ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн пиар: муха дӀахьош йу Нохчийчохь Кавказан инвестицийн форум


Кадыров Рамзан а, "Дом.рф" акционерийн йукъараллийн коьрта директор Мутко Виталий а
Кадыров Рамзан а, "Дом.рф" акционерийн йукъараллийн коьрта директор Мутко Виталий а

Кхаа денна хIоттийна Кавказан инвестицийн форум (КИФ) дӀайолаелла Соьлжа-ГӀалахь, республикашкарчу проекташка инвесторийн шовкъ хилийта лерина йу иза. Ша Нохчийчоь аутсайдер юьсуш ю инвестицеш шена тӀеозош хиларан а, экономика кхиоран а рейтингашкахь дуккха а шерашкахь. Оццу хенахь федералан форум регионан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна персонале пиар ян майда санна кхоьллина йара, билгалдоккху эксперташа.

Пандеми йолайалале Къилбаседанехь коьрта инвестицийн форум йара Сочехь хIоттийна хилам: царах тӀаьххьарниг 2019-чу шарахь дӀаяьхьира. Цул тӀаьхьа дӀайолаелира ковидан эпидеми, тIаккха Украинана дуьхьал буьззина тӀом а бина, форум кхин курортехь дӀа ца яьхьира.

Нагахь санна, Кадыровн гарантех тешаш майра инвестор каравахь а, тӀаккха стенга инвестицеш йан еза цо?

Юьхьанца, 2024-чу шарахь Минеральные Воды гӀалахь дӀайахьа лерина йара КИФ, и дIакхайкхийра Ставрополан Ӏедалша. Соьлжа-гӀалахь дIайахьа форум дехьайаккхарх кхетийра Оьрсийчоьнан вице-премьеро Новак Александра "бизнес-барамаш дӀабахьаран графикца". Хаамийн гӀирсаша тайп-тайпана версиш йовзийтира меттиг хийцаран хьокъехь, шайна юкъахь зазадокху-баттахь Москвана гергарчу "Крокус Сити Холлехь" дина теракт бахьана долуш кхерамзалла ларйар а лоруш. Форум вовшахтоьхначара дийцарехь, хӀора шарахь ницкъаллин структурийн белхахошна тӀемалой бу аьлла хетачу наха тӀелатарш дар дӀайаздеш йолу Нохчийчоь, мел а кхерамазалле хетта.

Нохчийчуьрчу пачхьалкхан хаамийн гӀирсаша дIакхайкхийра, цу форумехь дакъалоцуш 51 пачхьалкхан векалш бу, шайна юкъахь Китай а, Цхьаьнатоьхна Ӏаьрбийн Эмираташ а, БахӀрейн а йолуш аьлла. ДIахьедина ма-хиллара, верриг а Соьлжа-гӀала веара виъ эзар гергга Ӏедалан а, бизнесан а векалш, ткъа кхаа дийнахь 70 сов бертан кехаташна куьйгаш йаздан лерина бу.

Форуман хьалхарчу дийнахь Кадыров Рамзана, федералан хьаькамашна юкъахь вистхуьлуш, бехк баьккхира финансийн министраллан куьйгалхочун Силуанов Антонан, республикехь "Оьрсийчоьнан турпалхошна" дӀадала Москвара кхочуш ахча ца хиларна: "Массарна а хета, пачхьалкхо тхуна дуккха а ахча ло. Нах кхеторхьама, оха итт-итт эзар ахчанаш делира бюджетера Оьрсийчоьнан Турпалхошна. Господин Силуановс тхуна дихкина ахча далар, Цо официалехь кехат дахьийтинера аша и 10 эзар соьмаш Оьрсийчоьнан Турпалхошна дӀа ма ло аьлла. Иштта бу уьш регионашкапра бюджеташца, къаьсттина Нохчийчоьнца, ткъа массарна а моьтту шена ма-дезза ахча кхочу Нохчийчоьнна", - элира Кадыровс.

Рейтингийн аутсайдер

Минводехь хIотттон лерина хилла форум Соьлжа-ГIала дIахьош республика "уггаре а безаме йолчу субъектех цхьаъ а", "къоман инвестицийн климатан рейтинган лидер" а йу элира. Баккъалла а, 2024-чу шарна стратегин инициативийн пачхьалкхан агенталло хӀоттийначу рейтингехь Нохчийчоь йара ворхӀалгӀачу меттехь, Краснодаран мехкана нийсса тӀаьхьа а юьсуш. Оцу йукъанна хьалхалерчу шерийн рейтингехь иза йанне а йац. Авторша цхьа а объективан хаамаш ца ло цуьнан инвестицийн климат цIеххьана тойелла хилар гойтуш.

Кадыровн Нохчийчу вогIу муьлхха а инвестор доллучух а вала тарло

"Эксперт" агенталло бинчу хаамца, инвестицеш шена тӀеозош уггар а лахара йу Нохчийчоь а, кхин а цхьа могӀа Къилбаседа Кавказан республикаш а. 2023-чу шарахь зорбане баьккхинчу талламехь билгалдаьккхира, инвесторшна мехала болчу хаамийн барамца республика тӀаьххьарчу меттехь хилар. И мах хадоран кхечу бахьанашца цхьаьна авторша билгалдаьккхира бахархойн кредитан декхарш лакхара хилар. Чуваши а, ГӀалмакхойчоь а кхайкхийра аутсайдерш.

Москварчу пачхьалкхан университетан экономикан факультето а, Къоман рейтинган агенталло а кечбинчу талламехь Нохчийчоьно 85 меттигах дӀалаьцна 75-гӀа меттиг (иштта тидаме эцна аннекси йина ГӀирма а, Севастополь а. - Ред.билгалдаккхар).

2022-чу шарахь Кадыровс эмоцин кепехь дийцира, ша хьалха "къаьстина Ичкери йан ойла йира" ша, амма хӀинца кхета, Москвара ахча ца хилча, республика "кхаа батте а йер йацара".

Гаранти йоцуш инвестицеш йар

Соьлжа-ГӀалахь инвестицийн форум хӀоттор – Минводера цига и формум дIайахьар дехначу Кадыровн йеккъа цӀена пиар-кампани йу. Иштта ойла хилира нохчийн бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран. Цо дагадоуьйту, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуккха а шераш ду республике баккхий инвесторш, шайлахь арахьара инвесторш а болуш, ийзорах лаьцна дуьйцуш долу. Масала, "Грозный-Сити" цӀе йолчу лекха гIишлошна а, "Ахьмад-БӀовна" а бюджетан ахчанах цхьа кепек а ца йоьхкина аьлла, хаам бира Ӏедалхоша.

"Оцу проекташца дерг вуно къайлах дара, цIена а дацара. Муьлхха а Кадыровн Нохчийчу вогӀуш волу инвестор шен мел долчух вала тарлуш ву. Кхечу регионашка яккхий бизнесаш хьош хилча, царна цхьа шатайпа федералан гарантеш хила йиш ю, амма Нохчийчохь уьш лелаш яц. Долара бахам ларбар адамийн бакъонашна герггахь ду, Iазапаш латточу хьелашкахь йа иза а, йа важа а, хила йиш йац", - бохура къамелдечо.

Янгулбаевс карладаьккхира, Соьлжа-ГӀалахь муьлхха а баккхий барамаш хIитточу заманчохь некъаш дIакъуьйлуш, меттигерчу бахархошна цуо кхин а халонаш кхуллуш хилар. Масала, КИФ йолалучу деношкахь тӀеман техникаца дозанаш деттара гӀалин юккъехь.

Оппозицин нохчийн телеграм-каналаша хаамбира, республикехь форум йолаялале тешаме бац аьлла ницкъахойн шеконаш тусайелла нах леца болийра аьлла. 30 сов стаг лачкъийна, шайлахь кхиазхой а болуш, яздиа 1АДАТ канало. Теркайистан кIоштахь а, Солжа-ГIалин гонашкахь а нах лечкъорах хаам бира NIYSO телеграм-канало а. Форум йолаеллачу хьалхарчу дийнахь хаамаш кхочура, интернет ловзош йара аьлла.

"Муьлхха а нохчийн Ӏедало пайдехьа бу аьлла дӀакхайкхийна хилам дукха хьолахь зене боьрзу Иза дукха хьолахь Кадыровн гонера пиар а, блеф а ю, ткъа инвестицийн олу бертан дийцарш "Iалашонийн" муьре дерзахь а, коррупцица а, ахчанца а доьзна хуьлу", - аьлла, дерзийра шен къамел бакъонашларъярхочо

ХIара пиар а, блеф а йу, ткъа инвестицийн олу бертан дийцарш "Iалашонийн" муьре дерзахь а, коррупцица а, ахчанца а доьзна хуьлу

Репрессиван низамаш бахьана долуш шен цӀе ца яккха луучу Оьрсийчоьнан аналитико билгалдоккху, Сочера а, Соьлжа-ГӀалара а форумаш дукха чIогIа къаьсташ хуьлу статусца а, инвестицеш шена тӀейерзо бакъйолу таронаш хиларца а.

"Шеконе ду, Оьрсийчоьнан бизнесо Къилбаседа Кавказехь инвестицеш йийр йу бохург, цигахь дуккха а хӀума тайпанех дозуш ду, ткъа муьлхха а бохург санна хаттар дӀанисдан лакхарчу тӀегӀанера зӀенаш лело йеза. Хета тарло, Ӏаьрбийн махкара а, Африкера а компанешна атта хир ду цуьнца аьлла: цаьрца йолу юкъаметтигаш Кремлан тӀегӀанехь Ӏуналла деш латтош йу, кхузахь, мелхо а, ша Кадыров кийча хир ву церан проекташна инвестицеш ян, Путинна ша пайде хилар гайтархьама а, йуха а ша шена пиар йархьама а" - билгалдоккху аналитико.

КИФ Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шен пиарх тера ю, бохуш, реза хилира "Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхо, экономист Жаворонков Сергей.

"Муьлха бизнес хила йиш йу Нохчийчохь?Муьлха сурсаташ арахоьцу цигахь? Вайна даим а хезаш ду мехкадаьтта даккхарх, иза а дукха хан йу лахделла. Кадыровн гарантех тешаш майра инвестор каравахь а, тӀаккха мичахь инвестицеш йан еза цо?" – дерзадо къамелхочо.

  • 2023-чу шарахь пайда хиллачу Нохчийчоьнан уггаре а йаккхийчу итт компанех йалх – дӀайаккха новкъайаьлла йу: дуккха а миллиардаш долларшкахь ахча ловзочу фирмийн социалан машанашкахь сайташ а, аккаунташ а йац. Ткъа уьш йехкинарш, схьайиллинарш юкъараллин боцу меттигера бахархой бу. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу нахаца йоьзначу, ахча даккхаран схемех лаьцна дукха хан йоццуш йаздина дара "Проектан" талламехь. "Кавказ.Реалиин" редакцино къамел дира регионерчу бюджетан ахчанаш схьаоьцуш дакъалаьцначу цхьаьнца.
  • Нохчийчоь аутсайдер юьсуш ю белхазаллица а, банкроташца, хьехархойн алапашца, пенсешца, барамца а, банкашкахь дуьллучу ахчанан барамца а, бахархойн Iер-дахаран хьолаца а.
  • 2017-чу шеран дечкен-баттахь Магнитскийн санкцийн тептарна йукъа вахийтира Ӏамеркан финансийн урхалло Нохчийчоьнан куьйгалхо. Департаменто жоьпе озийра иза кхел йоцуш нах байарна а, гӀело йарна а, кхин долу дуьненаюкъара къобалйина адамийн бакъонаш къиза а, хIоразза а йохорна а. 2020-чу шарахь Ӏамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто Кадыровна дуьхьал кхайкхийна санкцеш шорйира, цуьнан хӀусамнана Медни а, йоӀарий Ӏайшат а, Хадижат а юкъа а йазбеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG