ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн политикан тутмакх Мусаева Зарема дарбан цIийне кхаьчна могушалла галйаьлла


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Колонихь латточу нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина дестар хилла, цIеххьана бIаьрса гIелделла цуьнан. Цунах лаьцна хааме даьккхина "Iазапашна дуьхьал Командо" цуьнан адвокатана Савин Александран дIахьедарна тIетевжина. Устрада-ГIаларчу колонихь иза йолчохь хиллера и.

ШолгIачу кепера инсулинах йоьзна диабет йу Мусаеван. Дукха хан йоццуш керла молханаш йаздинера цунна, хIунда аьлча, хIинццалц моьлучара гIоле цайарна. Цул совнах, дукха хан йоццуш катаракта йу а аьлла цунна.

"Цо дийцина, бIаьрса цIеххьана телхира шен. ТIаьхь-тIаьхьа са гар ледара дара цуьнан, дарбан цIийне охьайуьллучу заманчохь гIаларташ бен гуш дацара цунна. Гола а йара цуьнан чIогIа лазайаьлла. Даим а лазар йухадоккху молханаш моьлуш йиссина иза", - хаамбина Савина.

Зазадокху-бутт йуккъе баьллачу хенахь дийца даьккхира, Устрада-ГIалара колонихь йолу Мусаева Зарема лоьрийн комиссех чекх ца йоккху ши бутт а бу аьлла. Хенал а хьалха набахтера иза арайаккхийта оьшуш дара цунна лоьрех чекхйалар.

Савинна хетарехь, гергарчу хенахь комисси вовшахтоха тарло – кхело масийттаза оцу кепара дехар дахьийтинера колони а, республикера УФСИН-е а, прокуратурин органашка а.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
  • Пятигорскера кассацин кхело кхаа баттана лахйина нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина набахтехь йаккха тоьхна хан. Цунах лаьцна дехар динера прокуроро. Курхаллех а, ницкъахочунна тIелатарна а дуьхьал айдинчу гIуллакхехь таIзар малдан бахьанаш карийна боху, ма-дарра дийцича, гIуллакха йукъахь дан а доцу.
  • Бакъоларйаран "Политикан тумакхийн гIо латтор. Мемориал" тобано политикан тутмакх лерира Мусаева Зарема. Бакъоларйархоша шайн дIахьедарехь билгалдаьккхинера, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG