ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха достучу денна кечамаш беш бу Нохчийчохь


Russia -- The moon is seen behind the crescent of the Yaroslavl Central Mosque, 29Nov2012
Russia -- The moon is seen behind the crescent of the Yaroslavl Central Mosque, 29Nov2012

Кху деношкахь, берриг а бусулба нах санна, марха даста кечлуш бу Нохчийчура бахархой. Коьртачу декъана иза ду токхе даарийн стол кечьяр. Цу гIуллакхана тIаьхьарчу хенахь тIех сов харжаш еш Iедал ду нохчийн.

ХIокху а, тIаьхь тIедогIучу шина-кхаа дийнахь, махкахь мел йолчу бахзаршкахь а, туьканашкахь а, яа а, тIейоха а, хIума, ша ерг ала мегар долуш дIаера ю. Дерриге а дийнахь, хан яьллалца болх беш ю и меттигаш. Бусулбачу нехан, уггаре а дезчу денна, массарна а лаьа, тIехь цIена бедар хуьлийла а, стоьла тIехь, мерза мел ерг хилийта.

Нохчий, шаьш цхьа хIума долийча, юккъерачу барамехь саца кхеташ боцун дела, тIех сов харжаш еш, бина кхача, даздарш дIадаьлча дIакхуссуш дукха меттигаш нисло. И хIума ца леладайта, хIора шарахь аьлча санна, республикан муфтиято кхайхкам бо, нахе хIуманна хьурмат де олий, амма, бахаршкахь долчу суьрте хьажча, го, уьш кхача безачу дIа ца кхочийла.

Гуьмса гIалана коьратчу маьждиган имам волчу Кимаев Юсупа дийцира Маршо радиога, шаьш оцу хьокъехь нахана юккъехь бечу хьехамех.

Кимаев Юсуп: « Мархийна де вай чIогIа къаьстина кечам беш де ду. Цхьаберш, хьал долчарах тарбала гIерташ, ца лелийча ца довлу бохуш, декхаре а боьлхуш хIума лело гIерта. Делахь а , нгахе, хIораммо шен-шен тароне хьаьжжина хIума де аьлла дIакхайкхина ду. ХIора стаганна, шай марха къобал дан веъча, кара хIума кховдо луура ду-кх.

Делахь а хIума кара кховдо мегар ду, барамелла тIехь а ца волуш, цхьа даккхий совгIаташ дан а ца гIерташ. Шоколадан бот ялаь а, вай даиманна хилла а ю. Марха достучу дийнахь, вай мерза хIума дIасакховдор бахьанца, мераз хаза де а ду иза массераан. Вай махкахь, муфтиято дIакхайкхадайтинарг из ду».

Диндайша бохург наха, шаьш кхетадеччу агIора леладо. Оцу хIумано, къома дог-ойла а, комаьрша амал а гойту. Массанхьа долчу хьолах лаьцна ишшта дийцира, Эльза цIе йолчу Соьлжа-гIаларчу цхьана зудчо.

Эльза: « Ша верг, езниг, мерзниг эца гIерташ воллу. Ахча доцурш, цаьрга ахьоьжуш, шай таро ерг лело гIерта. Яа хIума кеч а йина, иза наха йиъча-м цуьнах доккха сагIа хира дара. Амма, цхьана гайтаман дIахIоттийна хуьлу уьш. Ишштачу нехан, чу воьдуш а, ян иза юуш а стаг ца хуьлу. ТIаккха иза сагIа дац».

Марха достуш долу де, зударийн кхача кечбаран похIмаллийн къийсамах тера хета Адам цIе йолчу Соьлжа-гIалара вахархочуьнна. Хьалха санна, чу нах ца оьху, цундела, ишшта дукха кечбан кхача оьшуш бацара элира цо.

Адам: «Зударийн цхьа къовсам санна ду и марха досту де. Оьрсийн маттахь «соревнование» а олу цуьнах. ВогIучу иттех стаган а, чуьрчарна а хьалха йилла хилчхьан тоам болуш ю. ДIаялча, иза тIеян а мегар ма ду шозлогIачу дийнахь. Стол кагдаллалца яа хIума тIе ма юьллу вай. Лулахочо цхьа котам эцча, ши котам эца гIерташ хуьлу вай. Иза нийса дац».

Хьалха лелийнехь а, кху шарахь, шай доьзалехь и хIума лелора долуш яц Эльза. Жима-жима еш, яа хIума йийра ю элира цо.

Эльза:
«Суна балха тIехь догIуш I0 бIе туьма ду,сан марнанна а ду оццула пенси. Чохь кхо бера а дут хан. Тхайн оцу дийнахь яала хIума кечйира йолуш ю-кх со. ТIеттина уьш схьа а эцна. Юха уьш Iдакхосса сан хIун бала кхаьчна. Цхьабочлу наха сагIана схьа а ма ца оьцу. Цундела, со йолчу мила вогIура ву а хаа суна, оцу барамехь ас кхача а кечбийра бу».

Шай агIора бусулба динан говзанчаш, дийцарехь хIуманна кхоам бар, тIех сов рицкъ ца дайра, коьрте дилла деза наха. Аюбов Ясраил цIе йолчу, дешначу стага, ишшта дийцира цуьнах лаьцна.

Аюбов Ясраил:
«Марха достучу дийнахь, нохчаша чIогIа мерза кхача а кечбо. Амма, юуш бюерш кIезгша хуьлу. Цундела, шаьш юуург, исрап ца деш, дIа ца кхуссуш, Дала гергахь иза ларъеш хIума дан деза».

Марханаш дастаран денош тIекхачаре баккхийчара сатийсина а ца Iаш, царелла чIогIа сатессина ду бераш а. ХIинцале, денош а, сахьташ а дагар деш ду, царах цхьа дерш, карахь тIоьрмигаш а эцна, лулахой болчухула марханагш къобал дан хан тIе мац кхочура ю. Лиза боху 6 шо кхаьчна хIара йоI санна.

Лиза: «Марх кхобал дан тхо кечлуш бу. Сан нанас суна а , сан йишина а, хIумш эца яхна базар. ТIоьрмигаш а эцна, цхьацца лулахой болчу гIура дут хо.Цигахь кампеташ а, сегIазаш а лура ду тхуна. Уьш гул а йой, тхайга схьадаьхкинчу берашна дIалура ю оха».

Ткъа, оцу юккъолгIа, базарахь, мерах хьокху йовлакхаш а, кучамаш юьхкучеран, шарахь а ца хилла болу мах хуьлуш бу. Стохка, масалла, Италера кучамаш юьхкучу цхьана кIанта, уьш йоьхкина, цхьана шина кIирнахь, 2 миллион сов соьман са яьккхинера. ДIа мел оьцу, йохкархой-м оьшура бац Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG