ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимханов Адаман вешина инарла-полковникан дарж делла


Кадыров Рамзан, Делимханов Алибек, Кадыровн телеграм-каналера сурт
Кадыров Рамзан, Делимханов Алибек, Кадыровн телеграм-каналера сурт

Росгвардин директоран гIовсана, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адаман вешина Делимханов Алибекана инарла-полковник дарж делла. Оцу кепарчу омрана куьйгйаздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбина шен телеграм-каналехь цунна совгIат дарх. И тIетевжина Путинан омра, официалехь зорбане даьккхина дац.

Чиллан-баттахь Кадыровс Нохчийчоьнан "турпалхочун" седа белира Делимханов Алибекана, Росгвардин директоран гIоьнча ву иза а олуш; хьалхо Къилбаседа Кавказан гонашкара Росгвардин эскарийн куьйгалхочун гIовс вара иза.

Дечкен-баттахь инарла-майоран чин делира Делимханов Адамна а.

Хьалхо зазадокху-баттахь инарла-майорна цIе йелира Висмурадов Абузайдана а. Нохчийчоьнан вице-премьер ву иза ницкъаллин блокехула. Висмурадовн кIантехь йу Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан йоI.

  • ДелимхановгIар Кадыров Рамзанан ненехула гергара нах бу. Делимханов Адам - цуьнан цхьахволу уллора бIанакъост а ву. 1990-гIа шераш довш Ичкерин гIаттамхойн командир хилла Радуев Салман дIасалелош хилла ву иза. 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарш Ичкерина тIелетачу заманчохь шен вежаршца цхьаьна, тахана мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан ден Кадыров Ахьмадан агIор велира иза.
  • Делимханов Адам а, Влибек а хьахийра Оьрсийчоьнан политик Немцов Борис верца долчу гIуллакхехь. Амма цара вийна аьлла, дина тоьгаллаш дац. Доьзалан адвокаташ цуьнан вешига Алибеке а, гергарчу Геремеев Руслане а, Сулеймане а хеттарш дайта гIиртира, амма царех цхьа а кхеле ца веара.
  • Делимханов Адаман, Алибек воцург а, кхин а ши ваша ву: Шарип, Нохчийчуьрчу МВД-н хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолчу полицин полкан буьйранча, республикехула йолчу Росгвардин урхаллин куьйгалхо, полицин инарла-майор ву. Республикера дIабахначу оппозиционераша вуьйзира иза Тепсуркаев Салман верца Оццу ницкъаллин структурехь гIуллакх де шву Делимханов Амхьад а. Оьрсийчоьно Украинехь болийначу тIамехь дакъалацарна вежаршна дуьхьалйаьхна санкцеш йу.
  • 2006-чу шарахь Делимханов Адам шеконашка ийцира, Москвахь ФСБ-н подполковник, нохчийн "Ламанхо" тобанан командир, Кадыров Рамзанца девнехь хилла Байсаров Мовлади вийна цо аьлла. Иштта иза вузура ши ваша верца а – Оьрсийчоьнан парламентан депутат Ямадаев Руслан а, "Восток" батальонан хилла командир Ямадаев Сулим а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG