ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КадыровгIар Iедалехь чIагIбалар. КIиранан жамIаш


КадыровгIар: Хьамзат, Iайшат, Ахьмад
КадыровгIар: Хьамзат, Iайшат, Ахьмад

Нохчийчохь дIайаьхьначу рейдашкахь лецначарех цхьаъ кхелхина, мехкан Iедал чIагIдина Кадыровс даржашка шен нах хIиттош, цIера йеддачу нохчийн йоьIан дас ша иза кхин дIа а лоьхур йу аьлла – цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион 64-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Полисхоша лецначех цхьаъ велла Нохчийчохь

Нохчийчохь полицин декъехь гIело хьегийтина меттигера вахархо Магомадов Iабдулла велла. Цунах лаьцна хаамбира Кадыров Рамзанан критикаша - оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос а, иштта IADAT, NIYSO телеграм-каналийн жигархоша а. Церан хаамашца, стигалкъекъа-бутт йуккъе баьллачу хенахь массанхьа а д1айаьхьначу рейдашкахь лецначех цхьаъ вара Магомадов.

Бахьана дара, боху, хIетахь, машенан номерийн метта "Дустум" йаздина, неIарш тIе "К13" йоза долу "Лада-Нива" машен цхьана вевзаш воцчу стага йагош йаьккхина, видео. "Дустум" цIе лелийна Кадыров Рамзана цхьана заманчохь, хIинца цуьнан кIанта Адама лелош йу и.

Машен йагийначул тIаьхьа иттаннашкахь нах лийцира. Йуьхьанца цунах лаьцна хаамаш зорбане бехира изза нохчийн оппозицин телеграм-каналаша, цул тIаьхьа и бакъдира "Мемориал" центро а. Бакъонашларйархойн хаамашца, рейдаш дIахьочу хенахь махкара тайп-тайпанчу кIошташкахь меттигера 90 ца кхоччуш вахархо лецира. Къаьсттина дукха лецнера Йоккхачу АтагIахь – цIе тасарна бехке ву бохучу Эльмурзаев Сайф-Исламан доьзалера. Цуьнан цIийнах болу 50 гергга нах дIабигинера кадыровхоша, нана а, доьзалхочух йолу йиша а цхьаьна. ТIаьхьо Сайф-Исламан гергарчара (хетарехь, бертаза) дохкобовларх видео дIайазйинера.

Веллачу Магомадов Iабдуллин ЭльмурзаевгIеран доьзалца уьйраш хиллий хууш дац. Схьахетарехь, кхинберш а санна, иза а лачкъийна хилла, кадыровхоша Соьлжа-ГIалахь машен йагорна бехкелеринчу нахаца цхьаьна чатехь хилла ву аьлла. Нохчийчоьнан урхалхочун критикаша чIагIдарехь, 30 шо хилла Магомадовн, Шелахь Iаш хилла иза, цу тIе заьIапхо а вара боху. Стигалкъекъа-беттан 18-чохь тIехь ток йеттийтина ларашца цуьнан дакъа гергарчу нахе дIаделлера, дог сецна велла иза аьлла, кхета а беш.

Махкахь рейдаш дIахьочу заманчохь дуккха а нах лечкъийна бигарх дуьйцуш дац Нохчийчоьнан Iедалхоша. Цунах лаьцна йина комментарий йац йа Кремло а.

Кадыровн нах даржашкахь лакхабаьхна

Кху кIиранах Нохчийчоьнан урхалхочо дIакхайкхийна мехкан куьйгаллехь бинчу хийцамех лаьцна. Керла даржаш кхаьчна иштта цуьнан гергарчу нахана а. Доккхачу декъана, кегийрхойн гIуллакхашкахула министран гIентахь кхо бутт баьккхина цуьнан 18 шо долу кIант Ахьмад спортан министр хIоттийна.

Хьалхо оцу даржехь хилла Ибрагимов Iийса (КадыровгIеран цIийнах ву иза а) Нохчийчоьнан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун гIовс хIоттийна. Кегийрхойн министраллин куьйгалла дийр ду тIейогIучу хенахь 20 шо долчу Висмурадов Рамзана. Кадыров Рамзанан йоI Кадырова Табарик йу цуьнгахь марехь. ХIара хийцамаш бале, йалх шарахь гергга шегахь лаьттина дарж охьадиллира премьер-министро Хучиев Муслима. Карарчу заманчохь цуьнан декхарш кхочушдеш ву Тумхаджиев Iийса, Кадыров Рамзанан кхин цхьа нуц.

Оьрсийчоьнан низамаша магош дац пачхьалкхан даржашка гергарнаш хIиттон, амма бакъ ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочо цу кепара тоьхна дозанаш тергал ца ден дуьххьара дац. Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата бахарехь, махкара Iедалехь хийцамаш бар доьзна хила тарло Кадыровн могушалла талхарца – шен клан чIагIйан хьийзаш ву иза, тIаьхьа Iедал берашкахь дита:

"Вайна гуш ду, кху хьолехь, Кадыровн рожана цхьа леррина альтернатива лоьхучу хенахь, (кхин дIа мехкан урхалла дан цуьнан могушалла ца хиларна), Кадыров шен ма-хуьллу дIагайта хьийза, шен доьзалхой республикин куьйгалла далур долуш бу, оьшу хан тIекхаьчначул тIаьхьа, дIагайта хьийза иштта шен клан а гунахь хилар урхалла дан мехкан. Реза вац иза, республикана тIехь урхалла дар генарчу гергарчу нахе дала а, тарло шен деваша [Кадыров Мохьмад] регент санна вита, ткъа вуьшта иза тешна ву, шен берашка "эстафета" кховдон таро хир йу шен аьлла. Цундела гуш ду вайн белхан карьерехь и нах хьалхатеттар".

Лакхарчу даржашкахь болчу Кадыров Рамзанан гергарчара цIархазмана кхочушдо декхарш, церан метта белхаш бо гIовсаша а, церан куьйгакIел болчара а – корматалла йолчу нехан къоьлла йу Нохчийчохь, элира редакцига антикоррупцин коммерцица йоьзна йоцчу "Transparency International – Оьрсийчоь" организацин куьйгалхочо Шуманов Ильяс. Оцу йукъанна, къамелдийриг реза хилира, Кадыровн кланера нах хIитторан коьрта Iалашо – Iедал тIаьхьарчу тIаьхьене дIакховдор ду бохучунна.

"Сан олийла дац, Нохчийчоьнан республикин Iедалхой- и цхьа жимма а лартIахьчу системех тера йолу урхаллин организаци йу. Нохчийн Республикин Iедалхой Оьрсийчоьнан пачхьалкхан урхаллин системин принципашца лелаш цахиларца, цхьа шахьар санна лаьта и. Федералан центро махкана тIехь латтош контроль цахиларца доьзна ду и, ницкъаллин блокана тIехь а санна, республикера финансашна а, экономикана а, заводашна а, иштта идеологин, динан, кхечу аспекташна а тIехь формалехь латтош йу терго. Цундела Нохчийчоьне, Оьрсийчоьнан Федерацин субъекте санна хьийса деза, Оьрсийчоьнан Федерацин цхьа а низамаш лардеш йоцу. Оцу агIор аьлча, Конституцихь йаздина ма-хиллара, йа Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь санна дIахIоттийна хуьлийла дац Нохчийчохь Iедалхой вовшахтохаран система. ХIунда? ХIунда аьлча, Нохчийчуьра Iедал вовшахтохаран принципаш дукха тера йу Iарбойн Эмираташкахь, йа кхечу султанаташкахь йолчех, цигахь Iедалан мукъ кар-кара ло. Кадыров Рамзан а хьийза изза кеп ша волчахь а дIахIоттон".

Спортан министр хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун воI Кадыров Ахьмад пачхьалкхан даржашкахь ву шен 16 шо кхаьчча схьа дуьйна. Стохка бIаьста Кремлехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIеийцира иза, тIаьхьо официалан хьашташца Азербайджане вахара, цул совнах, Оьрсийчоьнан делегацин декъехь климат хийцарехула йолчу ООН-н конференци а кхечира иза. Ханна иза жима велахь а, шен ден метта хIоттон тарлучех ву Кадыров Ахьмад олу Кавказ йевзачу политологаша а, аналитикаша а.

Къастош соцур йу со Нохчийчоьнан куьйгалхочо кегийрхойн гIуллакхийн министр шен 20 шо долу нуц Висмурадов Рамзан хIоттош бинчу сацамна тIехь. Цуьнан да Висмурадов Абузайд а ву республикера Iедалхойн могIарехь – ницкъаллин блокехула хьалхара вице-премьер ву иза, цу тIе цо куьйгалла до лерринчу "Ахмат" тобанан а. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Висмурадов-воккхахверг вара охан-баттахь Дагестанехь лаьцна орцан министраллин куьйгалхо Цакаев Алихан к1елхаьараваккха веанарг а . Цакаев а ву Кадыровн герггарчу гонера стаг. Ткъа хIинца Висмурадовн кIантана дуьххьара кхаьчна министран дарж.

Шен Iедалехь хийцамаш бинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Кремлехь Путинца цхьаьнакхийтира, Кадыровн клан Iедалехь латторан мах элира цо шалха маьIна доцчу кепехь. Дош делира, президентан "омра ма-кхоччура" масех иттаннашкахь эзарнаш нохчий Украинера тIамтIе бохуьйтур бу ша аьлла.

Заурбекова Лиян дас дош делла йоI лохур йу аьлла

Доьзалехь ницкъбора шена аьлла йедда 19 шо долу Заурбекова Лия дозанал арахьа а лоьхур йолуш йу цуьнан цIийнах болчу баккхийчара. Цунах лаьцна дIахьедина йоьIан дас Заурбеков Беслана.

Заурбековн версица, Лия цIера йедда, кхечу къомах, динах волу стаг везаваларна – доьзало цуьнга йаха пурба лур ду, нагахь санна, оцу стага бусалба дин тIеэцахь. Шен йоI Iехийна, тилкхазйаьккхина жима стаг схьа а лехна, цунна таIзар дийр ду ша аьлла йеддачун дас.

"Лия оха цхьаммо а дIайахийтина йац. И дIа ца йахийта, дерриг а деш дара, амма хIетте а цуьнан аьтто хилла йада. Со шена мостагI волуш санна къаьхкина, хIинца сох лечкъаш лелаш йу. Цкъачунна цуьнца зIе таса ницкъ ца кхаьчна тхан. Амма иза лоьхучуьра совцур дац тхо", - аьллачу Бесланан дешнаш далийна "Регнум" агенталло.

Цо иштта бакъ ца до йоIехь бала латтор – дена хетарехь, "бух боцуш бакъонашларйархоша кхоьллина хIума ду и, доьзал бехбеш".

Шозза видео дIайазйира хьалхо Заурбекова Лияс, цу тIехь цо билгалдаьккхира, цIера шен лаамехь, ша дечух кхета а кхеташ дIайахара ша аьлла. Ша ма леха, кхерамзаллехь йу ша аьлла дехар дира цо, дийцира йетташ, кхерамаш туьйсуш цIахь болчара ша хьийзорах а. ЙоIа бахарехь, гергарчу наха ша йерна кхоьруш хиллера иза.

Шайн кхиазхо йолу йоI лахахьара аьлла да-нана полици даьллера, амма хьалха шайна схьакарийна хиллера царна йоI. Стигалкъекъа-беттан 16-чохь, ша лечкъаш хиллачу Москвара хIусамна хьалха шен нах гича, Заурбековас полици кхайкхинера. ЙоьIан наха го бинера полицин декъана, чувоьдийла а дIалаьцнера, йоI шайга схьало бохуш. Бакъонашларйархой кхоьрура, нагахь санна, Заурбекова цуьнан дега-нене дIалахь, иза бертаза Нохчийчу дIайуьгар йу, цигахь йен тарло иза бохуш. Делахь а, Заурбекова Лиян аьтто хилира Орсийчуьра а д1айаха. Ша кхерамзаллехь нсйеллачул т1аьхьа видео д1айазйира цо, ша ма леха, шен лаамехь ц1ера д1айахана йу ша аьлла.

43,5 эзар стаг тIаме вахана Нохчийчуьра, 28 эзар –"лаамхо" ву

2022-чу шеран чиллан-баттера схьа дуьйна Украинана дуьхьал болийначу тIаме махкара 43,5 эзар стаг хьажийна аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Царех 8 эзар стаг – Гуьмсера "спецназан университетехь" кечбина лаамхой олурш бу боху.

Москвахь президентаца Путин Владимирца хиллачу цхаьнакхетарехь дIахьедина иштта Кадыровс. Резервехь латтош волу республикера кхин а масех иттаннашкахь эскархой тIаме бахийта кийча ву ша аьлла Путинан омра дарца.

Кадыровс дIакхайкхийна зераш талла аьтто бац. ТIаьххьарчу баттахь масийттаза дIахьедира цо Нохчийчуьра Украине керла тобанаш хьовсорах – тIаьххьара, стигалкъекъа-беттан 21-чохь бинчу хаамца, 50 гергга ву "лаамхо" олург.

Царех цхьаберш дуьххьара тIамтIе бахана бац – нохчийн Iедалхойн статистика йукъахь йух-йуха бахийтинарш буй а, хууш дац.

Украине тIамаца чугIоьртинчул тIаьхьа масийттаза хаамаш кхочура республикера, бертаза тIамтIе хийсабо оппозиционерийн гергарнаш, наркотикаш лелораш, къаьркъа молуш хаабелларш, шайггара дуьхьал доху бехзуламан гIуллакхаш тIелеца дуьхьал хилла лечкъийна кегийнах бохуш. Бара царлахь хIинццалц болх, алапа, таронаш латторна "декхар такха" аьлла, лаамза цига бахийта арабаьхна эскархой а.

Кавказ.Реалиин редакцина хууш ду Украинехь веллачу Нохчийчуьра 269 вахархочух, и терахь масийттаза лахара ду официалехь Iедалхоша дIакхайкхийначул а.

Цул совнах, регионан куьйгалхочо хаамбира 1,7 эзар гергга машен а, 6 эзар ца кхоччуш дрон а эцна шаьш аьлла. Цо бахарехь, денна Нохчийчоьно оьцуш йу100 гергга квадрокоптерш. Уьш оьцуш йу Кадыров Ахьмадан цIарахчу йукъараллин фондан чоьтах, дерриг а Нохчийчоьно тIамана дайинарг 32 сов миллиард сом ду боху – официалехь фондан оццул ахчанаш дац.

ХIара кхолагIа шо а ду организацино шайн фонде дохкуш ахчанаш дац, йа шайна луш сагIа а дац боху.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
  • Audio
XS
SM
MD
LG