ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Никъабаш йихки, нах лечкъий, Кадыровн вешин кIантана дарж дели. КIиранан жамIаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Никъабаш лелор ханна Дагестанехь дехкар, Нохчийчохь шен гергарнаш лачкъийна бигарх оппозицин блогеро Халитов Хьасанан дIахьедар, Кадыровн вешин кIентан керла дарж – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 70-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Никъабаш йехкар

Оьрсийчохь йуха а дийца даьккхина никъаб лелорах лаьцна. Никъабашна дуьхьал вистхилла Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр, ткъа Дагестанан муфтиято хIинцале а ханна дихкина и лелор.

Никъабех лаьцна дийцарш марсадевлира ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а тIелатарш динчул тIаьхьа Таламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра "катоьхна" никъаб йехка йеза аларца. Талламан комитетан куьйгалхочо йемал дира ислам а, мухIажарш а, Оьрсийчоьнан дозана тIе "исламан терроран байракх йеана" аьлла, цундела пачхьалкхан думехь катоьхна низам тIеэца деза никъабех лаьцна, "чукхоьхьучу адамашна тIехь" терго латтон.

Оцу дешнийн тидам бира Нохчйчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана. Исламах лаьцна айхьа дуьйцуш "ларлуш хила" элира цо, иштта дIахьедира, цхьана могIаре ма хIиттаде бусалба дин а, террор а, хIунда аьлча, теракташ йийраш бусалба нах бац, "карзахе фанатикаш а, шайтIанаш а" ду аьлла, тIетуьйхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Оцу кепара вистхилира Дагестанан куьйгалхо Меликов Сергей а, никъабашца терроризман билгалонаш ган гIортар "челакха" а, "кхераме" а хIума ду бохура цо.

Оцу йукъанна цо ша а элира никъабашна дуьзьал ву ша, амма, бохура, шен позици динца йоьзна йац, кхерамзаллица йу аьлла.

Бастрыкин вистхиллачул тIаьхьа жигара йелира Дагестанан муфтият. Муфтийс Абдулаев Ахьмада мангал-беттан 1-чохь дIахьедира динан урхалло гергарчу хенахь фатва ду арахоьцуш, никъабаш йоьхкуш аьлла. Делахь а фатвийн декъана эххар а ца гира "кхачам боллуш бахьанаш никъаб массанхьа а йоьхкуш" сацам тIеэца. Амма товбеца-беттан 3-чу дийнахь муфтиято, фатва а ца деш, никъаб ханна йихкира. Дагестанан муфтийн гIовса Салимов Iабдуллас дийцира, доза тохар лаьттар ду "гучубевлла кхерамаш дIабаххалц а, Iеламчаша керла жамI" даллалц а аьлла.

Оьрсийчохь ксенофобин тIегIа лакхара хилар тидаме эцча, никъаб цхьана хIумана тIехьехар санна тIеоьцу, бохура "Марем" кризисан тобанан куьйгалхочо Анохина Светланас: "Цхьана цIенчу бехчалге санна хьоьжу никъабе. ДагадогIу суна, 2000-чу шерашкахь Iаьржа хьиджабаш йоьхна зудабераш йукъарчу транспорта тIера охьадохура терроризм санна лорура и хIума. Амма, хIунда до оцу кепара дIахьедапрш лаккхарчу даржхоша, стена до ишта дIахьедар Бастрыкина, цунах лаьцна муфтийс дийца стенна долийна? Муфтийца дерг-м къаьсташ дара, иза чIогIа воьзна ву пачхьалкхаца, иза ша-ма варра пачхьалкхехьа институци йу, пачхьалкхан гIоьнца бен иза оццул дукха хIинцалерачу хотIехь вуьсур а вацара. Вахабисташ олучаьрца тIом беш а, чIогIа тIера вара иза пачхьалкхана оцу доллучо а талламаш бойтура салафитийн ду бохучу маьждигашкахь".

Оцу йукъанна, хIара подкаст оха дIайазйечу заманчохь дуьйцура, ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а динчу тIелатаршца доьзна Дагестанан кхин а кхо вахархо лацарх. Царах шеконаш йу церан тIемалошца уьйраш хилла аьлла, церан хьокъехь бехкзуламан гIуллакхаш долийна терроризмана а, бакъо йоцуш герз лелорна а бехкевина.

Халитовн гергарнаш лечкъина бигина

Республикехь шен да а, ши ваша а лачкъийна хиларх дӀахаийтина махкал арахьа вехачу нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана. Иза кхоьру Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана царна дуьхьал репрессеш йан тарлуш хиларна.

Халитовс дийцарехь, мангал-беттан 28-чохь лачкъийна бигина цуьнан гергарнаш. Блогеран да вайна Закан-Юьртахь шен хӀусамера араваьлча; вежарий къамел дан кхайкхинера Соьлжа-ГIала, амма хӀетахь дуьйна цаьрца а зӀе ца хилла.

Хилларг Халитовс дузу дукха хан йоццуш ша Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоӀаца республикера бахархой лечкъорх лаьцна къамел дан гӀортарца.

"Дождь" телекалана ишта дийцира блогеро: "Уьш байна, мангал-беттан 28-чу дийнера схьа дуьйна царех лаьцна хууш хIума дац. Нохчийчохь цхьаммо зулам дахь, ша цуьнан нах лечкъор бу, бойур бу – деваша а, ваша а, да а аьлла, дукха хан йоццуш Кадыровс динчу дIахьедарца доьзна ду аьлла хета суна хIара", - элира Халитовс.

Нохчийчоьнан Ӏедалша а, меттигерчу низамхоша а комментарий ца йо Халитовс шен гергарнаш лечкъорх лаьцна динчу дӀахьедаршна.

Кхерамзаллин Кхеташонан керла хьаькам – Кадыровн вешин кIант

ХIинццалцсхьа шен гIоьнча лаьттина вешин кIант Кадыров Хьамзат хӀоттийна Кадыров Рамзана мехкан Кхерамзаллин Кхеташонан секретаран дарже. Оцу гIентахь хIинццалц схьа вара Нохчийчоьнан куьйгалхочун девешин кӀант Ибрагимов Турпал-Ӏали – хӀинца цо куьйгалла дийр ду Шела кӀоштан администрацин.

2004-чу шарахь кхелхинчу Кадыров Рамзанан воккхахволчу вешин Зелимханан кӀант ву 27 шо долу Кадыров Хьамзат. ТIаьххьара хан кхаччалц республикан куьйгалхочун кхерамзаллин блокехь гӀоьнча а, бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министран гӀовсан а даржехь вара иза. Кхин а хьалха Нохчийчоьнан физкультуран а, спортан а, кегийрхойн политикан а министр вара, ткъа 2021-чу шарахь цу даржехь цуьнан метта хӀоьттира Ибрагимов Турпал-Ӏела.

Ибрагимов Турпал-Ӏела - Шела кӀоштара Гермачига эвлара ву, цуьнан нана Кадыров Рамзанан ненан йиша ларалуш йу. Тоххара хилла ву иза Шела кӀоштан администрацин коьртехь, цул тӀаьхьа 2021-чу шеран зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун а, Ӏедалан а администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс хӀоттийра иза. Ткъа масех бутт баьлча спортан министран дарже ваьккхира, цул тӀаьхьа бахаман а, лаьттан юкъаметтигийн а министр вара. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан коьрте хIоттийнера.

Нохчийчохь регионан куьйгаллехь лаккхарчу даржашка хӀиттош бу иттаннаш республикан куьйгалхочун гергарнаш. Карарчу хенахь кӀоштан Ӏедалера 23 даржех йалх дӀалаьцна Кадыровн бераша а, невцарша а, кхин а 5 кхечу гергарчара йа юьртахоша.

ТаIзар дина нохчо доьзална гергарчу набахте сехьа ца воккху

Нохчийчуьра бехкевинчу Дахтаев Iалбекана, кхело бина сацам боллушехь а, бакъо ца ло шен доьзал бехачу меттигна гергарчу колоне дехьаваккха. Цунах лаьцна хаам бина "Бахархошна гIо латтор" цӀе йолчу бакъонашларъяран комитето.

Дахтаевс хьалхо масийттазза хаам бира Оьрсийчоьнан ФСИН-ан хьукматашкахь ша хьийзош хиларх а, Ӏаткъам барх а, ишта бусалба динца доьзначу бахьанашца а цхьаьна. 2021-гӀа шо тӀекхаччалц Мурманскан кӀоштарчу номер 17 йолчу колонихь латтийра иза, цул тӀаьхьа Владимирский централ олучу йуккъерчу набахте дехьаваьккхира.

2022-чу шеран гIуран-баттахь Москварчу Замоскворецкан кхело низамехь дац аьлла дӀакхайкхийра Дахтаев Нохчийчоьнна гергарчу колоне дехьаваккха ФСИН реза ца хилар. Урхалло ца къевсира и сацам, и ницкъе бирзира 2023-чу шеран дечкен-баттахь. Делахь а цкъачунна дехьаваьккхина вац бехкевинарг. Мелхо а, 2024-чу шарахь Дахтаев Мурманскан колоне юхаверзийра, ткъа мангал-баттахь хьайн лаамехь Владимирский централе йуха гIо элира цуьнга. "Оцу кӀоштахь йолу йерриге а бохург санна колонеш йевзаш йу Ӏазап латтон меттигаш санна. Хьуо ирхоллийта хьайн лаамехь корта муьшах чоьхьабаккха алар санна хIума ду и", - дIахьедина бакъоларйархоша.

Кхело бина сацам кхочуш ца бар бахьана долуш, Дахтаевс дӀахьедар дахьийтина Федералан таӀзарш кхочушдаран урхалле, ткъа цуьнан адвокато латкъам бина Коьрта прокуратуре.

Дахтаев Ӏалбекана 2004-чу шарахь 25 шо хан туьйхира, бандиталла лелорна а, стаг верна а, полицин белхахошна тӀелатар дарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а бехке а вина. ТӀаьхьо и хан лахйира 24 шаре кхаччалц.

2018-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело къобалдира Дахтаев Ӏазапехь латтош хилар а, нийсонца кхел йан а, цуьнан шен а, доьзалан а дахар лору а бакъонаш хьешна хилар. ТIаьххьарниг ду - дина таIзар такха даймахкара набахте иза дехьа ца ваккхар.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

XS
SM
MD
LG