьелашкара колонихь даккха 12 а, 12,5 а шераш туьйхира цу шинна.
  • ГIуран-баттахь оцу кхело пхи шой ахшой кхайкхийра Нефтекумскера кхиазхочунна –бехкбуьллучийн версица, ДаIишах дIакхетта хиллера иза "церан цIарах зуламаш дан" лаамца.
  • Товбеца-баттахь Къилбан гонийн тIеман кхело бекх кховдийра Кхарачой-Чергазийчоьнан вахархочуьнга Демурчев Михаиле, ДаIишца воьзна ву, терроран тохарш дан кечлуш хиллера аьлла – 16 шо туьйхира цунна набахтехь даккха.
XS
SM
MD
LG