ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин агIончаша маршо къуьйсу, ткъа Нохчийчохь Путин "хаьржина". КIиранан жамIаш


Ичкерин байракх, гайтаман сурт
Ичкерин байракх, гайтаман сурт

Нохчийчуьра йезткъе ткъесна процент Путинехьа, Ичкерин агIончийн Белгородан кIоштара рейд, Соьлжа-ГIалахь "кхетош-кхион хьехамашца" кхерамаш тийсар, лачкъийна йигинчу Сулейманова Седех хилларг цахаийтар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду Маршонан 55-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Нохчийчуьра 98,99% Путинехьа

Дахначу мукъаденошкахь Оьрсийчохь кхаа дийнахь кхаьжнаш тийсира президент хоржуш. И кампани дагахьйиссина бозуш боцу кандидаташ йукъа ца битарца а, харцонаш лелорца а, жигархой лецарца а. Харжамхойн бакъонаш ларйечу "Аз" боламо "тардар" ду элира харжамех лаьцна, билггал Путинна дуьхьалверг цу харжамашна йукъа витина цахиларна. Иштта "Аз" боламо дIайазйина Оьрсийчоьнан дуккхаъчу регионашкахь лелийна харцонаш.

Коьртачу харжамийн комиссин зерашца, оцу харжамашкахь хIинца волчу президентана Путин Владимирна кхаьчна 87% кхаьжнаш – пачхьалкхехь хIинццалц дIабаьхьначу харжамел а лаккхара бу и гайтам.

Нохчийчохь хиллачу харжамашкахь наха кхаьжнаш тасар рекорде хилла ца Iаш – 97% сов йара, боху, жамIаш а цхьаьна хилла рекорде. Iедалхоша чIагIдарехь, кхузахь Путинна 98,99% харжамхойн кхаьжнаш кхаьчна. ШолгIачу меттигехь вара гIийлачу 0,5 процентаца ЛДПР-н лидер Слуцкий Леонид.

Харжамхойн бакъонаш Iалашйечу "Аз" боламан карти тIе цхьа хаам кхечира Нохчийчуьра: Шела кIоштара анониман авторо хаамбинера харжамашкахь "фальсификацеш" лелорах. Хьалхарчу дийнахь кхузза кхаж тасийтира шега бохура цо, кеп-кепарчу дакъошкахь, шолгIачу дийнахь – кхин а деа декъехь. Оцу кепара кхаьжнаш тийса бахархой микроавтобусашкахь дIасалелабора.

Нохчийчоьнна тIаьхьа йу Къилбаседа Кавказан субъекташлахь ГIебарта-Балкхаройчоь (92,6%), Дагестан (92,112%). Къилбехь Путин Владимирехьа лидер йаьлла Краснодаран кIошт. Цигахь, Iедалхоша бахарехь, цунна кхаьжнаш тесна 92,6% харжамхоша. Къаьсттина оцу регионера кхаьчна харжамхойн каппашкахь харцонаш лелорах алсам хаамаш. Доккхачу декъана, кхузахь бюллетенеш кхийсина, кхаж тосучу декъехь цIе таса а хьийзина, кхаьжнаш чу туьйсучу йаьшкина чу баьццара коьчал а йоьттина. Цул совнах, регионехь лецира харжамийн комитетан декъашхо, мел лахара а цхьа тергамча дIавигира, кхин а цхьаъ балхана йукъара ваьккхира, масех харжамхо полицино лаьцна, шайн декъе дIа а вигинера.

Репрессин низамаш лелаш хиларна, шен цIе къайлайаккха лиъначу гоьваьллачу Оьрсийчоьнан политолого Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь тидам бира, Краснодаран кIоштахь лелийна къаьсттина дукха харцонаш бохуш, ч1аг1дойла йац аьлла. Цо бахарехь, кхинйолчу къилбан регионашка хьаьжча, Къилбаседа Кавказ харжамашкахь "Iаьржа зона" хуьлий йуьссу – цигара хаамаш ца кхочу фальсификацеш лелорах.

Харцонаш лелорах "Аз" боламан карти тIехь билггал цхьа а хаам бацара Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Адыгейра а, ГIалмакхойчуьра а; цхьацца хаам кхечира ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, шиъ – Кхарачой-Чергазийчуьра. Оцу йукъанна Краснодарера 129 латкъам кхечира, йалх – Ставрополера,11- Волгоградан кIоштара.

Репрессеш лелийнехь а, кхерамаш тийсинехь а, йаккхийчу гIаланашкахь, иштта Краснодарехь а, Ростовехь а, Волгоградехь а хIиттийра, Навальный Алексейн агIончаша кхайкхийна "Делкъе Путинна дуьхьал" акцеш. Волгоградера тIамана дуьхьл йолчу "Дозор" боламо дийцарехь, цаьрга йаздора акцийн дуккхаъчу декъашхоша, цхьайолчу дакъошкахь раьгIнаш хIуьттура, амма нах кхоьрура суьрташ, видеош йаха, хIунда аьлча, цигахь ха деш полисхой латтарна.

Дуьхьалончийн акцешкахь дакъалаца бохуш, кхайкхамаш бина хилла Сочира студент а, иштта ХIинжа-ГIалара автомобилан а, некъийн а колледжан хьалхарчу курсера 16 шо долу кIант а кхаа дийнахь-бусий лаьцна витинера.

Белгородан кIоштахь Ичкерин агIончаш

Украинан эскаран Интернационалан легионера нохчийн лаамхоша дIакхайкхийна Белгородан кIоштара йуьртан администраци дIалаьцна аьлла – и нисделира Оьрсийчоьнан дозанашкахь йолчу регионашкахь лаьттахула операци дIахьочу йалхолгIачу дийнахь.

Зазадокху-беттан 15-чохь, "диверсин операцеш" йолорах дIакхайкхийра Ичкерин ша тайпа Iалашонаш кхочушйечу Къаьстинчу батальонан (ОБОН) командиро Ажиев Рустама. Президентан харжамаш дIабахьарца дуьйзира цо и – хьалхо изза дIахьедарца бистхилира "Оьрсийчоьнна маршо" легионехь берш а цхьаьна.

ДIахьедарца цхьаьна йаххьаш къайлайаьхначу тIемалойн суьрташ а даьхна зорбане - царех цхьаболчарна тIехь духар ду Нохчийн Ичкерия республикин ТIеман ницкъийн билгалонашца. Оьрсийчоьнан а, Белгородан кIоштан а байракхаш тIаьхь лаьтта салтий, цхьаннан карахь у ду, Горьковский эвлан администрацин гIишлона тIера схьадаьккхина. Йаржийначу видеохула къаьстина, цу тIехь йерг Гоьрковский эвлара школа хилар, цу чохь йу меттигера администраци а цхьаьна. Украинаца долчу дозана ши чакхарма гергга гена йу и эвла. Видео тIехь мобилан тоба йу, амма тIеман техника цу тIехь гуш йац.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло зазадокху-беттан 16-чохь дIакхайкхийра "мостагIчун техника а, дийна ницкъ а цIе тоьхна эшорах" Белгородан а, Курскан а кIошташкара дозанашкахь йолчу меттигашкахь. Амма шолгIачу дийнахь дIахьедира Козинка эвлара кIошта чугIортар массо а агIор йукъахдаьккхира шаьш аьлла. Горьковский эвлана 30 чакхарма дехьа йу и йурт а.

МостагIчун эшамех лаьцна дIахьедина шина а агIоно. "Оьрсийчоьнна маршо" легионехь дIахаийтира 77 техника хIаллакйарх, цхьа эзар ахэзар гергга эскархочунна зен дарх а. Оьрсийчоьнан тIеман министралло хIокху кIиранчохь дIахьедина мостагIчун агIор 720 стаг верах а, 63 техника хIаллакйарх а, йу царлахь танкаш, ракетийн системаш, бронетранспортераш, артиллери а.

Оцу йукъанна, шина а агIоно дIахьединчу зерех жимахдолу дакъа бен тIечIагIдан аьтто ца кхьачна бозуш боцчу аналитикийн – Украинан агIор тIелеттачу дакъойн зазадокху-беттан 12-чуьра - 18-чу дийне кхаччалц мел лахара а 10 техника хIаллакйина, шайлахь йиъ танк, инженерийн кхо машен, тохарш ден беракема, наггахь бен ца хуьлу инженеран танк а йолуш. Мел кIезиг а йеа техникех йаьлла Оьрсийчоь – йу царлахь доккхачу декъанна бронетранспортераш а, пехотин машенаш а.

"ЧIогIа тамашен акци йу" – тIеман агIор аьлча – бохура Белгородан кIоштахь динчу тIелетарех талламчийн Conflict Intelligence Team тоба вовшахтоьхначу Левиев Руслана: "Вайна цкъачунна гуш дац Оьрсийчоьнан эскарш [Украинера тIемаш бечу меттигашкара] Курскан а, Белгородан а кIошташка ийзош. ХIун нисдина цара [тIелеттачара]? Йезачу шайн техникех а бевлла уьш, кхин дIоггара ког хецна Iаш ма бац уьш, гIоьналлин тIоьрмигаш а халла дIакхачадо царна. Тахана, ши танк а, инженерийн машенаш а бен уьш йацахь а, - Iаламат доккха зен ду и".

"Кхетош-кхион хьехамашца" кхерамаш тийсар

"Нохчийн оьздангаллица а, Iадатца а" лелар доцу меттигера бахархой леха а лоьхуш, “кхетош-кхиоран” белхаш дIахьур бу цаьрца Нохчийчохь. Цунах лаьцна дIахьедина регионехь кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министро, республикан куьйгалхочун воккхаха волчу кIанта, 18-шо долчу Кадыров Ахьмада. Йуьйцурш йу Азехь гIарайевлла Bigo Live а, Likee социалан машанаш, ткъа Facebook, Instagram компани экстремистийн йу аьлла, дIакхайкхийча, уьш мел а йовза йуьйлайелира Оьрсийчохь.

Социалан машанашкахь талламаш дIахьур бу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллин белхалоша. "Низамаш дохийна" билгалбевлачаьрца оцу кепара лела мегар доций дIахоуьйтуш, белхаш дIахьур бу, йаздо регионалан "Грозный-Информ" агенталло а.

Дахначу шарахь социалан машанашкахь мониторинг йар къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а министраллина тIедуьллур ду аьллера. Цу хенахь Нохчийчоьнан бахархошна кхерамаш туьйсуш вистхилира мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан вешин кIант, цуьнан хьехамча Кадыров Хьамзат. Цо чIагIо йира, нохчийн гIиллакхаш цхьана кепехь дохош хIиттийна публикацеш дIайохуьйтар йу ша аьлла. Низамаш дохочаьрца а "оьздангаллехь кхетам луш" къамелдан Iалашо йара цуьнан.

ХIун лорур ду гIиллакх-оьздангалла дохийна аьлла, муха лоьхур йу "нийса йоцу" публикацеш, хьан бийр бу "кхетош-кхиоран болх", оцу цхьана барамехь бен таIзар а дийр дуй бехке бу аьлла хетачарна, дуьйцуш дац.

ЧIирхошна йукъахь маслаIат дар

Нохчийчуьра Куьрчала кIоштан Майртуп эвлара ши доьзал куьйгебахийтина Нохчийчохь, диъ шо хьалха дахаран хьелашца доьзначу бахьанаца стаг верна чIир лаьттара царна йукъахь.

Нохчийн хаамийн г1ирсаша чIагIдарехь, динан дай а, къаной а йукъахьоьвзина маслаIат царна йукъахь дар нисделла. Доьзалш куьйгебохуьйтуш дакъалаьцна, боху, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара Кхеташонан Iеламчас Кадыров Хож-Ахьмада а, Нохчийчуьра муфтийн гIовса Хетиев Ансара а. Волайнхойн агIонан "ницкъ тоьъна бохам бинчунна гечдан", дIахьедина Кадыров Хож-Ахьмада.

Оцу йукъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира шен дуьхьалончашна, чIир йоькхучу Iадатана тIе а тийжаш. ГIуран-баттахь ницкъахошца хиллачу кхеташонехь, "уьш стенггахь белахь а" шена луьйш болу нах дIабаха аьлла кхайкхамбира цо.

Цуьнца цхьаьна Кадыровс жигара кхайкхамаш бо ишта бахархошка чIир йекхар дита деза бохуш. 2011-чу шарахь цунна лерина вовшахтуьйхира цо чIирхой куьйгабахийта Iалашонца леррина комисси. Цу маслаIат дарехь нисбеллачу Нохчийчуьра бахархоща дийцира Маршо Радиога, бертаза Iедалхоша маслаIаташ деш хиларх мостагIаллехь болчу нахана йукъахь.

Сулейманова Седа лачкъор толлуш дац

Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа нохчийн ницкъахоша лачкъийна йигар таллар тIедожош динчу дехаршна жоп делла дац Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратуро а, Талламан комитето а. Доккхачу декъанна 2 098 дIахьедар дахьийтина Оьрсийчоьнан бахархоша Сулеймановех хилларг талла аьлла, хаамбина кризисан СК SOS тобано.

Доллу кехаташ дукха хьолахь дIахьийсадо нохчийн ницкъаллин структурашка, цигара "бехказлонца" жоьпаш догIу, дIахьедина бакъоларйархоша. Дийца дезарг дуьйцуш цкъачунна жоп даийтина дац цхьаьнга а.

Масална, лачкъийначун доттагI йолу Патяева Лена, ша пикете йаларна шозза полисхоша лаьцна хиллера иза, Оьрсийчоьнан президентан урхалле йаьллера. Хилларг талла аьлла тIедожош цо чуделла дIахьедар чоьхьарчу гIуллакхийн министралле хьажийнера, цул тIаьхьа Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалле а. Жоп хIинца а доцуш ду.

Дагадоуьйту, Сулейманова лачкъийна йигина ворхI бутт баьлла, йоIах лаьцна хууш хIума дац гезгамашин-баттера схьа дуьйна. Нохчийчохь йоI йийна хила тарло аьлла информаци кхаьчнера бакъоларйархошка церан хьасташкара. Билггал цунах дерг а, хууш дац.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

XS
SM
MD
LG